Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
Лучшие в спортивном туризме

Лучшие в спортивном туризме

Лалита Дэниева В Чеченской Республике состоялись республиканские соревнования по спортивному туризму, посвященные Году единства народов России.
Ахмат-Хаджи Кадыров

Ахмат-Хаджи Кадыров

Путь спасения и возрождения народа
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Иман Хамдиева Целевое обучение – это не просто способ получить высшее образование, а стратегический инструмент развития региона. В Чеченской...
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
Лучшие в спортивном туризме
Лучшие в спортивном туризме
Ахмат-Хаджи Кадыров
Ахмат-Хаджи Кадыров
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов
Целевое обучение – новые возможности для абитуриентов

Дадаев Сайд-Хьасан

ТIаьхьарчу шерашкахь хаъал лахделла Воккха-Дадин вахар-вар. Цунах дерг хьахаделча: «Дадин голаш йаз-йелла», – олу цо, леткъамаш бар доцуш, ша къаналле лестина хилар хоуьйтуш. Шен дахарехь дукха некъаш гездина цо Нохчийчохь а, махках ваьккхича Казахстанехь а. Дукха гина вуонаш, халонаш. Баланаш, Iазапаш, мацалла, шело, гIело лайна. Амма цкъа а иза нохчийн гIиллакхех, собарх, стогаллех воьхна меттиг ца йеана.

«Голаш йазйаларна» хIинца, дукха хьолахь, цIахь, ков-кертахь хуьлу иза. Тахана a Iа иза, лохачу гIанта а хиъна, дага йеш. Балхана «чувоьллачу» цунна хаа а ца делира луларчу урамера Хьасан а, Хьусайн а шена тIевогIуш. И шиъ кест-кеста вогIура Воккха-Дада волчу, кхуьнга гIиллакхех, вайн дайн Iадатех лаьцна хаза хабарш дийцийта. Тахана а веанера некъан гIиллакхех дерг мелла а алсам довза, цо довзийтинарг дахарехь лело лиъна. ТIаьххьара, гIордаз а хьокхуш, дага шарйина иза ваьлча, Хьасана дийхира Воккха-Даде шаьшшинна жимма некъан гIиллакхех лаьцна дийцахьара, аьлла.

Шен белхан гIирсаш йуьстах охьа а бехкина, шина кIентан бIаьргаш чу хьаьжна, церан ойла йевзича санна долийра:

– ГIиллакх экаме хIума йу. Иза лар ца деллачохь херло адамийн йукъаметтигаш. Ткъа иза ларделлачохь адамашна йукъахь уьйр-марзо хуьлу, беркат лаьтта. Вайна массарна а хууш доллушехь дуьйцу ас цунах лаьцна. Дуьйцу, вай – къоначара а, къеначара а – массара а гIуллакх лардар сайна дезарна. Вайн къоман гIиллакхаш эзарнаш шерашкахь нохчаша шайн дахарехь зийнарг а, зеделларг а ду, цхьана низаме, къепе дерзийна долу. Вайна иза денна хаало некъаца дIасалелаш, балхахь, йукъараллехь – массанхьа а.

Цхьанхьа ваха новкъа ваьлла хилча йа новкъахь цхьаьна нисвелча, воккхачунна, дешначунна, говзалла лакхара йолчунна, хьешана, ненахочунна, стунцахочунна, гергара йоцчу йоккхачу зудчунна, аьрру aгIop, цхьа гIулч тIехьа озавелла хила веза. Кхоъ цхьаьна воьдуш хилча, йуккъехь хила беза вай лакхахь хьахийна болу (ларам бан беза) нах. Церан аьтту aгIo кхочу уггаре а жимачунна. Иза хьадалчин меттиг лерина. ДIайаханчу заманашкахь некъан хьовзамаш кест-кеста хуьлуш хилла. Цундела доьналлица, ницкъаца тоьлла верг йуккъехь вогIучунна аьрру aгIop хуьлуш хилла. И гIиллакх ларделла вайна йукъахь. ХIинца новкъа вогIуш хилча а и лардар тIехь ду.

