В Грозном открылась ледовая арена

В Грозном открылась ледовая арена

Раиса Тимаева Ледовая арена «Ахмат» – современный спортивный объект, который призван дать новый импульс развитию зимних видов спорта в Чеченской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Маленькими шагами уверенно к мечте

Маленькими шагами уверенно к мечте

Иман Хамдиева За каждой большой наградой стоят не только сцена и аплодисменты, но и будни: споры, поиски, поддержка и моменты, когда хочется всё...
Новая эра в спортивной истории ЧР

Новая эра в спортивной истории ЧР

Милана Итиева Совсем скоро начнется новая эра в истории спорта Чеченской Республики: состоится торжественное открытие первого современного...
Наследие добра

Наследие добра

История директора детского сада Мовсара Багаева
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Раиса Тимаева В рамках реализации нацпроекта «Молодежь и дети» в Грозном и районах республики прошел масштабный фестиваль «Кросс Единства».
В Грозном открылась ледовая арена
В Грозном открылась ледовая арена
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Маленькими шагами уверенно к мечте
Маленькими шагами уверенно к мечте
Новая эра в спортивной истории ЧР
Новая эра в спортивной истории ЧР
Наследие добра
Наследие добра
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины
«Кросс Единства»: праздник спорта и дисциплины

Исаков Наврдин Бирлант,

нохчийн меттан, литературин

 хьехархо Соьлжа-ГIалин

МБЙХь «Гимнази № 5»

 Нохчийн литература. 11 класс

  1. 1. Урокан тайпа: ийна урок
  2. 2. Урокан Iалашо: Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» романан йуккъера «Диванехь», «БIе цхьолгIа буьйса», «ДанчIа» дакъойн анализ.
  3. 3. Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: ламасталлин къоман, йукъара адамаллин магаран, демократин, доьзалан мехаллаш тIеэцар, цаьрца цхьаьна, литературин говзаршкахь гайтинчу дахаран хьелашца уьш йустар; могаш а, кхерамза а дахаран кеп кхоллар, шен могашаллина жоьпалле хилар.

Метапредметни: йукъараллин билгалонийн маьIнех кхета; проблемаш къасто, дешаран гIуллакхехь, шайна йукъахь исбаьхьаллин произведенеш Iаморехь а, дахаран хьал а долуш, шайн декхарш хIитто а, формулировка йан а хаар;

Предметни: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош довзийтар.

  1. 4. Коьрта дешнаш: антиколониальни болам, тIеман истори, ахархойн гIаттам
  2. 5. Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст
  3. 6. Урокехь дан лерина гIуллакх-даран некъаш:

Хаарш зер (хаарийн актуализаци)

Iаматца болх бар

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат»

Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)

Таблица тIейузар

Хаттарш, тIедахкарш

Мах хадоран кехаташца болх бар

БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.

Модуль 1.1. Проблемни хьал.

«Машар лойша Кавказана, ма лехийша дуьненан Йалсамани Евфрата тIехь…

Иза-м кхузахь йай, кхузахь!»

А.А.Бестужев-Марлинский.

 

Ма Iаьржа, ма къайле,

Мел хала бу хьо, некъ,

Настарийн садаьлла,

Со-м хьалха дIатекха.

Ас мичхьа садаIа,

Со мича верза-те,

Беха некъ соцучохь

Соьга хIун хьоьжу-те?

О.Туманян «МухIажаран илли»

МостагIий цистина

Сан каде ва куьйгаш

Болатан буржалша

Къуьйлуш ду ва шуна.

Хелхарна бухь бегIна

Сан каде ва когаш

Болатан зIенашца

Бихкина бу шуна…

Нохчийн илли

Дийца, муьлхачу дакъошна лерина ду хIара дешнаш? («Диванехь», «БIе цхьолгIа буьйса», «ДанчIа»)

Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)

Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» романан йуккъера «Диванехь», «БIе цхьолгIа буьйса», «ДанчIа» дакъойн анализ

БЛОК 2. ГIуллакхан мур.

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.

ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)

  1. 1. «Лаьмнашкахь ткъес», «Дарц» романийн автор:

1)Исаева Марьям

2)Ошаев Халид

3)Исаева Марьям

4)Айдамиров Абузар +

  1. 2. Роман-трилоги йазйина:

1)Исаева Марьяма

2)Айдамиров Абузара +

3)Мамакаев Мохьмада

4)Айдамирова Машара

  1. 3. Абузар Айдамиров вина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь.

