Творить и создавать будущее

Творить и создавать будущее

Школьники из Чеченской Республики стали полуфиналистами всероссийского конкурса Диана Магомаева
Делиться знаниями

Делиться знаниями

В школах республики прошла просветительская акция Лалита Дэниева
Мир в книгах

Мир в книгах

Текущий учебный год в республике объявлен Годом чтения Раиса Тимаева
День чеченской женщины

День чеченской женщины

Лалита Дэниева В третье воскресенье сентября в республике традиционно отметили один из самых любимых праздников нашего народа – День чеченской женщины.
Творить и создавать будущее
Творить и создавать будущее
Делиться знаниями
Делиться знаниями
Мир в книгах
Мир в книгах
День чеченской женщины
День чеченской женщины

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца нийса а догIуш, вайн республикехь хIора шарахь а лакхарчу тIегIанехь 25-чу апрелехь даздеш ду Нохчийн метан де. Цуьнца доьзна тахана нохчийн маттехь а, меттан йозанехь а долчу хьолах  лаьцна оха къамел дира Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан коьртачу редакторца, Яздархойн союзан председателан заместительца, Юкъараллин палатин декъашхочуьнца Шамсудинов Бувайсарца.

– Бувайсар, тIекхочуш Нохчийн меттан де ду, иза даккха ма-деззара билгалдаккха кечам беш ю вайн ерриге а республика. Ткъа ахь нохчийн журналистикехь болх бо дукха хан юй?

– Дукха хан а яц ала мегар ду. ТIедогIучу  шарахь 30 шо кхочур ду со дуьххьара кху газете балха эцна. Со сайн 17 шо долуш, школера ваьлча веана кхуза. Цул тIаьхьа дукха хIуманаш хийцаделла. Дукха хиш дIаихна, амма суна иза дерриге а селхана хилча санна хета. Хан Iаламат сиха дIайоьду.

– Суна хетарехь, дукха хан ю иза. Цу юкъана хIун хийцаделла нохчийн меттан йозанан?

- Дукха хIума хийцаделла массо а агIор. Диканиг а, ца оьшуш, совнах дерг а, ца хилча а мегар дерг а, ца хилча йиш йоцург а ду дуккха а тIекхетта а, дIадаьлла а. Ахь мааллара, дикка ойла йича-м 30 шо дуккха а хан ю. ШолгIа тIом сецна, Дала гIазот къобалдойла цуьнан, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас  вайн маттахь арадовлуш долу газеташ а, журналаш а юха а болх бан доладалийтар тIедиллина, болх дIаболон дезча, чIогIа хала дара. Болх бан меттиг яцара, охьахаа гIант, стол, я цхьа а оьшуш болу гIирс а бацара. Газет дина ваьлла, арадаккха дезачу хьоле даьлча, зорбатоха меттиг а ца хуьлий, дукха хьолахь, газет а, журнал а луларчу республикашка дахьа дезара, юха цигара схьадан а, дIасадахьа а некъаш маьрша цахилар бахьана долуш, кхиверг вахийта товш а ца хетий, коьртачу редакторан шен ваха везаш нислора. Юха нохчийн маттахь долу газет я журнал кху республике схьадан а

хала хуьлура, посташкахь  лаьтташ болчу салташна вайн маттахь деша цахаар бахьана долуш, цара латтавора дIа а хIоттавой… Дала мукълахь, и дерриге а ирча хIуманаш тIехьа дисина хIинца. ХIинца и халонаш а яц, болх бан луучунна новкъарло еш адам а дац, нохчийн махкахь нохчийн маттахь газет  арадолуш а ду, кхидIа денна а массо хIума а тIедузуш, тодеш, кхиош болх бар а, кху махкана хьанала къахьегар а хIора нохчичунна шен декхар дуйла хиъчахьана. Цу тIехь вайна

накъосталла деш схьавогIуш нохчийн мотт безаш а, нохчийн мотт буьйцуш а, нохчийн маттахь ойла еш а волу, вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а ву.

– Аш арахоьцуш долу газет дерриге а нохчийн маттахь ду. Ткъа хIинца, вайна хууш махиллара, нохчийн йоза хууш берш а дукха бац, вайн маттахь яздеш болчу белхахошна тIехь хало-м яц шун?