Зудчуьнца дIасавахар нисделча, йуккъерчу гергарлоне хьаьжжина хила деза дIахIоттар. Нагахь санна стагаца арайаьлларг цуьнан йиша, шича, маьхча йелахь, иза аьрру aгIop, ах йа цхьа гIулч тIаьхьа йан йеза. Цо массарна а гойту цуьнца верг цунна бехке стаг хилар. Нагахь санна стагаца новкъа йогIуш йерг йоккха стаг, йа хийра зуда (йо!) йелахь, иза цунна аьтту aгIop йанйеза, кIеззиг йуха а озайелла. Цхьана могIаре xIоттap гIиллакхе дац.

Вайн гIиллакхашца ул-улле хIоьттина кхоъ вар – уьш зен-зуламна арабевлла цахиларна билгало хилла. ВорхI-ворхI цхьана могIаре нислуш новкъадовлар – нускал цIа дало боьлхуш хиларан йа нускал далош богIуш хиларан билгало хилла. Ткъа исс-исс цхьана могIape хIуттуш тоба новкъа йогIуш хиларехь хууш хилла, и нах стаг витийта боьлхуш хилар. Вайна йукъара дIадевллачу новкъа ду и гIиллакхаш. Делахь а, шуна хаийта, шуьга шайна тIаьхьа богIучаьрга дIакхачадайта хьахий ас иза.

Тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь а, мажлисашкахь а хиттина вай гIалин маршрутийн автобусашкахь хIокху заманахь лелон догIучу гIиллакхех лаьцна.

Автобуса тIe хьалаваьллачу воккхачу сгагана (йоккхачу стагана) охьахаа меттиг йала йеза боху вай. Бакъду иза. Делахь а, даима хуьлий-те царна меттиг йала йезаш, уьш охьаховшийта безаш хьал? Наггахь, воккха стаг хьалагIеттина а, йоI, къона зуда охьахаийта йезаш хьал ма нисло. Автобус йоьттина ирахь богIуш кегийрхой, божарий хилча, йоI, зуда хьала а гIаттийна, воккханиг, къано охьахаар, цунна гIиллакх цадовзар йа цо гIиллакх цалардар ду. Муха мегар ду, ха хонах а хьекхалуш, йоI кегийрхошна йукъахь латтийтар? Маггане а мегар дац! Эхь ду!

Цхьана дийнахь иштта сурт гира вайна. Йоьттинчу автобуса чохь ирахь лаьтташ берш берриге а божарий бара. Цхьана социйлехь автобуса тIе хьалйелира цхьа йоккха стаг. Цунах бIаьрг кхетта йоI чухула дIасахьаьжира. ЦIиййелира, эхь хетта. ХьалагIеттича, кегийрхошна йуккъе дIахIотта йезара иза. Ца гIеттича, гIиллакх доцург хуьлура. Холчохь йара йоI. Кхин Iен а ца йелла: «Деца, схьайола, кхуза охьахаа», – аьлла, хIалагIеттина, кегийрхошна йуккъе дIахIоьттира иза, хIоттаза а ца йаьлла. «Деца-м» дукха сиха охьахиира, ур-атталла «Дела реза хуьлда» а ца олуш. ГIиллакхе дацара «децас» динарг.

ГIиллакх цадовзарх ду иза. Йа ша мухха лелча а бен цахетар ду. Йоккхачу стагана гуш ма дара йоI мел къийлалуш, эхь хеташ лаьтта. Шеца хIоттийнарг гIиллакх хиларан ойла а ца йо цо. ГIиллакхна дуьхьал хIоттийначу гIиллакхал хаза хIума дан а ма дац. Цо оцу йоIе ала догIура: «Хуур йац дера со-м охьа. Хьо бакъахьа йу хиъна Iийча. Суна божаршна йуххехь латтарх хIумма а хир дац йа со гена йаха йезаш йац». Цо и ца дира. ТIех йоьттинчу автобуса тIе иза хьала ца йаьллехь а дацара хIумма а, нехан меттиг ца йохо. Иза а хир дар-кха хаза гIиллакх.

