Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Iалашо: йаххьийн цIерметдешнех йукъаракхетам балар, йаххьийн цIерметдешнех болу хаамаш шорбар, церан хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: йаххьийн цIерметдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду йаххьийн цIерметдешнаш, церан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх оьздангалла Iама.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукхавехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 203-гIа шардар, агIо 105.

– Муха кхочушдира аш и шардар?

– Билгалдина цIердешнаш цIерметдешнашца хуьйцуш, тIера схьайаздан дезаш дара.

– Хьалхарчу предложенехь муьлхарнаш ду билгалдинарг?

– «И»

– Ткъа шолгIа?

– КхоалгIачунна?

– ДоьалгIачунна?

(Иштта йисина предложенеш толлу хьехархочун гIоьнца).

(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро а деза, и каро дика хаа а йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра тоба:

…с

…ай

…хо

2-гIа тоба:

…хо

…ш

…за

3-гIа тоба:

…ан

…хан

…ол

4-гIа тоба:

…еран

…о

…у

– ДIадеша аш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

–Муьлхачу къамелан дакъош ду уьш?

– ЦIерметдешнаш ду.

– ХIун гойту цIерметдашо?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масала билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– ЦIерметдешнаш муха хуьлу?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

– Даладе масалш.

– ХIинца вай дIайаздо терахь, классера болх.

III. ЦIенайаздаран минот

Эккхийтина ченан кIур,

Лестош вара Хожа… (тур).

Маха ахь дIаозахь бай,

ТIаьхьа гIур ду цунна … (тай).

Дагахь велахь хахка дой,

ХIотто деза доккха… (той).

– Тур, тай, той бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

– «Тт».

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду?

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

 (Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептаршна тIе дIайаздо).

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

– Уьн тIе дIайаздо – «Со,тхо,вай»…

– Бераш, уьн тIе йаздина дешнаш дIадеша?

– Уьш муьлха къамелан дакъош ду?

– Уьш цIерметдешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш цIерметдешнаш дуй?

– ЦIе а ца йоккхуш, йа цуьнан мухалла, масалла билгал а ца йеш, гойту цIерметдашо хIума.

– Уьш муьлха цIерметдешнаш ду?

– Уьш йаххьийн цIерметдешнаш ду.

– ХIун Iамор ду вай тахана?  ДIайеша урокан цIе.

– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина?  ДIадеша.

– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Таханлерчу вайн урокан тема йу «Йаххьийн цIерметдешнаш».

– Бераш, аш нийса боху, вайн урокан тема «Йаххьийн цIерметдешнаш» йу.

  1. V. Керла тема хьехар

1) бакъо таллар.

–  ДIайеша 105-чу агIон тIера бакъо.

– ХIун гойту йаххьийн цIерметдашо?

– Йаххьийн цIерметдешнашна луш доллу хаттар ло.  Йаххьийн цIерметдешнаш кхаа йуьхье декъало. «Со, тхо, вай» хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду.  «Хьо, шу» шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду. «И, иза, уьш» кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– ЦIерметдешнаш муха хуьлу?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

– Йаххьийн цIерметдешнаш маса декъе декъало?

– Кхаа декъе декъа ло.

– Хьалхарчу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. 

– ШолгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– КхоалгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

 

  1. 2. Йаххьийн цIерметдешнийн тидам бар.

– ДIадеша 205-гIа шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– Йаххьйн цIерметдешнашна кIел сиз хьокхуш кхочуш дан деза и шардар.

– Муьлхарниш ду оцу байта йукъахь йаххьийн цIерметдешнаш?

– «Тхо, хьо, со» ду.

– «Тхо» боху йаххьийн цIерметдош муьлхачу йуьхна йукъа догIу?

– «Тхо» боху йаххьийн цIерметдош хьалхарчу йуьхна йукъа догIу?

– Ткъа «Хьо» боху йаххьийн цIерметдош муьлхачу йуьхна йукъа догIу?

