Деца цхьаьна шуьне хаар
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 31.10.2025 19:18
Дадаев Сайд-Хьасан
РагIу кIеларчу кIедачу гIантахь, аьхкенан бовхачу махехь, набаран тap туьйсуш, хиъна Iа Воккха-Дада. Даима санна, хьийзош суьлхьанаш ду цуьнан карахь. Царах бIаьрг кхетча, Кунта-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьллера бохуш, дуьйцуш хилла цхьа хабар дагадеара суна: «Даима карахь суьлхьанаш леладелаш, уьш карахь хилча, буьртиг дIакарчоза а Iийр дац шу, иза дIакарчийча, АллахIан цIе ца йоккхуш а Iийр дац шу». Иштта, наггахь суьлхьанан буьртиг а карчош, дагахь АллахIан сийлахь цIе а йоккхуш, Iаш волчу Воккха-Дадин бIаьрг серлабелира со а, соьца цхьаьна тхан лулара ши кхиазхо а керта ваьлча.