Оцу йоккхачу стага хIоттийна тамехь доцу сурт гуш хиллера тIехьарчу гIантахь хиъна кхечу цхьана йоккхачу стагана. Меллаша шен меттара хьалааййелла, йоI шена тIейехна: «Кхуза охьахаал, йоI», – аьлла, лоха, амма хадам боллуш, цунна охьахаар тIедожийра. Эхь хетта, кхохкайелла йоI, «Дела реза хуьлда», – аьлла, охьахиира. И шиъ вовшах кхийтира. ГIиллакхо гIиллакх лехира. Ма хаза дара и. Ши-кхо социйла тIехйаьлча, йоккха стаг машенара охьайоьссира, водительна «Дела реза хуьлда», пассажирашка «Некъ дика хуьлда шун», олуш.

Наггахь автобуса тIехь иштта хьал а хIутту. Жимачу бераца лаьтташ йоI хуьлу. Цунна охьаха меттиг йалар тIехь ду вокхачунна а, къоначунна а. Вайн гIиллакхца догIуш дац иза ирахь латтийтар. Иштта гIиллакх хIотто деза, шух долу эхь-бехк Дала лардойла, пхорачу зудчуьнца а. Амма, халахеташ делахь а, нисло цаьрца гIиллакх ца лелош, царна машенахь охьахаа метгиг ца луш, некъ ца буьтуш меттигаш.

Кхечу халкъийн векалша а хестош ду вайн воккхачунна некъ битаран, цуьнан некъ цахадоран гIиллакх. Иза, Делан къинхетамца, вайн кегийрхоша лардеш ду, къаьсттина йарташкахь. ГIали йуккъехь башха ца нисло уьш лардар. Жима а, воккха а цхьанхьа сихвелла хуьлу кхузахь, стенна делахь а.

ХIокху заманан сихаллица болар нисдан гIерташ санна, хьаьвдда-девдда лелаш долчу вай, мелла а дицдан долийна воккхачунна новкъахь тIаьхьакхиъча, хьалхаваьлла дIавахаран гIиллакх. Шен боларехь воьдучу къаночунна тIаьхьакхиъча, вист ца хуьлуш, тIехваьлла дIавахар-м стенна дуьйцура, Iуьйре, де, суьйре дика йина, хьалхаваьлла дIавахар кхачаме дац. Де дика диначул тIаьхьа, цунна аьрру aгIop а волуш, цхьа гIулч тIаьхьа а сацавелла, цуьнца болар нисдина ван веза, цо хьалхаваьлла дIаваха пурба даллалц. Цо иштта (йа герггарчу хьесапехь иштта) пурба дала догIу: «Жима къонаха (кIант, йоI), хьо сиха хир ву. Вайшиннан болар цхьаьна догIур дац. Дела реза хуьлда хьуна, хьайн гIуллакхе дIагIо»... ТIаккха, къаночуьнга: «Со хьажа, саца оьшуш хIумма а дуй?» – аьлла, хоттур ду. Цкъа а, цхьана а нохчийн воккхачу стага жимхе сада а, шен гIуллакхе хьажа а эр дац оцу хьолехь.

Уьш а, кхин а ду некъаца воьдуш-вогIуш вайн дайша лелийна, лелор вайна тIехь долу гIиллакхаш. Уьш лелон, лардан Дала хьекъал, кхетам, ийман, собар лойла вайна», – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел. Цуьнан Iодика а йина, дIавахара Хьасан а, Хьусайн а.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1