5
Нохчийн меттан де тIекхочуш хиларца доьзна, Айда-миров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь берийн «Нохчийн мотт - суьрташкахь» цIе йолу книга йовзийтар
дIадаьхьира.
Оцу книгин автор Бочкаева Зулай ю. Школе дахаза долчуа, школехь юьхьанцарчу классашкахь доьшучу а берашна лерина ю билгалъяьккхина книга. Оцу книгин хIора а агIонехь алфавитан элпашка хьаьжжина, дийнатийн а, ораматийна, иштта кхийолчу хIуманийн а цIерш йовзуьйту нохчийн маттахь. ХIора а дашца дехкина хаза суьрташ ду. Берашна
нохчийн маттахь долу дешнаш дика дагахьлаттийтархьама, хазачу басаршца дехкина ду суьрташ.
– Школин программа Iаморехь, нохчийн маттахь шайна ца девзаш долу дуккха а дешнаш карадерзо дезаш хуьлу берийн. Дуккха а дешнийн маьIнех ца кхета уьш. Иштта книга арахеца суна дагадаийтина хилларчу бахьанех лаьцна аьлча, дуккха а дешархой оьхура суна тIе кест-кеста, нохчийн маттахь долчу дешнийн маьIна довзийта, олий. Бер жима долчу хенахь дуьйна, цо и книга Iамош хилахь, цунна дикка дагахьлаьттар ду аьлла хета суна нохчийн меттан цхьадолу чолхе дешнаш, – дийцира Зулайс. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ а, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалш а. Цара массара а билгалдоккхура Бочкаева Зулайс бинчу балхо нохчийн берийн литература кхиорехь доккха дакъа дIалаьцна хилар. «Нохчийн мотт - суьрташкахь» книгин тираж 1000 экземпляр ю.

Ражапова Ася