Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Чеченская Республика подвела итоги голосования

Чеченская Республика подвела итоги голосования

Иман Хамдиева 20 сентября Чеченская Республика завершила избирательную кампанию, продемонстрировав всей стране впечатляющий уровень гражданской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Берашна хIетал-металшца гIиллакхаш марздар

Сайд-Хьасан Дадаев

Берийн къаьсттина самукъадолу аьхка. КIорда ца деш ловзуш лела уып. АлхьамдулиллахI! Маьрша, ирсе, токхе йеана цаьрна аьхке. Вай, даккхийнаш, даккхийде церан бераллех. Церан аьрхалле хьоьжуш дагалоьцу вешан бералла. Оццу хенахь дагатосу хIетахь баккхийчара деш хилла хаза хьехарш. Дуьне, Iалам, адамийн вовшашца хила йеза йукъаметтигаш йовзуьйтуш, гIиллакхаш марздеш хуьлура уьш.

Ураман шоралла ца тоьаш, сацам боцуш хьаьдда лела бераш, шаьш кIадделча а саца кхетам боцуш. Цунах пайда а оьций, сайна тIекхойкху ас бераш. Шайна со цхьа дика дан воллуш ву аьлла хеташ, довдий тIедогIу суна уьш. Со, баккъал а, дагадеана а вара царна диканиг дан – гIиллакхах дерг довзийта, церан ловзаран шовкъ ца эшош.

– ХIетал-метал хаийла шуна, воккхачунна тIе веача хIун ала деза? – дIадоладо ас.

– Де дика хуьлда ала деза, – массарал хьалха иккхира лулара Аюб.

– Суна а хаьа, суна а хаьа, – йуккъе иккхира Хьасан, – Iуьйранна – Iуьйре дика хуьлда, суьйранна – суьйре дика хуьлда ала деза.

– ХIай-хIай, и хии шуна.

– ХIума йуучуьнга хIун ала деза?

– Суна а лохьа, – ала деза-кх, – боху царах уггаре а жима волчу Адама. Цецдевлла соьга схьахьаьвсина бераш кхета цо нийса аьлла цахиларх. Делахь а, шаьш жоп муха дала деза ца хууш соцунгIа хилла уьш.

– Дукхаваха хьо, Адам. Ма жима ву хьо. Хьайна дезарг дийццал бен вац. Бераш шуна ма-хаьа xIума йуучуьнга: «гIоза йолийла ала дезий?».

– Дера хаьа. Дера хаьа! – самукъане маьхьарий девлира церан.

– Дика ду. ХIума йаа охьахиъча хIун ала деза?

– БисмиллахIиррохьманиррохьим, – ала деза.

– ХIума йиъна ваьлча хIун ала деза?

– АлхьамдулиллахI, – ала деза жоьпаш делира бераша.

– Дада, Дада, кхин цхьаъ а алахьа, – дийхира Iийсас.

– Дика ду. Кхин цхьа хIетал-метал а хаьттина дIадохуьйту шу. Дийцал, новкъа воьдучуьнга хIун ала деза?

– Некъ дика хуьлда! Дала некъ тобойла! – ала деза, дезий? – жоьпаца хаттар дира тIаьхьий хьалхий Аюба а, Абус а.

– Нийса боху. ДIадуьло, хIинца. Ловза шайна, – аьлла царна дIадаха маршо йелира ас.

– Дада, Дела реза хуьлда хьуна! – аьлла берашна тIаьхьа дIахьаьдира Адам.

– Далла воьзийла хьо! Ма дика кIант ву... Сан тIаьххьарлера и дешнаш кхин хаза а ца хезира цунна.

«Хьаша неIаре хаийна хIусамда...»

Цхьана хьоладен жа дажош волчу Iуьнна тIейеана борз. Адамийн маттахь йистхилла, шена цхьа уьстагI бехна цо.

– ХIара жа сан дац. Цундела жан дега ца хаьттича, сан бакъо йац хьуна уьстагI бала, – аьлла Iуьно.

– УьстагIашка со хьожур йара, хьо йухаваллалц цхьа а уьстагI гал а бер бацара, жен да волчу цIа а гIой, цуьнга дехахьа суна уьстагI луо алий, – дехар дина барзо.

– ДIайала, борз. Ахь хIун дуьйцу? Хьох ас муха тешор ду жа? – цецваьлла жаIу. Иза шех ца теший хиъча, барзо чIагIо йина:

– Шен хьаша неIаре а хаийна, баьрччехь хиъна Iаш волу хIусамда хуьлда сох, хIокху жана йуккъерчу уьстагIна тIекхевдар йелахь, – аьлла.

– Ахь иштта чIагIо йича-м ца вахча вер вац со эле дехар дан, – аьлла, жаIу и волчу вахана.

Вахана хIара дIакхаьчча, хьаша неIаре а хаийна, баьрччехь хиъна Iаш хилла эла. Дийна делккъехь веана жаIу чоьхьа ваьлча, цецваьлла иза.

– Хьо лаа вуй? Жа мичахь ду? – хаьттина цо. Iуьно дийцина ша деанарг а, жа лардан борз йитарх дерг а. Шена и хезча, оьгIазвахана, ша хиъначуьра хьалаиккхина, мохь хьекха хIоьттина иза:

– Iовдал! Хьо хьераваьлла? Барзах тешадо жа? Сан дерриге а уьстагIий хIаллакдина хир ма ду цо...

ТIаккха, жаIуьно аьлла:

– Со цунах жа тешор долуш ма вацара цо цхьа чIагIо ца йинехь.

– Хьо оццул чIогIа цунах тешшал хIун чIагIо йара-те барзо йинарг, – хаьттина элас.

- HeIape хьаша а хаийна, баьрччехь хиъна Iаш волу хIусамда хуьлда сох хIокху жана йуккъерчу уьстагIна тIекхевдар йелахь, – аьлла, чIагIо йир-кха цо, – элира жаIуьно.

ХIусамда кхетта иза муьлх-муьлххарниг санна а йоцуш, шатайпа борз хиларх, цо вийцинарг ша хиларх, иза шена Дала кхетам бала йаийтина хиларх. Сихха шен хьаша, дехарш дина, баьрче ваьккхина, ша вахана неIаре охьа а хиъна, жаIуьне аьлла:

– Хьо дехаре ваийтинчу барзана ши уьстагI ло, баккъал а цунах ца тоьшийла дацара...

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1