– Бакъду, 1923-чу шарахь дуьйна нохчийн маттахь арадолуш ду «Даймохк», иза инзаре беха некъ а бу, я, ма-дарра аьлча, цхьа оьмар ю. ХIара газет вайн къоман синкхетаман куьзга хилла ца Iаш, къоман меттан цхьа боккха хIоллам, хIара къам дийна, дехаш хиларан коьрта

тоьшалла, паспорт  ду, аьлла а хетта суна.    

 ХIокху газетехула кхуьуш чекхбевлла бу кху махкара гIарабевлла хилла болу, хIинца болуш болу яздархой, поэташ, журналисташ.

ХIокху тIаьхьарчу заманахь кху махкахь хилла тIемаш, бохийна, хьийзийна нах, цара лайна халонаш бахьанехь адамаш жима хердевллера шайн меттан йозанна, хIинца, Дала мукълахь, тIебоьрзуш бу, кхуьуш къона яздархой, журналисташ, поэташ а бу. Оха церан говзарш вайн бахархошна йовзуьйтуш гIуллакхаш а до. Иштта, денна, толуш дIадоьдуш хилча, суна вайн махкахь нохчийн маттахь яздечеран къелла хIуттур ю аьлла а ца хета.

– Нохчийн Республикехь меттан хьокъехь долу и указ арадаьлла шийтта шо кхочуш ду кху шарахь. Цу шийтта шарахь вайн мотт, меттан йоза кхиорехь вайн къоман хилла кхиамаш мел баккхийра бу, аьлла, хета хьуна?

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо и Указ арадаккхале вайн махкахь хилларг а, цул тIаьхьа мел хилларг а дуьстича, баккхийра кхиамаш бу, яьлларг

йоккха хан яцахь а. Амма, со тешна ву и гIуллакх кху тIаьхьарчу шерашкахь шен керлачу гуоне а даьлла, кхин а шера дIагIуриг хиларх.

 Хьалхо кху мехкан муьлххачу ураме ваьлча массо йоза а,

нохчийн маттахь доцург, кхечу дерриге а меттанашкахь яздина хуьлура, амма кху тIаьхьарчу

хенахь хийцалуш ду хьал. Iедалан урхаллаша а шайн цIераш нохчийн матте яьхна, оьрсийчуьнга терра, яртийн, кIоштийн цIераш йовзуьйту билгалонаш а вайн матте йирзина, иштта бахархоша шайн долахь йолчу туьканийн, кхийолчу долаллийн цIераш а ю вайн матте йохуш.

Доккха дика гIуллакх ду иза. КхитIе, вайн тIекхуьучу тIаьхьенашна жимачохь дуьйна шайн мотт марзбаран Iалашонца белхаш бу дешаран министерствос  беш а. Шен хьалхарчу корматаллица нохчийн метан хьехархо хиларе терра, тахана дешаран Iилманан министр волчу Байханов ИсмаьIала а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, инзаредоккха къа ду цу декъехь хьоьгуш. Дела реза хуьлда цунна а.

– Хьо «Даймохк» газетан коьрта редактор хиларал сов, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель а ву. Ткъа Яздархойн союзо хIун болх бу нохчийн мотт кхиорна тIехьажийна беш, Яздархойн союзо нохчийн маттахь книгаш

арахоьций?

-  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тIедилларца Яздархойн союзо беш болу болх тохара СССР йолчу  хенахьлерчул а уьттазза, ткъозза сов бу. Яздархойн союзан председатель волчу Ибрагимов Кантас, нохчийн мотт бахархошна юкъахь баржоран а, шарбаран а Iалашонца, 80 процент книгаш тахана нохчийн маттахь арайохуш ю, иза боккха кхаъ а бу вайн нохчийн маттахь йоза деша луучарна, кхитIе, вайн кху тIаьхьарчу шина тIамо ягийна, дIаяьккхина книгийн фонд тIеюзарна доккха гIуллакх а ду. Ткъа зорбане воккхуш волу автор шарахь 20-35 а хуьлу, царна юкъахь ах сов ала мегар долуш, керла цIераш хуьлу, къона яздархой а бу кхуьуш.  Цара а инзаре дика болх бо нахана юкъахь вайн мотт баржорехь а, йозанан матте нехан безам кхолларехь а. Книгаш язъярал а, уьш араяхарал а совнаха, вайн яздархоша, поэташа дукха болх бу вайн тIекхуьучу тIаьхьенашна мотт, гIиллакхаш, меттан йоза марздарехь беш а. ХIора дийнахь цхьацца цхьаьнакхетарш хуьлу школашкахь а, дешаран кхийолчу заведенешкахь а. Цу гIуллакхо къоман тIаьхьенан синкхетам алсамбоккху, дуьнене хьежар, шен мохк, къам, къоман мотт, йоза дезар шордо.

