Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Берсановн Хож-Ахьмадан книгин тIера

Iела вина 1914-чу шарахь Хьалха-МартантIехь, цуьнан шен заманахь олуш ма-хиллара, къехочун доьзалехь, Гуьчг Айубана. Жима волуш цуьнан доьшийла ца хилира. И аьттонаш-м бан а бацара хIетахь, къаьсттина йуртахь – берриг а кегари бара, Россехь вохийна паччахь ваьккхинера дIа, цуьнан метта тIедеана Iедал а ца туьгура когадаха.

Цхьа а говзалла карайерзайойла ца нислуш, кхиира Iела. Iаьнан йехачу буьйсанашкахь цо ладоьгIура мачийн пхьерийн иллешка. ТIаьххьара а царех дIакхийтира кIант. Кооперативни артель йара и. Кхунах гIоьнча вира мачийн пхьеран. Вуьшта, Iела цу пхьолана вина вацара. Иза вина хиллера керлачу заманна.

Зама чолхе а, аьрха а йара, зере чIогIа, къийсамашна луьра а, йанне а чот йоцуш – тахана цIейаххаш дика къонах кхана хIумма а йоцчу воккхура. Ша тIедеанчу йуьххьехь къечийн Iедало, къахьега, аш динарг шайн хир ду шун, аьлла, кхайкхаме а даьлла, дечу гIуллакхана тIебирзинчу нахах чу са деана аьлла хетт-хетарг цхьанхьа, кулак вина, дIахьажийна лелаш вара. Колхозаш йара йохкуш, шираниг къахьдаре нийсса, керланиг марз а деш.

Оьшург, хьалхарчу рогIехь, къоналла йара, керланиг а, къона хиларе терра, ойланашца а, деган лаамашца а цIена, кхехка ницкъ, хьуьнар, доьналла а долуш дара. Цхьаьнакхийтира и, и къоналла. Iела коьртехь а волуш, 1934-чу шарахь меттигерчу «Путь Ленина» колхозехь вовшахтуьйхира комсомольско-кегийрхойн бригада.

XIетта шо дуьзнера и колхоз йиллина. Дуьххьарлерчаьрца цхьаьна цига дIайазвеллера Айуб. Iела а вара цунна йуххехь къахьоьгуш, тIаьхьо звеньевой а хIоттийра иза.

БIаьстенан йуьххьехь йуьйш-йерзош лело лаьттан майда билгалйаьккхира бригадан коллективана, тIечIагIбира белхан гIирс. Ткъа дан дезарг керлачу заманан хьелаша шаьш схьагайтира. ВКП(б)-н Нохчийн обкоман бйурон сацамца хIетта дIакхайкхийна йара тоьлашха йолчу шовзткъе итт бригадан, артелан, ТОЗ-н цIе тиллийтарехьа йолу конкурс. Оцу конкурсана йукъайахара Iелин бригада а.

Гурахь, жамIаш дича, коллективан гайтамаш массерачул а лакхара бара. Политотдело вовшахтоьхначу экскурсица Ленинграде вахийтира Iела. Иза хилира Владимир Ильич Ленина октябрьски гIаттамна тIехь куьйгалла динчу Смольнехь, Зимни Дворецехь, театрашкахь, заводашкахь. Дуккха а долчух кхийтира Iела. Ленинградера цIа вирзинчул тIаьхьа дешарна тIетаьIира иза. Аренан станехь колхозни факультет схьайиллира цо, шен бригадера берриг а кегийрхой а, мехкарий а йукъаозийра дешарна. Цо шен накъостийн могашаллин а, ницкъан а хьокъехь гIайгIа бора. Спортивни городок йира, ийцира буьрканаш, шахматаш, шашканаш, аьлча а, бакъволу латталелорхо а, керлачу заманан хьакъволлу векал а хиларе терра, кхуьуш вара Iела, оццу ойланехь кхиабора цо шен накъостий а. Цундела ларамаза дацара Москвахь хинйолчу колхозхойн-хIайттархойн Ерригсоюзни съездана кечам бар дIахьош, колхозхоша шайн делегат вина Гучигов Iела цига вахийта сацам бар.

