Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Къеггина хьаьжна малх а болуш, хаза суьйре йара тIейогIуш. «Деллахьа йеза ас сайн даьIахкаш жимма малхе йаха», – аьлла, неIаран соне хIоттийна шен Iaca схьа а эцна, аравелира Воккха-Дада. Цунах бIаьрг кхетта, цуьнан гIуллакхе хьажа, цунна тIаьххье аравелира цуьнан кIентан кIант Мохьмад. Кех аравала дIаволавеллачу цунна тIаьхьа волавелира иза, paгIy кIелахь лаьтташ хилла лоха гIант а эцна. Дадас кхакханан цхьа дакъа тIе а тоьхна кечдина дара иза. Цунна иза оьшур дуй хаьара кIантана.

– Мохьмад, ма бакъ деара ахь хIара. Дицделла вогIура хьуна со. Ирахь дукха ца латтало, голаш йазйелла, дегIан мохь ца лало цаьрга... Кхузза, малхе охьадиллалахь.

КIанта цуо куьг хьажжийначу охьадуьллу гIант. Воккхачу стагана охьахаа гIo а дой, цхьа-ши гIулч йухаволий, дIахIутту, ши куьг тIехьа а дуьллуш. Иштта Iийр ву иза «ДIагIо, хьо суна кхин оьшуш вац, хьайн гIуллакхе хьажа», – аллалц.

– ХIай, Дела реза хуьлда хьуна. Ма доккха гIуллакх ди ахь. ЭхI, – аьлла, гIантахь дIанисвелла, кIанте хьаьжира Воккха-Дада.

– Мохьмад, хьо дукха сиха-м вац? – хаьттира цо.

– Дера вац. ХIунда хоьттура ахь? ХIун оьшура хьуна, Дада?

– ХIумма а ца оьшу. Хьуна цхьа хIума дийца дагадеана хоьттура ас-м, жимма хан йайар а хир, хьуна xIyма довзар а хир-кх аьлла хеташ.

– Дийцахьа, Дада, – бIаьргаш серладевлира кIентан.

Лаьттах Iоьттина Iаса, шен чIенига кIел лаца дIа а нисйина, шираллера сурт карладаларна гIеххьа велааьшна а хилла:

– Хьалха тхо махках дахале а, цул дуккха а хьалха а пхьоьха лаьттара хIинца со хиъна Iачу меттехь. Баккхийнаш охьахевшина хуьлура, тхо, кегийрхой, ирахь лаьттара, дист ца хуьлуш, цара дуьйцучуьнга ла а дугIуш. Пхьоьхана бовла бакъо йара йукъ йоьхку хан тIекхаьчначу, жималлех чекхбевллачу, гIароле xIитта хан, пхьа хьарча, чIир эца йиш йолуш болчу кегийрхойн. ХIетта берхIиттара ваьлла ма вара со а. Ахь боху цабоху хьекъале хабарш, хилларш-лелларш дуьйцура цара, йуьртан лазамаш буьйцура. Хьанна хIун гIо дан деза дуьйцура. «Хьенехах йисина Iачу Маржанан кертахь оьшуш долчуьнга хьажа ваханера со. Шина-кхаа дийнахь пеш йагайаллал бен дечиг дацара цуьнан. Цунна дечиг дан цхьажимха вахийта веза», – элира цхьана дийнахь луларчу Iабдурахьмана. Цо бохург пхьоьхано кьобалдира. Цигахь къастийра дечиге вахийта веза шиъ а.

Иштта, оха, кегийчара масал эца дезарг, тхуна а, йуьртахошна а, махкана а пайдехь дерг бен ца дуьйцура цигахь. Пхьоьха эладитанаш дуьйцу метгиг йац. ГIиллакх, оьздангалла, къинхетам гойту меттиг йу. Мел чIогIа дара хIетахьлерчу баккхийчеран вовшийн ларам бар. Цхьаъ къамел деш хилча, иза, ша дийца волавелларг дийцина валлалц, леррина ладугIуш хуьлура бисинарш. Цуьнан къамела йукъа ца лелхара, цуьнан дош ца кагдора.

