Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Зайтемиров Сайдик

Ваха, вола сихха схьа,

Ахь латийна ирча къа.

Писус мелла шура йац,

Хьан ткъа цуьнца бала бац.

Бехкал вахна Ваха ву,

Цунна довдеш Яха йу.

Вахас йеа шура схьа,

 И Писуна йоьтти дIа.

Пису чIогIа хьестало,

Шен корта цо лестабо.

Кхача баа хии и,

Дуьзна ловза дели и.

Пису ловза даьлла ду,

Яха хьалхар йедда йу.

Вай дIадала, ахь хIун до?

Яхас туьйсу цIенна го.     

***

Дахарах цхьа шо дIадели,

Дуьненчохь тIепаза дайна.

Вуо, дика девларш а хене,

Ца чехош цуо шеца лайна.

Къанвала цалуург тешош

Воккхало-м некъ бойту беха,

Ницкъ ахь сел гIора сан эшош,

Ког туьйсуш хьийза ма вехьа.

Сан санна жималла йахнарг

Ойланехь и сецош веха.

Кхетамехь дайша мел баьхнарг,

Мел дашо хилла и хьехам.

Зама, ахь хийла дог Iовжош

Гина ву ненах а къастош.

Ца ваьхьа харц ала сов дош,

Собар ду Дала Ша хастош.

Адамехь барт болу дахар,

Буй хаьа беркате гIирс.

Нана сайн реза йеш вахар,

Ду деган эзарза ирс.      

Дешар кхио Iилман цIа,

Хьо адамийн сийлахь цIе.

Дахарца ахь тосу зIе,

Ирсан кхачаво ахь тIе.

Кхане сирла хилийта

Нийсаниг ахь Iамадо.

Беркате чкъор кхиийта,

Ахь хьехамчаш кхиабо.

Хьекъале стаг лору наха,

Ша масална хIуттуш дIа.

Iилма долчун хаьа ваха,

Дуьне девзаш атта Iа.

Воккхаве со, хIора денна,

НПУ ас харжарна.

Деган лаам кхочуш хила,

Ваха ницкъ а баларна.    

***

Нохчийчоь, сан Даймохк, йист йоцу хазна!

Воккхавуь со хьоьха, массо а ханна.

Хьан тогIеш, аренаш, бохь хаза хьаннаш.

Дешнаш ца карадо исбаьхьалла йийца.

Хьоьца йу тахна ас мел йо ойла.

Хьоь хьоьжуш лаьтта со синкхача хилла.

***

Хьешана даима диллина тхан ков ду,

Цо шеца даима ша дохьуш беркат ду.

Схьагулло, махкахой, йуртахь тхан той ду,

Самукъадоккхуш вай хьешийн догъоьцур ду.

Шу догIуш хуьлу дог тхан дела а делла,

Кхаъ хуьлий долу ткъа ша лакха и тIома.

Шуьца йолу тхан марзо дагца дIаийна,

Лаьар-кх хIусамехь тхан, шо аш доккхийла.

Дуьйлийша тхо долчу, лераме доттагIий,

Вайн дайша доггаха лелийна хьошалла.

Хьаша-да лоьру керт хьошалгIа кхойкхуш йу.

Шуьга сатуьйсуш тхо, даима хьоьжуш ду! 

***

Сан доттагI, варийлахь,

Машена хьо хаахь,

Чехка ма хахкалахь,

ДIа, схьа хьо хьажалахь.

Хьалха ма лелхалахь,

ТIаьхьа хьо сацалахь,

Бакъонаш ларйелахь,

Сема хьо хилалахь.

Сонтаниг виталахь,

Йохье ма вийлалахь,

Хьекъале хилалахь,

Дийна цIа кхачалахь.  

Нана

ЙогIучу замано

Вай вовшех дахахь,

ГIайгIане ма хилалахь,

Сан хьоме нана!

ГIан-набарха хьуна

КIайн кхокха хилла,

Сайн бала балхо,

Кхочур ву хьуна.

Хьан кийрара бала

Ас бостур бу хьуна,

Хьан Iена бIаьрхиш

Ас совцур ду хьуна.

