Новкъа воьдуш-вогIуш
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 25.07.2025 21:27
Дадаев Сайд-Хьасан
ТIаьхьарчу шерашкахь хаъал лахделла Воккха-Дадин вахар-вар. Цунах дерг хьахаделча: «Дадин голаш йаз-йелла», – олу цо, леткъамаш бар доцуш, ша къаналле лестина хилар хоуьйтуш. Шен дахарехь дукха некъаш гездина цо Нохчийчохь а, махках ваьккхича Казахстанехь а. Дукха гина вуонаш, халонаш. Баланаш, Iазапаш, мацалла, шело, гIело лайна. Амма цкъа а иза нохчийн гIиллакхех, собарх, стогаллех воьхна меттиг ца йеана.