Цкъа иштта пхьоьханахь Iаш долуш, цхьаъ къамел дина ваьлча, цхьа а вист ца хуьлуш, соцунгIа йеара, массо а шен-шен ойланашка а ваьлла. Йуха, мухха делахь а, цхьаьний, цхьабосса вистхилар нисделира цхьана шиннан. Амма цу сохьта ший а сецира, вовшашца гIиллакх хIоттош. Пхьоьханахь воккхалла лелочо царах цхьаьнга элира, иза вукхал мелла а воккха хиларна: «Хьенех, хьо вистхилал, ахь алал! Хьо ваьлча, цуьнга а ладугIур ду вай».

ТIаккха, шена и бакъо йелча, цо шеца цхьаьна вистхилар нисделлачуьнгахьа а воьрзуш: «Хьан даша йуккъе Дала диканиг тосийла. Хьайн дош диц ма делахь», – аьлла, шен къамел дира, мелла а доцца, кхеташ ала а хьожуш. Шеца хIоттийна гIиллакх вукхунна а тайнера. Ишттачохь чIагIлора церан вовшашца йолу уьйр-марзо, кегийчарна гIиллакх а Iемара.

ХIинца хьуна а дагадеана хила тарло: къоначеран бистхила бакъо хила а ца хила-те пхьоьханахь, аьлла. Хилла дера. Шега баккхийчара дош делча, вистхуьлуш хилла къонаниг а. Шен къамел дIадололе хьалха гIиллакхе дара цо: «Шу долчохь, шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а, аш пурба делла хилча, сайна хетарг доцца ала хьожур ву со», – аьлча. Наггахь хьал хIуттура кегийрхойх цхьамма пхьоьханахь дош ала дезаш. Иштта хьал хIоьттича жимачу стага олура: «Бехк ма биллалаш, аш пурба делча, цхьа-ши дош дара сан ала». Цу тайппана шена вистхила некъ боккхура къоначо.

Къонаниг-м стенна хьехава, цхьамма къамел дечу хенахь воккханиг цуьнан къамела йукъа гIертар а, цуьнан къамел хедор а дац гIиллакхе. «Бехк ма биллалахь» бохуш, къамел дечун дош «кегдар», йукъах дахар, бIаьцанаш йар, белшех куьг деттар, муьшканаш йар гIиллакхашца догIуш дац. Иза лелон мегар дац. Даима а ма ца хуьлу дуьйцуш волчунна хетарг хьуна товш. Нагахь санна хьайна иза товш дацахь а, сатоха деза. Иза къамел дина ваьлча, шога аларх ларлуш, «Хьенех, сунна-м кхечу кепара ма-хета», – олура хIетахь. Дешан толам баккха ца гIертара. Деса хабар дуьйцуш нехан хан ца йойура.

Воккха-Дадас шен къамел сацийра, шайна тIевогIуш волчу лулахочух бIаьрг ма кхийтти. Кхуьнан къамел йукъах ца даккха, меллаша, цхьацца ког боккхуш вогIура иза. Цунна гIиллакхе ма дацара хьаьдда тIе а веана, воккхачун къамел йукъах даккхар.

– Суьйре дика хуьлда хьан, Дада, хьо араваьлла, элира цо герга кхаьчча. Йуха, ларам беш хьалагIеттинчу Воккха-Дадина маракхийтира шен накха цуьнан накханах кхетарх ларлуш, кIеззиг охьатаьIна, цуьнан пхьаьрса кIелахула шен пхьарс болуьйтуш (нийсачу накъостана, доттагIчунна бен ца эккха мара некхах накха а кхоьтуьйтуш).

– Диканца дукха вехийла, Рамзан. Хьо цIа кхечи? – хаьттира воккхачу стага.

– ХIаъ. Болх бо бохуш, сарралц дIаса а хьийзина, цIа ма веа со-м, – элира цо.

И шиъ вовшашка хьал-де хаьттина ваьлча, лулахочун суьйре дика йира Мохьмада а. ТIаккха, шега аларе ца хьоьжуш, сихха керта вахана, гIант деара. Иза охьа а диллина, ши-кхо гIулч йухавелира.