1)1898-чу ш. Одесса

2)1929-чу ш. Мескетахь +

3)1922-чу ш. Валарг

4)1910-чу ш. ТIехьа-Марта

  1. 4. «Халкъан поэзин йоккха корматалла йара цуьнгахь. Нохчийн а, Iарбойн а меттанашкахь назманаш йазйора цо. Нохчийн маттахь дагахь «Лейла, Меджнун» поэма йоьшура, ша йазйинарш а, кхечеран а назманаш дIаолура. Назманан дешнашка а, чулацаме а хьаьжжина мукъам а, аз а хуьлура цуьнан: дог ойъуш, дог делхош, самукъане, бIаьхаллин а», - хIокху дешнийн автор ву:

1)Айдамирова Машар +

2)Мамакаев Iаьрби

3) Исаева Марьям

4)Кибиев Мусбек

  1. 5. «Йеха буьйсанаш» цIе йолу роман зорбане йелира:

 1) 1972-чу шарахь +

 2) 1970-чу шарахь

3) 1977-чу шарахь

4) 1979-чу шарахь

Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп -  1 балл).

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.

Хьехархочун дош:

Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» исторически роман шуьйра чулацам болуш а, дуккха а проблемаш къастош а йу. Кхузахь ХIХ-чу бIешеран 50–60-гIий шерашкахьлера къоман дахар кIорггера, дуккха а агIонаш толлуш гайтина. Паччахьан Iедало шен колониальни политика дIакхехьа аьтто нисбархьама Нохчийчуьра дуккха а нах Турце кхалхийра. Оцу исторически бакъдолчу гIуллакхаш тIехь кхоьллина автора шен эпически шуьйра чулацам болу роман.

«Йеха буьйсанаш» роман кхаа декъах лаьтта: «Дагийна латта», «Чаккхенан йуьхь», «Iаьржа денош». Романан кхуьй а дакъа шайн композицица вовшашца дозуш, ХIХ-чу бIешерахь хиллачу исторически хиламийн дийна сурт кхуллуш ду.

Текстаца  болх баран алгоритм:

Текстан анализ йар

Коьрта дешнаш схьакъастор

Хааман анализ йар

План хIоттор

Текста тIехь болх бар

Текстан шен-шен абзацехь компресси йар

Коьчал схеме, таблице  йерзор

«Диванехь» – муха кхета шу хIокху цIарах? Ролешкахь дIайеша хIара текст. Дийца стенах лаьцна йу иза? Цадевза дешнаш билгалдаха.

Дешнаш тIехь болх:

Диванехь // кхеташо – совещание

Хьаьрдаш – кормовой отход

ГIовтал – бешмет

Терхи – полка для книг; сруб колодца; выступ (здания, фундамента)

Муьлш бара кхеташоне баьхкинарш? (баьрчера меттигехь: бенойн Солтамурд, регIатойн Болатха, зандакъойн БагIало, зумсойн Залма; йуккъехь: Залмин Дада, цIонтаройн Сулима, шелахойн Берса, гунойн ГIубха, махкатIхойн Iабдул-Хьаьжи, майртуьпара Муслойн ШоIип; кхул тIаьхьа: Iаьлбаг-Хьаьжин да Олдам, ваша Iеламха.

Мила хIоттийра цара шайн хинболчу гIаттамна коьрте?

Муьлхачу хьовзамо вовшахтоьхна бара уьш?

ХIун бахьана дара тIом боло аьтто цахиларна?

Даймахке болу безам гойту дешнаш схьакараде. Хьенан ду уьш?

(«Махкахвалар кIезиг хIума дац, кIентий. ТIехула тIе дийнна халкъ… Амма, кху вешан махкара дIадовлахь, нохчийн къам боху цIе йов вайн. Цул доккха вон дац къоме дан. Цул сов, вайнахе лалур доцуш, къиза ду туркойн Iедал. Цара ницкъ бо, сийсаздо шайн махкара кегий къаьмнаш.  Вай санна болу бусулбанаш», - Маккхал.)

Муха кхета шу хIокху дешнех? Дахарехь стеган коьрта декхар муьлха ду?

МаьIна даста Даймохк бохучу дешан. (Синквейн «Даймохк» темина)

Текст тIехь болх. «БIе цхьолгIа буьйса» романан дакъа.

Ловзаран кеп «Схьалаца гIалат».

