ГIиллакхех дерг
- Подробности
- Категория: Общество
- Опубликовано: 06.12.2023 19:23
Нохчашна йукъахь салам далар-эцар шен маьIна, шен бух-тIам болуш а, деза лоруш а хIума ду. Нохчаша муьлхха а дешнаш мухха а дIасакхуьссуш дац, и санна сийлахьниг-м муххале а. Салам луш дац нохчаша тIом-чIир йукъа йан йиш йоцчохь. Ткъа тIом-чIир бохург нохчичо лелор дац цхьана а зудчуьнца; йукъ йехказа, гIеметта хIоттаза волчу кхиазхочуьнца; йукъ йаьстинчу, къанвеллачу стагаца; шен цIийнах волчу гергарчуьнца. Нохчийн оьздачу гIиллакхашца, салам кховдадо гIеметта хIоьттинчу къонахчо къонахчуьнга. Цундела саламан дозалло, цуьнан сийно, «гIарт» олий, дегI нисдойтуш, хьалагIаттаво салам дIаоьцуш верг.






