Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Дениева Лалита

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана карара 2023-гIа шо Нохчийн меттан шо кхайкхорна тIе а хьажийна, Нохчийн Республикин кIоштийн дешаран урхаллаша дIахьош мероприятеш йу массо а школашкахь.

Къоман Iадаташ а, культура а кхиорехь, цуьнан башхалла ларйарехь коьрта меттиг дIалоцу матто. Ненан мотт хааро дуьненах болу кхетам кхио а, цунах лаьцна хаарш шордан а таро хулуьйту дешархойн.  Ненан меттан хазна йезаш хиларо, нохчийн исбаьхьаллин литература йешаро шен къоман оьздангаллин, ламастийн бакъонаш йовзуьйтуш кхиабо уьш.

Нохчийн меттан шарна лерина «Бовза беза нохчийн мотт» цIе йолу викторина дIайаьхьира Хьалха-Мартан кIоштан модельни библиотекин йешархойшна йукъахь. Викторина вовшахтохархоша билгалдаьккхира, нохчийн халкъо муьлхха халонаш тIехIиттича а, шайн ненан мотт ларбина, аьлла. Цунна тоьшалла дара, викторинехь дакъалоцучу берашна шайн ненан мотт дика хаар. Йукъараллехь къамел деш, дукха хьолахь оьрсийн дешнех пайдаоьцу кегийрхоша, амма викторинехь хаьттина муьлхха а дош девзаш дара царна. Оцу дикачу жамIаша дагна хьаам бо, вайн тIаьхьенна нохчийн мотт хаарх. Уггаре а дукха нийса жоьпаш луш, жигара дакъалаьцначарна грамоташ а, совгIаташ а делира.

Иштта рогIера даздарш дIадаьхьира Нажи-Юртан берийн, кхиазхойн техникин корматаллин туьшахь. Кхиорхошна дийцира ненан мотт хууш хила везаран коьрта башхаллех лаьцна а, гIиллакхаш а, Iадаташ а маттаца доьзна хиларх лаьцна а.

«Мотт мел беха деха къам» – олуш ду вай дайшкахь дуьйна. Иза ларбахь дуьсур ду къам, амма вай вайн ненан мотт тахана Iалаш ца бахь, вайн кхане бодане хир йу. Ненан мотт бу вайна дахар довза а, къоман оьздангалла йовза а Iамош, къоманна а, махканна а пайденна болуш, гIиллакхца, оьздангаллица къонахий кхиош берг. Вайн декхар ду ненан маттаца йукъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин а, историн а бух бу иза. Жимачохь дуьйна кхетаман тIамарх болийта беза матте, Даймахке, шен халкъе болу безам. ТIаккха кхуьур йу вайн ирсе кхане.

Ненан мотт хаа а, бийца а беза аьлла дийцина а ца Iаш, туьшан кхиорхошка а дакъалацийтира ненан матте йолу марзо йовзуьйтуш. Бераша шайна дукхабезачу нохчйин поэтийн байташ йийшира.

Зевнечу аьзнашца ненан маттахь байташ а, иллеш а дийкира Соьлжа-ГIалин №106 йолчу школехь а. Вайна массарна дика бевзаш болчу нохчийн поэтийн Хатуев Iабдулхьамидан а, Арсанукаев Шайхин а ненан маттах лаьцна байташ йийшира 9-чу классан дешархоша. «Шовдан йистехь» хелхар а дира дешархоша. Суьйренехь дакъалоцуш хиллачу нохчийн йаздархоша а, Дешаран департаментан говзанчаша а баркалла элира школин куьйгаллина, дешархошна шайн ненан мотт цIена бийца а, цу маттахь ойла йан а Iаморна.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1