Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Вай лакхахь хьахийна йолу вистхиларан, волаваларан кепаш шен-шен къоман хотIе хьаьжна хуьлуш йу. Йуьхь-сибатца ца къаставелларг дукха хьолахь къастало цуьнан хотIе хьаьжжина. Масала, охьахаарца хIиндо монголах къасталур ву.

Хьалхарчуьн настарш охьахиъча муьшах йича санна хьаьрчина хуьлу, шолгIачуьн настарш чучча йахана. Бийциначарах Iаьрби къастало, эмкало санна, когаш кIел бехкина царна тIехаарца. Нохчийн хаар а хилла шен кепе дерзийна. ХIинца-м цхьа хьидойн кеп йоцург, массо а караерзийнера вай, амма вайниг йу аьлла билгалйаккха йиш йоцуш, йайъинакх. Пха-Iад йуккъе даьллачу хенара йисна дай охьаховшаран кеп, аьтту коган чоьхьарчу хьоркана тIехиъна, аьрруниг дегIаца гола хьала нисйина. Оцу кепара охьахиъча, хьала гIатта ца оьшуш пха тоха (топ кхосса) сихаллаца аьтто сов хуьлуш хилла.

Ирахь латтаре хьаьвсича а, кхечу къаьмнашца къастамаш бу. Масала, немцойн салти санна пхьогIанахь хIоьттина цхьаъ гича, «могуш воцуш ву иза» олий, Делан минотехь даьржа. Къонаха латтар оьзда лерина, нагахь иза аьрру коган тIе вазвелла, аьттуниг паргIат буьтуш: цуьнан кIажа аьрручуьнан хьорканца нисбеш, когийн буьхьигаш цхьа буй йукъабиллал дIаса тесна хилча. Цу кепара дIахIоьттина волу стаг, хьалха шаьлта-доьхка лелочу хенахь аьрру куьйган боккха пIелг шаьлта, доьхка тосучу лергах тесна, аьтту куьйгаца аьрруниг лаьцна лаьтташ волу стаг кура лерина, йа боьгIна хьокха санна лаьтташ а, латталуш а хилла, йустош чохь йаллийна, урс хьакха араозийначу алашо санна, ша лаьттачохь, йорш а ца деш. Теллича, дуьстича гучудолу, Iилманехь цу латтарх третья позиция олуш хилар а, иза уггаре аргономични хилар а (балетехь шуьйра пайдаоьцу цунах). Иштта дIахIоттаро аьтто бо, ойла ца хьийзош, аьтту когана тIера некъ болон. Нохчийн кхетамехь, стаг зулам эцна араваьлла, йа диканиг ду хьалха дерзийнарг къасторехь иза боккха чулацам болуш карадо. ХIунда аьлча, аьтту ког хьалха боккхуш волавалар, и стаг диканна араваьлла хиларан билгало йу.

ТIема кIел куьйгаш дехкина дIахIоттар къонахчуьнгахь ца товчарах лору (жерочо-м цхьацца шен бен-берса меже гайта дора иза). Ишттачарах ларалуш ду, шалгобарзакъ лелочара хаьнтIе куьйгаш хIоттор. Нагахь санна пIелгаш тIехьа долуш хIоттийча-м, «букъ лозуш ву» — аьлла хетар дара (жерочо-м хитIера йогIуш, шена тIаьхьа безамехь къонаха нисвелча, хи дохьуш кIудал, йа белшаш тIе йуьллий хIоттадора, ха ловзуш гайта (буй бина керайукъ арахьа йолуш хилча, ца йашаран кеп йу). Боьрша ву бохучо уьш хIунда хIиттадо бохучунна тIекхиа йуьхьиг кара ца йогIу, ша, жерочух тарвала гIертар дацахь!

