Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Дадаев Сайд-Хьасан

Делкъа ламаз а дина, тасбихь а, вирд а даьккхина паргIатваьллачу шен дедега Мохьмада элира:

– Воккха-Дада, xIapa сан накъост, Хьусайн, веана-кх хьаша тIелацаран, хьошалла даран гIиллакхех дерг ахь шена дуьйцийла лууш, хьайн карах далахь дийцахьа цунах лаций.

– Дера дуьйцур ду-кх, сайна хууш дерг-м. Муха дуьйцур дацара, шу и хаа лууш хилча.

Ламазна тесначу кхакханна тIехь дIа а нислой, цо шен къамел доладо:

– Вайн халкъо уьншарахь дуьйна вовшашца а, кхечу къомах болчу нахаца а хьошаллаш лелийна. Цуьнга хьаьжжина хьошаллин гIиллакхаш кхолладелла вайн. Халкъалахь олуш ду: «ХьошалгIахь ца хиллачунна хьаша тIеэца а хуур дац». Иза иштта дан а ду.

Йуьрта кхаьчначу хьешо пхьоьхана хIуттий: «Хьаша тIеэца аьтто болуш мила ву?», – олий, хоттуш хилла. ТIаккха пхьоьханахь лаьттачарах цхьамма хьаша шеца шен хIусаме дIавуьгуш хилла. Нагахь санна хьешо: «И хьенех мичахь Iаш ву», – аьлла хаьттича, цо цIейаьккхинчу стеган хIусаме дIакхетош хилла. ХIинца санна: «Хьуьллахь Iаш ву», – олий дIахьажош (дIавохуьйтуш) ца хилла.

Цхьана хенахь, аьтто болчо, леррина ша къаьстина хьешана олий, цIа деш хилла, чу-ара валийта, хьешан аьтто хилийта. Цу чохь текх-цаца лелош ца хилла. Хьаша цхьаьннан кхерчахь сецна, цкъа рицкъанах кхетта велахь, шолгIа оцу йуьрта веача, кхечу хIусаме хьаша хилла ваха йиш йолуш ца хилла. Иза гIиллакхе лоруш ца хилла. Нагахь санна иза кхечанхьа сецнехь, хьешан хьалха хиллачу хIусаман дена, иза шена къинтIера воккхуш, хьаша хIинца тIевоьссинчо газа йала йезаш хилла.

Хьешо, ша хьалха хиллачу йа шена хьалха вевзина хиллачу хIусаман ден кевне кхаьчча, цуьнан цIе а йоккхий: «Хьенех, чохь вуй хьо?» – мохь тухий, хоттуш хилла. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа (говрахь, машенахь велахь): «Охьавосса, чувола», – олий, керта вуьгуш хилла. ХIусамдас хьаша шел хьалха волуьйту. ЦIийнан неIарна тIeкхаьчча, иза схьа а йоьллий: «Чоьхьа вала», – олу хьеше. Хьешо, чохь мила ву а хьожий, салам ло йа де (суьйре) дика до, йуха: «Дика мел дерг догIийла кху чу (хIокху хIусаме)», – олу.  Нохчийн Iадатца салам схьаэца догIуш верг чохь хилахь, цо салам схьаоьцу: «Диканца дукха вехийла, марша вогIийла», – олу, векхалой, велалой.

Шена йеллачу метте охьахаа веза хьаша. Цунна тIехь дац, ша гIиллакх хIоттадо бохуш, чу веъ-веанчунна шена йелла меттиг дIакхийдор. Хьаша чохь a волуш, чувеана стаг араволуш, хьешана тIехь дац цунна тIаьхьавалар. Иза хIусамден декхар ду. Хьешо хьаша новкъавоккхуш ма ца хуьлу.

Хьаша веача хIусамдас цунна уггаре а хьалха кхача хьалхахIоттабайта беза, чай-бепиг бен иза дацах а, хьешана лерина кхача кечбина баларе а ца хьоьжуш. Тхан заманахь хьаша веача уьстагIна урс хьокхура. ХIинца-м дIадаьллачу новкъа ду и гIиллакх.