– Тахана вайн махкахь арайолуш йолчу исбаьхьалин литературехь берашна леринчо хIун меттиг дIалоцу?

– Бераш вайн тIаьхье ю, иза вайн кхане ю. Иза иштта хиларна берийн литература кху махкахь къастийна тIе тидам бахийтина а ю. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь Ибрагимов Кантас ша куьйгалла а деш, Яздархойн союзо берашна лерина ши бIе сов исбаьхьаллин ли-а 90 процент нохчийн маттахь ю. Ара мел яьлла книга вайн махкарчу  школашна, школийн я яртийн, кIоштийн библиотекашна  массо а цхьаьнакхетаршкахь дIалуш а ю.

И гIуллакх иштта даро вайн берийн синкхетам шорбарна а, еш йолу ойла нохчийн маттахь яр марздарна а тIехь доккха накъосталла а дийр ду.

– Дела реза хуьлда, Бувайсар. Хьуна хууш ма-хиллара, кху газетан дешархой школашкахь доьшуш болу вайн кегийрхой бу. Тахана Нохчийн меттан де тIекхочуш, цаьрга хIун аьлла кхайкхам бийр бара ахь?

– Нохчийн къам дийна, дехаш хиларан мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт, – аьлла, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, Дала цуьнан гIазот къобалдойла цуьнна, Дела реза а хуьлда цунна. Нохчийн къоман чIагIо а, коьрта тоьшалла а нохчийн мотт бан а бу. Инзаре доккха маьIна долуш дешнаш ду уьш. Ткъа 25-гIа апрель Нохчийн меттан де ду аьлла, Указ арахецар иза вайн Куьйгалхочо вайн къомана дина доккха, деза совгIат а ду. Дела реза хуьлда цунна!          

 Суна уггаре а хьалха, тIекхочуш долчу кху Нохчийн меттан денца вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан декъалван лаьа! Нохчийн махкара нохчийн маттахь ойла еш волу массо а нохчо декъалван а

лаьа! Ткъа кегийрхошка хIора дийнахь алсамбовлуш нохчийн маттахь ешарца, яздарца, ойла ярца нохчийн меттан йоза, дешар шайна шарде, вайн дерриге а хиндерг, вайн кхане, къоман сирла, кхин а къегина дахар вайн маттехула ду шуна, ала а лаьа. Цу тIехь церан -хIора кIентан, хIора йоьIан – аьтто хуьлийла, кхиамаш совбуьйлийла, уьш кху къоман, мехкан Куьйгалхочун Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан тешаме накъостий хилла дIахIуьттуш, нохчийн маттахь даккхий хаарш

а долуш хуьлийла а лаьа. ТIаккха, вайн кегийрхоша шайн мотт, меттан йоза дика Iамадахь, дуьненан Iилмано бахарехь, кхидолу меттанаш, Iилманаш Iамон, карадерзон царна цхьа а хало а хир яц. Дела реза хуьлда вайна массарна а.

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

Цифровая платформа МСП

 

  • Историческая справедливость +

    Подробнее...
  • Реконструкция улицы Лорсанова +

    Подробнее...
  • Владимир Путин: Ахмат Хаджи Кадыров был уникальным человеком. Порядочным и в высшей степени мужественным +

    Подробнее...
  • Ахмат-Хаджи Кадыров – защитник и вдохновитель нации +

    Подробнее...
  • 1
  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1

Официальные ресурсы

Глава Чеченской Республики

 

Парламент Чеченской Республики

 


ПЛАН ПРОВЕДЕНИЯ ДНЯ ПРАВОВОЙ ПОМОЩИ ДЕТЯМ В 2021 ГОДУ