Детское творчество

Детское творчество

Воспитать из каждого ученика творческую, технически грамотную личность
Профессионалы – 2024

Профессионалы – 2024

В ЧР состоялась церемония закрытия II регионального чемпионата профессионального мастерства
Поэзия в картинах художников

Поэзия в картинах художников

Студенты и преподаватели педвуза представили свои работы на выставке картин
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Талантливая девушка Раяна Сайдулаева, студентка ЧГУ им. А. А. Кадырова, давно увлекается литературой. Свой первый детектив «Осколки жизни» она...
Детское творчество
Детское творчество
Профессионалы – 2024
Профессионалы – 2024
Поэзия в картинах художников
Поэзия в картинах художников
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой
Раяна Сайдулаева: Писательство для меня сродни с настоящей работой

Iалашо: къасторан хьаьркийн маьIна, церан дашехь йолу меттиг йовзийтар; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: къасторан хьаьрках лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду дешнашкахь къасторан хьаьркаш йазйан а, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх оьздангалла Iама.

Метапредметни

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллашйевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукха вехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера шардар 64.

– Муха кхочуш дира аш и шардар?

– Оха хIетал-металан жоп лехира. Карийначу жоьпана мукъаза шиъ шалхачу элпана кIел сиз хьаькхира.

– ХIун дара цуьнан жоп?

– Цуьнан жоп дара «чкъург».

– Мукъаза шалха ши элп тIаьхьий-хьалхий нисделча муха йаздан деза?

– Мукъаза шалха ши элп хьалха-тIаьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолгIа хьаьрк ца йаздо, ткъа шолгIачун хьаьрк дуьззина дIайаздо.

(Дешархоша бакъо схьа-йуьйцу)

 

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра  тоба:

Ле...къа

ба...хьаш

2-гIа  тоба:

...къес

ри...къ

3-гIа  тоба:

тIе...тIа

ни...къ

4-гIа  тоба:

ТIа...кха

до...кха

– ДIадеша шаьш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

– Муьлха аз хеза цигахь шуна?

– Ткъа аш «ч» хIунда йаздина?

– Мукъаза шалха ши элп хьалх- тIаьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолгIа хьаьрк ца йаздо, ткъа шолгIа хьаьрк дуьззина дIайаздо.

ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.

 

III. ЦIенайаздаран минот

Дика йоI йу Айман,

Шеца долуш…(ийман)

– Ийман бохучу дашна хьалха муьлха элп хеза вайна?

–Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

 Ии

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъа ду?

– ХIунда ду и мукъа?

– Багахула олучу хенахь цхьа новкъарло йоцуш хецна дIаалало и.

– Маса меженах лаьтта «И» элп?

– Шина меженах лаьтта.

 (Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)

 

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

– Бераш, дIадеша хIетал-метал.

Мукъачеран, мукъазчеран,

Нагахь йукъахь далахь дов,

Машар барца дехьа, сехьа,

Кхуссу оха, доккхий ков.

Алал, доттагI, дов дIадерзош,

ХIун дан деза сиха ахь?     

Жоп: (Къасторан хьаьркаш)

– Стенах лаьцна дара и хIетал метал, хIун дан деза дов дIадерзош, муха бийр бара аш царна йукъахь машар?

– Къасторан хьаьркаш йохкур йара.

– Ткъа, бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вай урокан тема «Къасторан хьаьркаш» йу аьлла хета.

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йе «Къасторан хьаьркаш».

 

  1. V. Керла тема хьехар

а) Бакъо таллар.

– ДIайеша 32 агIон тIера бакъо.

– Муьлха элпаш лела къасторан хьаьркийн маьIнехь?

– Элпаш «ь», «ъ» къасторан хьаьркийн маьIнехь лела.

– Цара хIун гойту?

– Мукъа аз мукъазчух дIауьйш цахилар гойту.

– Муьлхачу элпана тIехьа бен ца йаздо къасторан «ь»?

– Къасторан «ь» хьаьрк «к» элпана тIехьа бен ца йаздо.

б) Шардарехь къасторан хьаьркийн тидам бар.

– ДIадеша 66 шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– «ъ, ь» элпашна а, цара къастош долчу мукъаза а, мукъа а элпашна кIел сиз

хьакха дезаш ду.

– Муьлхачу элпашна хьалха йаздина ъ,ь элпаш?

– Мукъазчарна тIехьа, мукъачу элпашна е-ний, я-ний, яь-ний хьалха йаздина.

– Муьлхачу элпана тIехьа йазйина аш къасторан хьаьрк?

(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо)

 

  1. VI. СадаIаран минот

– Цхьа жимма садаIий вай?

  ГIиллакхе верг наха лору,

  ГIоза ваха цара олу.

  ГIатта вагIахь воккханиг,

  ГIиллакх ма ду коьртаниг.

– Бераш, шуна муьлха гIиллакхаш девза?

–  Воккханиг вогIуш, охьахиъна велахь, хьалагIатта веза, воккхачунна некъ хадо мегар дац.

Иштта кхин масалаш даладо дешархоша.

