Пхьоьха
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 08.09.2025 20:24
Къеггина хьаьжна малх а болуш, хаза суьйре йара тIейогIуш. «Деллахьа йеза ас сайн даьIахкаш жимма малхе йаха», – аьлла, неIаран соне хIоттийна шен Iaca схьа а эцна, аравелира Воккха-Дада. Цунах бIаьрг кхетта, цуьнан гIуллакхе хьажа, цунна тIаьххье аравелира цуьнан кIентан кIант Мохьмад. Кех аравала дIаволавеллачу цунна тIаьхьа волавелира иза, paгIy кIелахь лаьтташ хилла лоха гIант а эцна. Дадас кхакханан цхьа дакъа тIе а тоьхна кечдина дара иза. Цунна иза оьшур дуй хаьара кIантана.