ХьошалгIахь ша лелон дезарг хууш хила веза нехан хIусаме ваханарг. Ша бахьанехь хIусамдайшка дукха къахьегийта ца деза. Шуьнехь оьзда, чоь чуоьзна хила веза. «Нехан шуьнехь гай а ма дузаде, нехан хьаьвди тIехь дин а ма бустабе», – олуш хьекъале кица ду вайн. Цо гойту нохчичун са а, амал а маьрша хила йезаш хилар, нехан шуьнехь сутара хила везаш цахилар.

Вайн дай баьхначу халачу заманашкахь а хьешана лерина цIа йа къаьстина цхьа чоь латтийна ца Iаш, кхача а, мотт-гIайба а хилла. Тахана а, цхьадика, дукхахболчу нохчаша чIогIа лардеш ду и гIиллакх.

Хьан неI а, ков а тоьхна, салам-маршалла а делла, «Хьаша оьций аш?», – аьлла хьан керта, ков-берте веанарг хьешан дарже волу. Иза бохамах ларвар, цунна хьошалла дар тIедужу хIусамдена. Цуьнан гIуллакхе хьажар, иза дIаваха новкьаволуш новкъаваккхар тIехь ду цунна.

Хьешана тешнабехк, йамартло йар, Iиттарш йар, бохамах ларцавар нохчашца догIуш доцу эхье, ледара хIуманаш ду. Иза диц ца деш, тIаьхьенаша шайн тIаьхьенашна довзуьйтуш, лардеш дIакхехьа дезаш гIиллакх ду. Цу хьокъехь вайн халкъан дуккха а иллеш ду.

Хьешан оццул боккха сий-ларам хIунда бан беза бохуш верг волу наггахь. Цунах кхета дукха хьекъал ца оьшу. КIеззиг а ойла йича, кхеташ ма ду: хьаша хийрачу йуьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а, цхьалха, гIийла, гIорасиз ву. Хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна гIело йан, тешнабехк бан. Цундела муьлххачу а нохчичун декхар ду хьаша тIелацар, хьошалара валлалц иза ларвар. Кхо-де буьйса даьлча хьошалара волу тIевеанарг. Цул тIаьхьа цуьнца лелон деза гIиллакхаш цо арабаьккхинчу некъе хьаьжжина хила деза. Амма, тIаккха а дагахь латто деза иза цхьалха, тIетовжа агIо йоцуш стаг хилар.

Хьаша-да лараран, тIеэцаран гIиллакх дохор Далла а ца деза. Цунах лаьцна дуьйцуш дийцарш хуьлура хьалха баккхийчеран. Царах ду Къоьзана йуъртан кхолламан хьокъехь дерг а. Иза дуьйцур ду ас шуна.

...Ширачу заманахь вайн лаьмнашкахь Къоьза цIе йолуш йурт хилла. Цкъа оцу йуьрта цхьа миска стаг кхаьчна хилла боху. Беркъа, гIийла хилла иза. Буьйса герга гIоьртича, нехан неIаршка хIитта волавелла иза, буьйса йаккха дагахь: «ХIей, хьаша оьций аш?» – бохуш. Амма цхьана а дас, неI йиллина, буьйса йаккха чу ца вуьтуш, йуьрта йисте кхаьчна иза. Нохчийн хьаша тIеэцаран гIиллакхех дIахьаьвзина хилла йуьртара нах. Цул сов, неIаре веанчо caгIa дехча, иза луш а ца хилла. ЖIаьлеш тIехоьций, эккхош хилла.

И миска стаг йуьрта йистехь, мелла а йуьстахо лаьттачу цхьана цIийнан неIаре хIоьттина. Йисина Iаш, шен бераш хене даха гIерташ зуда хилла чу чохь Iаш йерг. «ХIей нах, хьаша тIеоьций аш?», – аьлла мохь тоьхна некъахочо. НеI йиллина дуьхьал йаьлла корталех хьаьрчина, йуххехь лаьтташ бер долу зуда. «Хьаша оьций аш?», – хаьттина оцу стага йуха а, даг чохь ша тIеоьцург хиларан гIеххьа шеко а кхоллалуш. «Дера оьцу! Дала валий-кха хьо тхуна. Могаш-маьрша вогIийла хьо!» – аьлла йелайелла, йекхайелла, хьаша тIеэцна цо. Чоьхьа валийтина, и паргIатваьккхина, хьешана аьлла латтош хилла шен къен кхача цунна хьалха хIоттийна хIусамнанас.