…Буьйса йовха йоллушехь, цIе гонаха гIерта нах.  Цкъаделахь, къечу стеган самукъадалар цIе ду. Цо йохайо йерриг мискалла, йоькъу гIайгIане ойланаш. ЦIе тIе ши куьг лаьцна хиъна Iа хьаьрса Къосам. Цуьнан мацах цкъа безамехь хилла йуьхь эрчайаьккхина ира герз тухуш бесни тIехь йиначу чов. Беснин чкъор тIехебна цхьаъ бен боцу аьрру бIаьрг, забар санна, даим къаьрзина лаьтта. Иза вистхила воьлча, бехха бегабо агIо. Ткъа Мовлин чоьин пхьош деса кхозу. Массеран тидам шена тIебахийтина цхьаъ дуьйцуш воллу горга йуьхь-марше, велавелла бен, стаг дуьхьал ца хьожу Iаьржачу аматахь молла Маккхал. Шен накъост ирс долуш ваьлла иза оцу буьрсачу тIом. Цуьнан пIелгаш дIатегга аьтту куьг, цIаьххьана хьаьжча, конжех тарло. Амма дагах йоккха чов йу Маккхалан а: тIамо дай, вежарий баьхьана цуьнан…

Нийса жоп:

…Буьйса йовха йоллушехь, цIарна гонаха гIерта нах.  Цкъа-делахь, къечу стеган самукъадалар цIарца ду. Цо йохайо йерриг мискалла, йоькъу гIайгIане ойланаш. ЦIерана тIе ши куьг лаьцна хиъна Iа хьаьрса Къосам. Цуьнан мацах цкъа безамехь хилла йуьхь эрчайаьккхина ира герз тухуш бесни тIехь йиначу чевно. Беснин чкъор тIехебна цхьаъ бен боцу аьрру бIаьрг, забарна санна, даим къаьрзина лаьтта. Иза вистхила воьлча, бехха бегабо агIо. Ткъа Мовлин чоьин пхьош деса кхозу. Массеран тидам шена тIебахийтина цхьаъ дуьйцуш воллу горга йуьхь-марше, велавелла бен, стагана дуьхьал ца хьожу Iаьржачу аматахь молла Маккхал. Шен накъостел ирс долуш ваьлла иза оцу буьрсачу тIамах. Цуьнан пIелгаш дIатегга аьтту куьг, цIаьххьана хьаьжча, конжех тарло. Амма дагах йоккха чов йу Маккхалан а: тIамо дай, вежарий баьхьана цуьнан…

Муха кхоьллина авторо Маккхалин васт? Билгалбаха авторо пайда эцна суртхIотторан гIирсаш.

Мича дIагIо бохуш хьийзадора нохчийн къам? (Диарбекирна къилб-малхбузехьа нохчашна къастийна «дика латта» а, «кийча хIусамаш» а йу, цига дIагIо бохуш хьийзадора халкъ.)

Iаматах пайда оьцуш,

тIейуза таблица

Хаттар, тIедиллар

Тезис

Цу махке хьажа маса стаг вахара?

 

ХIун хаам беара цара цигара?

 

ХIун бахьана дара царна цига баха цалаар?

 

Муьлха сацам тIеийцира АьрзугIар?

 

Текст тIехь болх. «ДанчIа» романан дакъа.

Муха гайтина къоман шен махке сатийсар?

ДанчIа дIакхелхаш, Аьрзуна цьнан кIант Болат чохь хила лаар хIун бахьана ду аьлла хета шуна?

Туркочо муьлха къамел дира Аьрзуга?

Аьрзус жоп делла меттиг схьалахий, дIайеша.

Миччахь велахь а нохчалла ларйеш, адамаллех ца духуш чекхдаьлла вайн къам. Цунна тоьшалла ду вайн къоман исторехь болу хиламаш. Коьртаниг стаг Адамалла йолуш, къинхетаме хилар ду.

БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.

Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.

Хаттарш, тIедахкарш

Маса дакъа ду «Йеха буьйсанаш» романан?

Билгалдаккха, хIора дакъа маса коьртех лаьтта?

Муха дахар хилла Хонкара дIакхелхинчера?

Даймахкахь Iийнехь гIолехь хир дарий-те дIакхелхинчу нахана?

Йаздархочо шен романехь Iорайаьккхина коьрта проблема муьлха йу?

Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.

 

Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

Дешаран гIуллакхийн рефлекси.

Дешаран Iалашо: Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» романан йуккъера «Диванехь», «БIе цхьолгIа буьйса», «ДанчIа» дакъойн анализ.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх (инструктаж)

  1. 1. Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» романан йуккъера «Диванехь», «БIе цхьолгIа буьйса», «ДанчIа» дакъошна анализ йар, кластер хIоттор.
  2. 2. «Турпалхочун васт» сочинени-ойлайар.
  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1