Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
От школьного старта – к новым высотам

От школьного старта – к новым высотам

Милана Тамаева В Чеченской Республике стартовал школьный этап Всероссийской олимпиады школьников. Первыми в этом учебном году свои знания проверили участники...
Творчество и традиции

Творчество и традиции

Мастер-класс по изготовлению национальной шкатулки прошел в Ойсхарской детской художественной школе
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
От школьного старта – к новым высотам
От школьного старта – к новым высотам
Творчество и традиции
Творчество и традиции
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Дудугова Язира,

Х. А. Исаевн цIарах йолчу йукъардешаран № 36 йолчу школан дешархо

Дала тайп-тайпана къаьмнаш кхоьллина, царна массарна шатайпа метташ а белла. Мотт – иза массо а хIуманийн бух бу, доккха ниIмат ду. Халкъан хазалла гойту цо: цуьнан Iадаташ, дозалла, ламасташ. Адамийн дахар цуьнца доьзна ду, иза кхетош-кхиорехь боккха ницкъ бу меттан.

Ненан мотт алар санна догIуш аьлла хIума дац нохчийн маттах лаьцна. Ненан мотт аларо хьан цуьнга болу, хила безаш болу безам гучубоккху. Адамийн дахарехь наноша леладо маьIна Iаламат доккха ду. Уггаре коьртаниг – иза йу вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»

Нана ма йу, шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх адамаш деш йерг а, даккхий хилча а тIехь, хьоьстуш, шен тIома кIел ийзош. ХIора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал цIена а хета. Доьзалан марзо а ненехь йу. Нана йу доьзална йукъахь бартбийриг а, хIораннан амалш кIадйеш, церан йукъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш, хIоранна а шен-шен меттиг дIайелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьогIах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а Iу хилла лаьтташ йерг.

Хийла кхечу махка хьо кхаьчча, са хьайна чохь доцуш санна лела хьо, хьай къома мотт буьйцуш стаг воцуш. Саготта хуьлу, хезара дацара-те цхьанхьа нохчийн дош олуш адам олий. ТIаккха хьай къоман мотт буьйцучунна тIенисвелча, дагадогIу: «хIун хир ду цул хаза, мерза, кхочур буй-те кхи цхьаьна меттан хьан дог хьаста ницкъ?» олий.

Маттах доьзна дуккха хIума ду. Нохчийн маттаца йу хьан къоман истори, гIиллакхаш, ламасташ, Iилма. Хьуна хьан мотт безар, и хаар билгало йу, ахь цу маттахь ойла йар. И хааро Iама до хьуна Даймохк беза, халкъ деза, цуьнан гIиллакхаш, оьзадангалла йовза, кхечу къаьмнашца дуьстича хIун башхалла йу, царах лаьцна хаьа а.

Сулейманов Ахьмада йаздина: «Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халкъий. Казахстанехьчул чомехь даа, хазаниг духа ца даьхкина тхо тхешан махка, цIа, карахь-куьйгахь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохкий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш ца хиларна. Къам шен амалх, гIиллакхех, эхь-бехках, Iадатех ца долуьйту чIагIо йу мотт.» Цунах херделла адам, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьсу.

Шаьш мичча кхаьчча, шаьш хIаллакдеш дIадаха гIиртича, вай дайша ларбеш, схьабеана бу вайн мотт. Казахстане дIадуьгаш, гIаскхаша вай цIера догIучу хенахь а, мотт ца байта, къоман сий ца дайта, шай ма-хуьллу вай къоман йоI нохчичуьнга дIайерзош баьхкина уьш. Царна ца лиина, шай доьзалшка кхечу къаьмний гIиллакхаш дахко, нехан хIума оьшуш лелла бац уьш. Шай долчух тоам беш лаьлла бу.

Хийла таханлерчу наха олуш хезна вайна: «кхетчхьана тоьар дара иза-м, ца бийцича хIумма дац», «ши дош вовшахтоха хиъча, тоьар ду, гIаскхи бийца беза, ишколехь оьшург и ма бу цунна», «сан да хIума-м дац, цу мультикашка хьаьжна, оьрсийн мотт бен дIалоцуш вац иза». Ма ца хаьа и бохучарна, мел коьрта хIума ду шен мотт хаар, шен берана и Iамабар. Ма ца хаьа царна церан шай матте боцу ларам цхьаьна къоман хир боций, хIунда аьлча и хааро гойту ахь къоман мел сий до. Олуш дара-кх: «Шен чуьра дуьйна аравала веза», кхузахь догIуш хета суна хIара кица. Хьай чуьра дуьйна доло деза меттанаш Iамор. Хьай къам дахийта лаахь, цуьнан мотт кхидIа дIахьеха беза хьай тIаьхьлонна, иза цхьа чан санна ца хеташ. Халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду. Мотт бац – къам дац». Цундела тахана и дIатоьттуш ца лелаш, и Iамош къахьега деза вай.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1