 

VII. Iамийнарг тIечIагIдар

  1. I. Тобанашкахь болх.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. МаьIнехь тIеоьшу -елла, -яьлла а, къасторан хьаьркаш а йоьхкуш, дIайазде шайн тобанера дешнаш.

1-ра  тоба:

ТIех...

чIагI...

цец...

2-гIа  тоба:

Мац...

(шел...

лах...

3-гIа  тоба:

Гал...

сен...

цIан...

4-гIа  тоба:

Хьаг...

йох...

йиц...

 

ХIора тхьамдано шаьш девлча  шайн тобано йаздина  дешнаш схьадуьйцу.

– Муьлха къасторан хьаьркаш йихкина аш?

аь) Шаьш бен болх.

– ДIадешша шардар 71.

– Муха кхочуш дан деза иза?

– Оьш-оьшучу къасторан хьаьрк ъ, ь  дуьллуш, схьайазйан йезаш йу.

– Оцу предложенехь муьлхачу  дашна йиллина аш къасторан хьаьрк?

– Шекьяьлла дашна.

– Шекьяьлла дашна муьлха къасторан хьаьрк йиллина аш?

– Къасторан кIеда «ь» хьаьрк.

– Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде шардар.

VIII. Рефлекси

– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

lХ. Урокан жамI дар 

– Муьлха элпаш лела къасторан маьIнехь?

– Элпаш ъ,ь къасторан маьIнехь лела.

– Цара хIун гойту?

– Мукъа аз мукъазчух дIауьйш ца хилар гойту.

Х. ЦIахь бен болх

Шардар 70, агIо 34.

– ТIера схьайазйе шайца къасторан хьаьркашца дешнаш долу предложенеш. Къасторан хьаьркаш долу дешнаш билгалдаха къоламца, Iамайе бакъо.

Ша шен урокан мах хадор (Самоанализ урока)

Урокан цIе: къасторан хьаьркаш «ъ, ь».

  Ас сайна хьалха хIиттийна Iалашонаш йара (йукъарадешаран ардам: предметни, метапредметни, регулитивни, коммуникативни, личностни).

Къасторан хьаьркийн маьIна, церан дашехь йолу меттиг дешархошна йовзийтар, Iамийнарг карладаккхар, йозанан а, барта а къамел кхиор, гIиллакх-оьздангалла Iамор а.

Иштта урокан оьшу гIирс бара: къасторан хьаьркех лаьцна кечйина презентации, компьютер, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, къоламаш, тептарш, урокан жамI даран гIирс.

Маршалла хаттарца дIайолийра ас сайн урок. Цул тIаьхьа дешархоша цIахь бина болх талларца, хаттарш луш церан болх теллира.

Класс тобанашка йийкъира, цIераш техкина хIора тобанна.

Хьалха Iамийнарг тIечIагIдеш тобанашкахь болх бира. Урок чекхйаллалц бохургсанна, дешархошна  йукъаь дIабаьхьира самукъне а, къовсаме а болх.

Къовсам дIаболийра урокан цIе йаккхийта кечдинчу хIетал-металца. Цул тIаьхьа дешархоша сан гIоьнца бакъо теллира. Бакъонах кхетам белла и кхетам тIечIагIбеш кхочушдира шардар.

Жигара, лехаме а белхаш бинчул тIаьхьа, дешархошца дIайаьхьира  садаIаран минот.

Ас дешархошца йийшира гIиллакхах лаьцна байт, цул тIаьхьа, дешархоша шайна девзаш долу гIиллакхаш дийцира.

Урокехь Iамийнарг тIечIагIдеш ас дешархошна тобанашкахь бан болх белира. Шаьш девлча, хIора а тобано шаьш болх муха кхочуш бина дийцира.

Цул тIаьхьа, ас царна шаьш бен болх, белира. Дешархоша дуьйцура шаьш муха кхочуш дира шардар.

Рефлекси йайтарца билгалдаьккхира шайна керла девзинарг, пайдениг, шайна самукъане хеттарг.

Урокан жамI деш ас берашка хаттарш делира. Берийн жоьпашка ладоьгIча, хаалора ас сайна хьалха хIиттийна йолу Iалашонаш кхочуш йина хилар.

Цул тIаьхьа ас мах хадийра бераша бинчу белхан, хIоранна йогIу оценка а йуьллуш.

ТIаьххьара, урок йерзош, цIахь Iамо бакъо  йелира, кхочушдан шардар делира. Шардаран тIедиллар довзуьйтуш, муха кхочушдан деза дийцира.

  • 1

Международная выставка-форум

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

  • icon Наш Грозный – наш центр мира

У каждого из нас на свете есть место, куда нам хочется возвращаться. Место, где наш дом, где наши родители, где наша Родина. Эта Родина для нас, сердце Чеченской Республики – город Грозный – тёплый и уютный и самый-самый дорогой. Город славного прошлого и великого настоящего. Город, открывающий нам горизонты будущего.

Грозный – это улицы, проспекты и дома, которые так дороги нашему сердцу; парки

Подробнее...

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1