– Охьахаа, – элира Воккха-Дадас.

– ХIан-хIа, ца хуу дера. Ахь хIун дуьйцу. Со муха хуу хьо волчохь охьа.

– Охьахаахь, вай долчохь кхин хийра стаг а вац. Цу тIе хьо сарралц болх бина кIадвелла а хир ву. Когашка садаIийтахьа.

– ХIан-хIа, Дада. Со дукха ца Iа. Хьо а гина, хьоьга хьал-де хоттур-кха аьлла, сехьа ваьллера со-м.

– Бакъ ваьлла. Бакъ ваьлла. Дела реза хуьлда хьуна. Со-м хIокху кертарчу кIентан хIуманна пхьоьханах дерг дийца гIерташ, чалх текхош воллура. ХIаъ, воллура дера, – соцунгIа хилира иза.

– Дада, хIинца санна пхьоьхана гуллой зударий хуьлурий хьалха, шу къона долуш? – хаьттира Рамзана.

– Мичара. Дера ца хуьлура. Пхьоьха божарийн бен ца хилла цкъа а. Хила йиш а йац. Вай нохчий хилла даха лууш делахь. Зударшна хьарам ду пхьоьханашка хIиттар. Цхьа кхерам тIехIоьттича, вуьшта, божарех кхин стаг вацахь, орца даккха бен цига йаха йиш ца хилла цуьнан. Зударийн гIуллакх дац пхьоьха.

Зударийн бакъо ца хилла пхьоьхана хIитта, йа хIинца а йац. Нагахь санна пхьоьханахь дийцаре дан йукъадаккха дезаш шайн цхьа хIума хилча, цара воьхий, валавой, шайна хетарг алийта йа цхьа гIуллакх къастадайта пхьоьхана божарех цхьаъ вохуьйтуш хилла... ХIинца-м божарийн пхьоьханаш а йац вайн йарташкахь, цхьа наггахь бен. Вайн дайша вовшех дагадовлуш, йуьртан гIуллакхаш дийцаре деш, къоначарна гIиллакх-гIуллакх Iамош шатайпа пхьалгIа санна латтийна пхьоьханаш. XIаъ, латтийна...

Кхин дош ца олуш дIасецира Воккха-Дада. Цуьнан амалехь дацара, дукха луьйш, ша кIордавайтар. Иза ша ала лууш дерг аьлла ваьллера, оьцучуьнга пайдаэцийта а, ца хуучунна хаийта а, ойла йан кхетам болчуьнга ойла йайта а, тахана долчу хьолан а, хиллачун а хьесап дайта а.

Иза, бIаьрнегIар тухучу йукъана, Мохьмаде хьаьжира.

КIант ойланашка вахана лаьттара. «Баккъал а гIиллакхаш, дахар довзийтаран шатайпа пхьалгIа хилла лаьттина пхьоьха... Оцу пхьалгIахь вахчавелла ву-кх Воккха-Дада. Цундела говза пхьар ву массо а хIуманан».

Оцу ойланаша жимачу стеган дагна хьаам бира. Дозалла дарца шен дедега хьаьжира иза. Ткъа важа, везза гIантара гIеттина, хенан безачу мохьо саттийна букъасурт ма-хуьллу дIанисдина, лулахочуьнгахьа дIавирзира.

– Рамзан, вало, чудахана, чай молуш Iийр ду вай. Ахь боху ца боху мерза хуьлу Асетан (несан) чай.

– ГIоза молийла. Суна хаа-м дера хаьа Асетан чай а, кхача а чомехь хуьлий. Тахана Iийр вац со чувеана, чай молуш. ТIаккхахула цхьаъ дер вай. Цу тIе суьйре а йу тIегIерташ. Дела реза хуьлда хьуна. Хьо вацахьара тхан йиш йацара. Марша Iойла.

Иза дIавахара Воккха-Дадин хабаре йуха а ладогIа, цуьнга цхьацца хаттарш дан сатесна а волуш...

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1