Иза цкъа а хилла вацара оцу йоккхачу шахьарахь. Адамех йуьзна йара йаккхий чоьнаш. Жимачу стагана гора ирсе, декъалхилла йаххьаш, дуккха а къаьмнийн векалш бара кхузахь. ХIораммо а шайн-шайн меттанашкахь къамелаш дора. Амма кхета хала дацара цара дуьйцучух. Массо а меттанашкахь цхьатерра декара керла дешнаш: колхоз, трактор, комбайн, къинхьегаман де, уравниловка, кулак, пхеашеран план, хIайттархо, социализм. Цхьатерра декара керлачу заманах, шайн дахарехь хиллачу хийцамех, цу хийцамаша беанчу кхиамех уьш баккхийбер, цара дозалладар схьа а гойтуш. Собар а кхачийна, къамел дан дош дийхира Гучиговс.

– Нохч-ГIалгIайчуьрчу колхозхойн цIарах ас дош ло xIopa гектара тIера бIе центнер хьаьжкIаш гулйан, – дIахьедира цо съездан лекхачу трибуни тIера. Чоь эккхийта санна, тIараш туьйхира зала чохь болчара.

Оцу съездера дог-ойла айайелла вухавирзира Iела. Цунна бахьана дара: цигахь Гучиговна делира дуьххьарлера правительственни cовгIат – «Знак Почета» орден.

Москвара цIа веанчул тIаьхьа кхин а тоьлашха къахьоьгура къоначу бригадира.

КIорггера латталелоран технологи Iамо волавелира иза. СадаIар доцуш, виллина аренашкахь хуьлура хIу дIаден кечамаш бечохь.

– Вазвала гIерташ, шен сих стенна вуьйлу, мича дикане кхача гIерта? – бохуш, цабашарца Iиттарш йора цунна цхьаболчара.

Амма Iелас церан и хабарш кхачийра, xIopa гектара тIера бIе центнер хьаьжкIаш чу а йерзийра цо, шена тIечIагIйинчу майданара Даймахкана хьаьжкIаш эцна йоккха цIен обоз а йахьийтира. БIе вуьрхIитта центнер хьаьжкIаш гулйира Iелица йохьевуьйлучу бригадира-комсомольца Бисултанов Мохьаддис, ткъа бригадираша Авхадовс, Музаевс, Йусуповс, цхьамогIа кхечара а – бIе центнерш.

ТIеттIа даьржаш дара Iелин цIейаккхар. Ша а кхуьура, доьшура, кхиберш а Iамабора кьоначу орденлелорхочо. Цунах тешара йуьртахой, тешара, керла дахар дIахIотторхойн магIаршкахь, ондда гIулч йоккхуш, цкъа а ойла ца керчаш, иза хьалха дIаэхарна. Цунна дара колхозхоша иза, хье ца луш, артелан председатель хIоттор. Шайн харжамна тIехь уьш гIалат а ца бевлира.

– Пхи шо ду «Путь Ленина» колхоз йиллина, – элира Iелас 1937-чу шеран 23-чу октябрехь шерачу аренашкарчу колхозийн председателийн республикански слетехь ша динчу къамелехь. – Амма кху тIаьххьарчу хенналц тIаьхьабуьсучарах ларалора тхан бахам.