Некъа-новкъахь лелош долу гIиллакхаш а ду лараман тIехь кхолладелла. Масала, новкъахь шиъ нисвелча воккхачунна (духар беркъа долчунна, гIоранца эшна волчунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, гергара йоцчу зудчунна, хьешана, тукхамхочунна (ненахочунна), йа стунцхочунна и.дI.кх.) аьтту aгIo луш ду.

Новкъа воьдуш кхоъ цхьаьнакхеттехь: вай лакхахь хьахийначу ларам бан догIучарна йуккъера меттиг кхачайо. Цуьнан аьтту aгIo кхочу царах уггаре а жимачунна. Иза хьадалчин (посыльный) меттиг ларалуш йу. Хьалхалерчу луьрачу заманашкахь некъан хьовзамаш сих-сиха тIеIитталуш хиларе хьаьжна, лараме волчунна аьтту агIо мелла а чIогIо (карахь герз хиларна), гIора-ницкъаца, доьналлица тоьлла вверг, йуккъерчунна аьрру агIор хIоьттинчун декхар ду, зуламах иза ларварал сов, цхьацца къамелашца воккхахволчуьнан некъ бацбар. Iилманчашна гучудаларехь, аьрру aгIop волчуьнга ладогIа аьтто сов бу.

Новкъа вахар-вар стеган зудчуьнца нисделча цу шиннан дIахIоттаран кеп, йукъарчу гергарлоне хьаьжна нисло. Нагахь санна къонахчуьнца ара йаьлларг (синкъерамехь кIант вистхуьлучу йукъана неIаре вала дезаш долу гергарло делахь) цуьнан йиша, шича-маьхча йелахь, йа хIорш цхьана цIийнан нах белахь (царах тухуш йу хIусаман нана а), иза шеца волчунна ах гIулч тIаьхьа, аьрру агIор хIутту. Оцо массарна а гойту, зударшца верг, царна бехке стаг хилар. Цаьрца лелон догIург цу тIера дIа хуьлу. Нагахь санна йогIург йоккха стаг, йа гергарло херадаьллачех, йа йевзачарах хилча, царна аьтту aгIo ло. Иза а дуьхьал йа тIаьхьа нисвеллачунна, цаьрца вист хиларан кеп муха хила йеза гойтуш хаам бу.

Вайн Iедалшца, ул-улле хIоьттина новкъа кхоъ вар, зен-зуламна уьш арабевлла цахиларан гайтам бу (зуламна арабевлла нах цхьаъ вукхунна тIаьхьа хIуттуш могIа бина хуьлу). Кхоъ ул-улле хIуттуш, царна жимма тIаьхьа аьтту агIор хIоьттина жимха а волуш йогIу тоба, маьрша некъ эцна йоьдуш йу. МогIане йалх стаг нислуш тоба йодахь, «йуккъехь барам лаха», олуш ду. Цу хьолехь а нохчий тахана санна ринже гIоьртина хьайбанаш санна, берриге а некъ лоций боьлхуш ца хилла. BopxI-ворхI некъа нисвалар цIа йалон боьлхуш, йа йалош богIуш болу замой хиларан гайтам бу. Исс-исс нисвалар, уьш стаг витийта боьлхуш хилар гучудолу. Некъахула нах бахаро, дуьхьал-тIаьхьа нисвеллачунна гойтуш хилла, цу некъан Iалашо. ТIеIоттавеллачунна хууш хилла, ша ала дезарггий, муха лелча бакъахьа хир ду а.

Лакхахь ма-аллара, гIеххьа божарийн тоба некъа нисйелча, иза кхоккха стаг волуш дIанисло, уггаре а лоруш берш йуккъехь а болуш. Хьалхий, тIаьхьий царал жимха берш хIуьтту. Кегийчеран кIулла (группа, часть) кхаа декъе йекъало. Уггаре а кегийрнаш баккхийчарна хьадал-вадал кхочушдан, царна йукъа йаьржа; цхьа дакъа баьгар дан хьалха йолу, важа баьхьар кхочуш деш тIаьхьа соцу.

(Чаккхе хира йу)

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1