Вай цхьаьна хирг хиларх

Со тешна ву хьуна,

Хьо шек ма ялалахь,

Сан хьоме нана!

Дуьненахь мел веха,

Хьо ирсе йехар йу.

Хан-зама мел йели,

ТIалам хьан хир бу.

***

Даймохк бу боьлхуш,

ТIаьхьене кхойкхуш.

Къух даьлла лаьтташ,

Куц бос шен лоьхуш.

Мацах дадас тедда,

Къух дебна ду гуш.

ДийгIина синтарш,

Гуш доцуш дайна.

Дозан билгало,

ТIапъаьлла йайна.

Серашца йуцуш.

Йина керт Iаьнна.

Шера аренаш,

Бердашца тайна,

Цу йалтийн хесаш,

БаьIIашлахь дайна.

КIанта-м вац хезаш,

Лергаш къарделла,

БIаьрзе бу бIаьргаш,

Ца гуш дайн латта.

Хир йуй-те кхане,

Ишттачу кIентан,

Iер-вахар дуй-те,

Дуьненахь цуьнан? 

***

Вадуд, сихха вадалахь,

Тоьлла меттиг йаккхалахь,

Ахьяд, Iаж ах баккхалахь,

Массарна дIабекъалахь,

Ваха, дукхавахалахь,

Массера дог ахь эцалахь,

Мохьмад, ахь мохь тохалахь.

Ловза массо кхайкхалахь.

Салман, сарахь чохь Iелахь,

Хьайн ненан дог хьасталахь.

Iела, урокаш Iамайеш,

Дика деша хьажалахь. 

Ненан мотт

Денна а хьо хьехо

КIордор дац, ненан мотт!

Хьох лаьцна мел йаздо,

Дог ловза дуьйлу мотт.

Хьо тесна ца бита

Дош ло ас, ненан мотт!

Сан йоккха чIагIо хьо,

Сан хьоме Нохчийн мотт!!!

Беза хьо, ненан мотт,

Сайн дегIан са санна.

Сан дагца ийна мотт,

Сан доккха дозалла!

Воккхавево со тахна,

Сайн къомах хиларна.

Хьох хаьдда ненан мотт,

Ма вуьсийла со цкъа а! 

***

Мосазза дог ахь сан дагий,

Мосазза безам ахь лазий.

Мосазза ойла сан хьовзий,

Мосазза чIагIо сан йохий.

Масанга дели ахь дош а,

Масанга ахь веза эли,

Мосазза сан корта хьовзош,

Мосазза дахарехь леви...

Дисна дацахь ахь даго дог сан,

Ахь лазо бисна бац безам.

Йац сан кхин ахь хьовзо ойла.

Ца йисна ахь йохо чIагIо.

Хьан дашах тешам сан байна,

БIаьрса сан гIелделла хьежна.

Кхин хьовзо бисна бац корта,

Дахаран чам байна суна.

Ца хьийзош безам сан ховха,

Бен воцуш хьайна со хилча.

Йахалахь маьрша хьо гIоза,

Со а вели хьан балех хIинца...

Мосазза дог ахь сан дагий,

Мосазза безам ахь Iовжий,

Мосазза сан ойла хьовзий,

Мосазза чIагIо сан йохий.

***

Хьо хьенан, мила ву?

Салахьан, Сайдик ву.

Хьо муьлхачу къомах ву?

Со Нохчийн къомах ву.

Хьо тайпана мила ву?

Зандакъо тайпана ву.

Хьо муьлхачу некъах ву?

Со Маьнтик некъах ву.

Хьан ворхIе дай муьлш бу?

Сан ворхIе Дай хIорш бу:

ГIазмохьма, ГIуза,

Дудур-Хьаьжа,

Эстемар, Зайтемар,

Сайд-Селим, Салахь.

Хьо муьлхачу йуьртара ву?

Со Татай-Отарар ву.

Муьлхачу кIоштара  ву?

Нажий-Йурт кIоштара ву.

***

Со вити-кх ахь хьайха хьега,

Ахь ма атта теси дIа.

Йоьрзурий хьан ойла йуха,

Даге хьайн ахь доьгIний ла?

Ирсах нагахь цкъа дIахадахь,

Карадац и, лехарх ахь.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1