Слетан дакъалацархойх цхьаболчарна моттаделира, ша колхозана коьрте хIоьттичхьана хилла хийцамаш гайта гIерташ, цхьа цIов терахьаш далор ду жимачу стага оцу дешнел тIаьхьа, аьлла. Амма иза ца хилира. Куралла, дозалла дар шен амална, хьарамдеш, дихкинчу председатела билгалдаьккхинарг деккъа цхьаъ дара: чекхдолучу шарахь колхозхойн дуьххьара хир ду дуккха йалта. Ткъа вайгахь долуш ду оцу дешнех кхетам луш долу кхечу хьостанашкара схьаэцна терахьаш. Дуьйцуш долчу 1937-чу шарахь колхозехула йуккъерчу барамехь гектара тIера чуэцнера бIе итт центнер хьаьжкIаш, ткъе пхиъ центнер маьлхахIуш, колхозхошна къинхьегаман цхьана денна йалтин пунт а кхаьчнера. Таханлерачу дийнахь а вайн кхузахь, шайга нийссанаш кхин боцуш, дукха лакхара кхиамаш бу уьш!

– Шен хенахь ас куьйгалла деш йолу бригада стахановски ларалуш йара, хIинца йерриг колхоз а цхьана лаамах йуьзна йу – стахановски колхоз хила, хьалхе лело, хьалдолу, культурни, нуьцкъала коллектив хилла дIахIотта, – элира Iелас, вай хьахийна къамел дерзош.

Халкъо цунна а жоп лора ишттачу дикаллашца. Оццу шарахь иза СССР-н Лакхарчу Советан депутат а хаьржира, райисполкоман председатель а хIоттийра. Цуьнан хьокъехь декара турпалаллин иллеш, мехкарийн уггар а цIеначу ойланех дуьзна аз, хастаме эшарш.

Гучигов Iелин дахаран цхьа aгIo бен яц и. Кхин цхьа агIо а йу цуьнан цу дахаран, хила тарло, вукхул а къегина йацахь а, цуьнга нийсса бIаьрла.

ХIара кехат Iела дIаваьллачул тIаьхьа, дуккха а зама йаьлча, кхечира цуьнан доьзале: «Майор Гучигов Iела суна сайна дика вевзира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман буьрсачу шерашкахь, – йаздора цу тIеман гоьваьллачу полководцо Советски Союзан Маршала Иван Христофорович Баграмяна. – ТIаьхьо, цхьайтталгIа гвардейски эскар шех динчу Малхбузе фронтан йалхитталгIачу эскарна тIехь ас куьйгалла дечу муьрехь, Iела Гучигов оцу эскаран штабан комендант вара...

Майор I.Гучигов эскарехь гIуллакх даран лаккхара дикаллаш йолуш а, оьзда а, стогалла йолуш а, майра а хиларх тийшира со, цхьа шой-ахшой герггачу хенахь эскарна тIехь ас куьйгалла дечу муьрехь (1942-чу шеран пхийтталгIачу июлера 1943-чу шеран вуьрхIитталгIа-чу ноябре кхаччалц). Со ала декхарийлахь ву, I.Гучигов шен декхаршца, ша-шен ца кхоош, йукъаметтигаш йолуш хилар бахьана долуш, эскаран штабан а, цуьнан командни пунктана а хадар гуттар а уггар а лакхарчу барамехь кхочушдеш а, хасто хьакъдолуш а хилла хилар. Иза, дукхахьолахь, соьца хуьлура бIаьхаллин хьолан чолхечу муьрашкахь, со эскарш долчу воьдучу хенахь.

ТIаьххьара а ца аьлча йиш йац, майор I. Гучигов гуттар а чIогIа оьзда хиларх лаьцна. Ша СССР-н Лакхарчу Советан депутат а воллушехь, цо цкъа а кураллаш ца йора цунах, иза гуттар а, уггар а дика йукъаметтигаш йолуш вара шен бIаьхаллин доттагIашца. И йерриг а дикаллаш бахьана долуш Гучигов Iела эскаран штабан йерриг а лични составана йукъахь даггара везаш а, сийдеш а, лоруш а вара.

Советски Эскаран иштта сийлахь комендант вара хьан да. Суна хIара хан тIекхаччалц виц ца ло иза. Суна чIогIа халахета иза дахарера дукха хьалхе дIавахар.

Советски Союзан Маршал И. Баграмян, 1974-чу шеран 3-гIа апрель».

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1