Безалахь, эшалахь хьайн ненан мотт,
Даима бийца и кIорда ца беш.
Цуьнца ахь йелахь хьайн кхолламан чот,
Цуьнца хьо хIотталахь дикаллин теш.
Хьоме ду, мерза ду шен ненан васт,
Цул деза адам дац дахарехь хьан.
Хаалахь, ненан мотт ца хилча хьашт,
Сий ца деш, тосу ахь хьайн нана дIа.
Дешнаш а тоьар ду, шортта ду элпаш,
Iилманийн кIоргенаш а йийцало.
Цундела ца дохуш хьайн маттах айпаш,
Хастам а, сий-лерам цунна дIало.
Хатуев Iaбдул-Хьамид
Лаьмнашкахь малх кхетча,
Дуьйлало хиш,
БIаьстено къагадо
Со вина латта.
Эзарнийн озаца
ас лоькху йиш
Сайн ненан маттахь!
Сан меттан жовхIарш,
ХIорд хилий Iана.
Стаг вац со,
Шун аьзнех къастах.
Дуьххьара дош ду
ас Iамийнарг: «Нана»
Сайн ненан маттахь.
ГIелбелла ненан мотт,
Ца оьшу кхин.
Аьлла шайн
Нийсархо гIаттахь.
Алалаш цуьнга:
«Хьан дайна сий», –
Шайн ненан маттахь.
Карадац дешнаш,
Карадац аз
ДIахIотто
Исбаьхчун метта.
Цундела хестабеш,
Сий дир ду ас
Сайн ненан меттан!
Айдамиров Абузар
Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь,
Аьрзунийн баннашна лулахь
Нанас со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха
Сан нохчийн маттара илли.
Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара, кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
ДIатуьйра, набаро хьоьстуш.
Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн дайша даьхна и иллеш
Декара, дог Iийжош, доруш.