– «Хьо» боху йаххьийн цIерметдош шолгIачу йуьхна йукъа догIу?

– Ткъа «Со» боху йаххьийн цIерметдош муьлхачу йуьхна йукъа догIу?

– «Хьо» боху йаххьийн цIерметдош хьалхарчу йуьхна йукъа догIу?

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш долу хаттарш ло.

– Йаххьийн цIерметдешнаш маса декъе декъало?

– Кхаа декъе декъало.

– Хьалхарчу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. 

– ШолгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– КхоалгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

  1. VI. СадаIаран минот

 Схьагулло бераш сихха,

 Гобеш айба куьйгаш хьала,

 Стигал лакха кховдадеш

 ЧIегIардигаш хьаста вай

(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).

VII. Iамийнарг тIечIагIдар

а. Тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ЦIердешнаш йаххьийн цIерметдешнака дохуш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.

1-ра тоба

… (и)

… (со)

… (тхо)

2-гIа тоба:

… (хьо)

… (и)

… (уьш)

3-гIа тоба:

… (изи)

…(со)

… (и)

4-гIа тоба:

… (тхо)

… (уьш)

… (хьо)

– ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина терахь дешнаш схьадийца.

– Даладе масалш.

– ХIун гойту йаххьийн цIерметдашо?

– Йаххьийн цIерметдешнашна луш доллу хаттар ло. Йаххьийн цIерметдешнаш кхаа йуьхье декъало. Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.  И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш доллу хаттарш ло.

– Йаххьийн цIерметдешнаш маса декъе декъало?

– Кхаа декъе декъало.

– Хьалхарчу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. 

– ШолгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– КхоалгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

аь) Шаьш бен болх

– ДIадеша 208-гIа шардар.

– И шардар муха кхочуш дан деза?

– ТIадамийн метта маьIница догIу йаххьийн цIерметдешнаш а доьхкуш, схьайазйан йезаш йу.

– Хьалхарчу предложенехь тIадамийн меттта муьлха йаххьийн цIерметдош догIу?

– Хьалхарчу предложенехь тIадамийн метта «со» боху йаххьийн цIерметдош догIу.

– ХIун гойту йаххьийн цIерметдашо?

– Йаххьийн цIерметдешнашна луш доллу хаттар ло. Йаххьийн цIерметдешнаш кхаа йуьхье декъало. Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду. И, иза,  уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– ЦIерметдешнаш муха хуьлу?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жопло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш долу хаттарш ло.

– Йаххьийн цIерметдешнаш маса   декъе декъало?

– Кхаа декъе декъа ло.

– Хьалхарчу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. 

– ШолгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– КхоалгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо).

VII. Рефлекси

– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?

–  Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

IХ. Урокан жамI дар

– ХIун гойту йаххьийн цIерметдашо?

– Йаххьийн цIерметдешнашна луш доллу хаттар ло. Йаххьийн цIерметдешнаш кхаа йуьхье декъало. Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду. И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– ЦIерметдешнаш муха хуьла?

– Йаххьийн цIерметдешнаш хуьлу.

– Йаххьийн цIерметдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло.

– Йаххьийн цIерметдешнашна цIердешнашна луш долу хаттарш ло.

– Йаххьийн цIерметдешнаш маса декъе декъало?

– Кхаа декъе декъа ло.

– Хьалхарчу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Со, тхо, вай хьалхарчу йуьхьан цIерметдешнаш ду. 

– ШолгIачу догIу йаххьийн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– Хьо, шу шолгIачу йуьхьан цIерметдешнаш ду.

– КхоалгIачу догIу йаххьйн цIерметдешнаш муьлхарнаш ду?

– И, иза, уьш кхоалгIачу йуьхьан   цIерметдешнаш ду.

Х. ЦIахь бен болх

207-гIа шардар, агIо 107.

–  Йаххьийн цIерметдешнашна кIел сиз хьакха.

Зайтемиров Сайдик

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1