Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Чеченская Республика подвела итоги голосования

Чеченская Республика подвела итоги голосования

Иман Хамдиева 20 сентября Чеченская Республика завершила избирательную кампанию, продемонстрировав всей стране впечатляющий уровень гражданской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

«Терахьдош»

4-гIа класс

Урокан цIе: «Терахьдош»

Iалашо: терахьдешнех болу хаамаш шорбар, терахьдешнийн хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор;

Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: терахьдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду терахьдешнаш кхечу къамелан дакъойх къасто, цуьнан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангалла Iама.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

 

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукха вехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 171-гIа шардар, агIо 90.

– Муха кхочуш дира аш и шардар?

– Оьшуш йолчу чаккхенаш а йоьхкуш, схьайазйийра оха предложенеш.

– Хьалхарчу предложенина муьлха чаккхенаш йихкира аш?

– Йоккхачу стеган.

– Ткъа шолгIа?

– Бовхачу малхехь.

– КхоалгIачунна?

– Буьрсачу цицигех.

– ДоьалгIачунна?

– Дикачу дешархочуьнца.

(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун гIоьнца).

(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

 

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра тоба:

…азачу

…икачу

…ирлачу

2-гIа тоба:

…еха

…томмачу

…уьткъачу

3-гIа тоба:

…уьрсачу

…екхначу

…езачу

4-гIа тоба:

…омачу

…аьржачу

…овхачу

– ДIадеша аш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

– Муьлхачу къамелан дакъош ду уьш?

– Уьш билгалдешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш билгалдешнаш дуй?

– Хатаршца хиира.

– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.

 

III. ЦIенайаздаран минот

Ахь мохь хьоькху стенна?

Лазийна сан … (пIенда).

Йуьлуш, цIанйеш, ларйеш цергаш,

НеI тIекъовлуш, ларде… (пIелгаш).

Бохьуш кхаа тхан верасна,

Деъна кхечи … (пIераска).

–  ПIенда, пIелгаш, пIераска бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

– «ПIпI»

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду?

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.

– Кхин муха ду иза?

– Шалха ду?

–ХIунда ду иза шалха?

–Шина хьаьрках лаьтта дела.

– Муьлхачу шина хьаьрках лаьтта и?

 – «П», «I» лаьтта.

– И шиъ вовшех тоьхча муьлха элп кхоллалало?

– «ПI» элп кхолла ло.

(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)

 

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

Уьн тIе дIайаздо.

Цхьаъ, итт, шолгIачу…

– Бераш, уьн тIе йаздина дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?

– Уьш терахь дешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш терахьдешнаш дуй?

 –Хаттаршца хиира.

– Муьлха хаттарш хIиттадо вай терахьдешнашна?

– Нийса боху, маса, масалгIа боху хаттарш хIиттадо.

– ХIун Iамор ду вай тахана?  ДIайеша урокан цIе.

– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина?  ДIадеша.

– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вай урокан тема йу «Терахьдош».

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Терахьдош».

  1. V. Керла тема хьехар
  2. 1. Бакъо таллар

– ДIайеша 98-чу агIон тIера бакъо.

– ХIун гойту терахьдашо?

– Даладе масалш.

– Цхьаъ, итт, шолгIа, цхьайтталгIа…

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

– Пхиъ, йалх, исс.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

– ПхьоьалгIа, йалхалгIа, иссалгIа.

2.Терахьдешнийн тидам бар

– ДIадеша 186-чу шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– ТIера схьайаздан дезаш ду маса, масалгIа хаттарна жоп луш долу терахьдешнаш.

– Хьалхарчу предложенехь муьлхарниг ду терахьдош?

– «Итт»боху дош ду.

– Цунна муьлха хаттар хIоттор дара вай?

– Маса боху хаттар хIоттор дара.

– ШолгIа предложени дIайеша. Оцу предложенехь муьлхарниг ду терахьдош?

– «ЙоьалгIа» боху дош ду.

– Муьлха хаттар хIоттийра аш цунна?

– КхоьалгIачу предложенехь муьлхарниг ду терахьдош?

– «Ткъе ворхI» ду.

– Муьлха хаттар хIоттор дара аш цунна?

– Оха цунна маса боху хаттар хIоттор дара.

– Иштта йисина предложенеш толлу.

– ХIун гойту терахьдашо?

– ХIуманан масалла йа рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

–Даладе масалш.

  1. VI. СадаIаран минот

 ХьалагIовтта, бераш, бераш,

  Куьйгаш ойуш лакха хьала.

  Когаш тухуш латта дегош,

  КIаддалар дIаэккхош гена.

 

XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.

VII. Iамийнарг тIечIагIдар

а. Тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ЦIердешнашна хьалха терахьдешнаш йаздеш, кхочушде шайн тобанера тIедиллар.

1-ра тоба

…(кхо) шо

…(кхоалгIа) де

…(шолгIачу) классехь

2-гIа тоба:

…(итт) туьма

…(ворхI) дешархо

…(пхийтта) йоI

3-гIа тоба:

…(кхоалгIачу) шарахь

…(ши) берд

…(йалх) кIант

4-гIа тоба:

…(ши) эса

…(эзар) доттагI

…(ши) стаг

– ХIора тхьамдано шаьш девлча  шайн тобано йаздина терахьдешнаш схьадийца.

– ХIун гойту терахьдашо?

– ХIуманан масалла йа рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

 

аь) Шаьш бен болх

– ДIадеша 187-гIа шардар.

– И шардар муха кхочуш дан деза?

– Терахьаш йозане а дохуш схьайаздан дезаш ду.

– Даладе масалш.

– ХIун гойту терахьдашо?

– ХIуманан масалла йа рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

 Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо.

 

VIII. Рефлекси

– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаьара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

 

IХ. Урокан жамI дар

– ХIун гойту терахьдашо?

– ХIуманан масалла йа рогIалла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.

– Терахьдешнаш муха хуьлу?

– Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рогIаллин а.

– Масаллин терахьдешнаша хIун гойту?

– Масаллин терахьдешнаша хIуманийн масалла гойту.

– Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?

– Маса бохучу хаттарна жоп ло.

– Муьлхачу хаттарна жоп ло рогIаллин терахьдашо?

– РогIаллин терахьдашо масалгIа бохучу хаттарна жоп ло.

– Даладе масалш.

 

Х. ЦIахь бен болх

188-гIа шардар, агIо 98.

– Терахьдешнийн чаккхенаш а йоьхуш, тIера схьайазйе предложенеш.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1