Кхача биъна ваьлча, цунна шен тоьллачех мотт-гIайба кьастийна, дIавижийтина. Iуьйра ламаз а дина, араволуш оцу тамашийначу хьешо аьлла: «Дела реза хуьлда хьуна! Дала сагIадойла ахь дина дика хьошалла... ХIара йурт хIинца хи буха гIур йолуш йу хьуна, сихонца хьайн бераш а кечдай, хьайн сал-пал вовшах а тохий, лома буьххье хьалайалалахь». Иза а аьлла, кех ваьлла, тIап аьлла дIавайна хийра хьаша. Цо ма-аллара, лома буьххье хьалайаьлла и зуда. Йурт хи буха йахана. Цигахь хIоьттина бу боху-кх Къоьзан Iам.

Халкъо кхоьллина дийцар ду иза, хьаша-да тIеэцар, ларар мел деза ду вайна хаийта, хьешан сий ца дича, ларам ца бича Дала бекхам беш хилар гайта. Цундела, хьешо муьлххачу хенахь а хьайн неI тоьхча, хьуо мел гIийла-миска воллуш велахь а, цунна дуьхьал араваьлла, иза хьайн хIусаме кхайкха веза.

Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц хIусамдас цуьнга хоттуш ца хилла: «Хьо хIун гIуллакх эцна араваьлла?». Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа хьешо ша дийца дезаш хилла цунах дерг. Вай хьалхуо хьахийра-кх хьаша новкъаваккха везаш хилар. Вайн гIиллакхашца кхачаме дац кетIа кхаччалц тIаьхьавалар а. ДIаваха ваьлла хьаша гучуьра къайлаваллалц кетIахь латта веза xIyсамда, хьешо шена тIаьхьа (шеца) ван пурба ца деллехь. Нагахь санна зама кхераме йелахь (тIом болуш, талорхой баьржина, и. д. кх.), хьаша йуьртах валлалц йа цунна кхерам боцчу меттиге кхаччалц новкъа вакха веза. ХьошалгIа вахаро хьешана тIеэгош долу цхьадолу декхарш а хьахор ду вай, дийца дуьйладеллачуьра. Цхьаьннан хIусаме хьошалгIа а воьссина, оцу хIусамехь, туьханах а, бепигах а кхетта волчунна тIеоьгуш долчу декхаршна, къаьсттина хIокху заманахь, сема хила безаш бу къонанаш. ХьошалгIахь хиллачунна мегаш дац оцу хIусамехь кхиъначу йоIана тIехьовза. Иза оьзда цахилар лору вайн халкъо. И санна йа кхин осала, ледара хIума шегара далийтинчунна «шена хьошалла динчу хIусамден шун бехдинарг ву иза» олий, вуон цIе йоккхуш хилла вайн дайша. Цкъа хьошалгIахь хиллачунна тIедужу цуьнан диканехь а, вуонехь а дакъалацар. Оццул деза ду шена дина хьошалла хаар, хьошаллин маьIна довзар.

Нохчийн халкъ мел деха нохчашна йукъахь лела дезаш ду хьошаллин гIиллакхаш. Хьаша тIеоьцучунна а, хьошалгIа воьдучунна а хаа дезаш ду уьш. Ца хиъча - йуьхьIаьржа а хир ву. Цундела дийци ас, кIант, хьуна царах цхьадерш. Хан-зама йаларца кхидерш а девзар ду хьуна, хьо нохчи хила гIоьртичхьана. Уьш довзарх тоьаш дац хьуна, лело ма-дезза и гIиллакхаш лелон доьналла дацахь, – дерзийра Воккха-Дадас шен къамел. Цуьнан Iодика а йина, аравелира Мохьмад а, цуьнан накъост Хьусайн а.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1