Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Нохчашлахь маршалла хаттаран коьрта кеп хилла лелаш ду салам далар. Цхьана стагана йа тобанна тIкхаьчча, уггаре а хьалха «Ассаламу Iалайкум!» олий, салам луш ду вайн, бухарчо йа бухарчех воккхачо «Ва Iалайкум Ассалам» олий и схьаоьцуш ду. Салам далар суннат ду, шега кховдийча салам дIаэцар парз ду, олуш ду дешначу нехан.

Салам а делла, стаг тIевеача, дегI нисдина хьалагIаттар тIехь ду хиънаIачунна, нагахь тIевеанарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалагIаттар йа хьалаайавалар гIиллакхехь ду…

(М. Ахмадов «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла»)

Къиг тIееача, къиг а гIотту хьала.

(Халкъан кица)

Цхьадолчу къамнийн санна, салам тIекхаьч-кхаьчначуьнга луш дац вайн. Масала, дас – кIанте, вашас – йише, хIусамдас – хIусамнене, иштта дIа кхин а.

Салам луш дац вайн тIом-чIир йукъайан йиш йоцчохь. Нохчичун тIом бан йиш йац муьлххачу а зудчуьнца; йукъ йехказа волчу кхиазхочуьнца; шен цIийнах волчу гергарчуьнца; йукъ йаьстина хан йаьлла волчуьнца.

Йишин кIант – ненахошка, невцо стунцахошка салам далар оьздачех ца лерина хIума ду.

(С.-М. Хасиев «Орга» журнал № 3, 1996 шо)

Кхуо салам шег делча, цо аьлла: «Со стаг вац, со зуда йу, хьоьгара салам схьаоьцур дац ас, со Жоьра-Бабин Танчин Гугу йу».

(«Шина доттагIчун туьйра»)

Воьд-воьдуш, дIаихча, йалхалгIачу ломах дехьаваьлча, тоьгуш-доруш Iаш Маьлх-Аьзни гур йу хьуна. «Ассаламу Iалайкум, Маьл-Аьзни, кIанта йоIе луш ца хуьлура салам, делахь а, хьоьга дала мегар долу дела ло ас хьоьга иза», – алий, салам лолахь.

(«Кхаа йишин туьйра»)

Салам даларехь хьалхе йаккха къуьйсуш дац вайн, цуьнан нохчийн халкъалахь чIагIйелла кеп (бакъе) йу. ХIоьттинчу хьолехь гIоли волчо эшна хетачуьнга хьалха дала догIу салам. Масала, куьйгалхочо – шен куьйгалли кIел волчуьнга, могашчо – цомгашчуьнга, воккхачо – жимачуьнга.

Салам даларан хьалхе тIевеанчуьнгаххьий, тIехволучуьнгаххьий йу. Говрахь волчо – гIашлочуьнга, лам тIера охьавогIучо – хьалавоьдучуьнга, малхбузехьарий, къилбседехьарий вогIучо – малхбалехьарий, къилбехьарий вогIучуьнга, дешна волчо – дешаза волчуьнга, карахь (гехь) ларча йоцчо – мохь бохьуш вогIучуьнга дала дезаш ду салам.

(С.-М. Хасиев «Орга» журнал № 3, 1996 шо)

Дуьххьара керта веанчу стагана совгIат деш ду вайн. Боьршачу стагана дика совгIат ду Къуръан (дешначу стагана), шаьлта, хьайна мехала хетта кинишка, коч. Зударшна йала тамехь йу пхьегIа, куз, кIадин кийсак, йовлакх. Берашна хазахета шайна совгIатна говран бекъа, Iахар, эса делча. СовгIат, стаг дукха декхаре ца вохуьйтуш, хийра, уллера хилар тидаме оьцуш, дан деза.

Кхелинчу шаьлтанций, даточу доьхканций совгIат делира шен хьешана Мохьмада.

(М. Мутаев «Гергарло»)

Ша говрахь вогIуш, дуьхьал воккханиг кхетча, цуьнга маршала, динара охьа а воьссина, хоттуш хуьлу. Цуьнан генна ваха дезахь, говра а дIайуьгуьйту цуьнга.

– Салман, – кхайкхира да, – хIара говр лаха йуккъера Эдалхе дIалол. Со лулара йуьрта тезета воьдуш дуьхьал а кхетта, ша охьа а воьссина, со кхунна тIе а хаийна, новкъаваьккхира цо. Дала гIоза лелайойтуьйла цуьнга хIара!

(Хь. Талхадов «ГIиллакхо хазво стаг»)

Салам деллачул тIаьхьа тIекаре йар хене, бечу балхе, хIоьттинчу хьоле, жима-воккхалле, генара-гергара хиларе хьаьжжина хуьлу.

Дийнан хене хьаьжжина:

– Iуьйре дика хуьлда!

– Де дика хуьлда!

– Суьйре дика хуьлда!

– Де беркате догIийла!

– Буьйса декъала хуьлда!

Охана деш, асар деш, хи дуьллуш, кхин гIуллакхаш деш, латта тIехь болхбечуьнга:

– Хьоькъийла хьан!

Мангалхочуьнга:

– ГIоза йаор хуьлда!

Йалта тIегулдеш волчуьнга:

– Дала беркат дойла!

Дама, ахьар дохьуш, хьерара вогIучуьнга:

– ГIоза дуург хуьлда!

Йолах болх беш волчуьнга:

– Болх беркате хуьлда!

Шен цIен тIехь болхбеш волчуьнга:

– Ирс долуш хуьлда!

Хаспана жижиг доккхуш волчуьнга:

– Жижиг мехала долийла!

Туьканахь, базарахь мах беш волчуьнга:

– Мах беркате хуьлда!

Жехь, бежехь волчуьнга:

– Дебийла!

УьстагI-газа, бежана эцначуьнга:

– Дала хайра дойла!

Таллархочуьнга:

– Дала аьтто бойла!

Моз доккхуш волчуьнга:

– Дала беркат дойла!

Белхех вахана, йа йуьртан йукъара гIуллакх деш волчуьнга:

– Болх меле хуьлда! Дала шен доьхьа лорийла ахь (аш) лелориг!

Мах боцуш, хьайна гIуллакх диначуьнга:

– Дала диканца бекхам бойла!

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1