- Подробности
-
Опубликовано: 27.04.2024 10:39
Iалашо: йаххьийн цIерметдешнех йукъаракхетам балар, йаххьийн цIерметдешнех болу хаамаш шорбар, церан хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Урокана оьшу гIирс: йаххьийн цIерметдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна Iемар ду йаххьийн цIерметдешнаш, церан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх оьздангалла Iама.