Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Дикаева Я.

Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур йац», – аьлла нохчийн сийлахь-воккхачу йаздархочо Мамакаев Мохьмада.

И ларамаза а дац, хIунда аьлча муьлхха а къам дийна хиларан коьрта билгало йу цуьнан буьйцуш мотт хилар. Ткъа таханлерчу дийнахь нохчийн мотт кхиорехь а, шен хаарш кегийрхошна дIадаларехь а жигара дакъалоцуш а, къахьоьгуш а ву нохчийн меттан Iилманча, лингвист, масех дошаман автор, нохчийн меттан а, йукъара а филологин институтан нохчийн меттан практикуман кафедрин куьйгалхо Вагапов Iаьрби Джамалайлович.

Иза вина 1951-чу шеран кхолларан беттан 28-чу дийнахь Казахстанехь, Семипалатински областан Айагуз гIалахь. Дуьххьара школе вахар а цигахь нисделла Iаьрбин. Iаьрбис ворхIалгIа класс чекхйаьккхинчу хенахь церан доьзал Даймахка цIабирзина. Кхузахь, Хьалха-Мартанахь, Iаьрбис чекхйаьккхина школа, ткъа цул тIаьхьа деша вахана Ростов гIалара пачхьалкхан университетан физико-математически факультете. Иза тIехдика чекх а йаьккхина, иштта Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологически факультетехь а дешна цо.

2005-чу шарахь «Славяно-нахские лексические параллели» цIе йолу кандидатски диссертаци кхиамца ларйина Iаьрбис. Нохчийн мотт Iалашбарехь а, кхиорехь а цуо динчу гIуллакхашна йукъахь уггаре а мехала лара мегар ду 2004-чу шарахь Нью-Йоркехь дуьххьара зорбане йаьлла цо хIоттийна ингалс-нохчийн меттан дошам.

Iаьрби таханлерчу дийнахь нохчийн меттан говзанча санна вевзаш ву массарна а.

«Со дуьххьара физикин факультетехь доьшуш вара, оцу корматаллица сайн дахар доьзна хилийта лууш а вара. Амма кест-кестта ас нохчийн маттах ойла йора, цуьнгахь долу хьал, орца дала бохуш, кхайкхам бечу тIедаьллера. Ткъа ас цу хенахь сайна Iалашо хIоттийра нохчийн мотт кIорггера бовза а, Iамо а, сайгара цунна хуьлу гIо дан а. Цундела со, физика дIа а ца тосуш, нохчийн меттан отделене деша хIоьттира. Дуьххьара дIаволалуш со хIинцалера оьрсийн мотт Iамош волавелира, хIунда аьлча къаьсттина нохчийн маттана тидам тIеберзийна бацара оцу отделенехь. Студент волчу заманахь сан нохчийн матте болу безам, и Iамо сан болу лаам, сан йолу говзалла хьехархоша тергалйора, цундела суна мелхо а цунах гIо-накъосталла хуьлура. Ткъа йуха, кхано, перестройка а, Iедалахь цхьацца хийцамаш а хилла, нохчийн мотт Iамо беза боху къамелаш дуьйладелча, со хIокху кафедре балха а хIоьттира, ткъа йуха 1991-чу шарахь дуьйна кхуьнан куьйгалла деш а ву.

Со дуьххьара нохчийн мотт Iамо дIаволалучу хенахь ас уггар чIогIа тидам тIебахийтинарг, суо физик хиларе терра, терминологи йара, хIунда аьлча физикехь дукха йу чолхе терминаш, ткъа сан сагатдийриг уьш нохчийн матте йахар, вайн меттан шен терминологи кхоллар дара. Суо дуккхаза а каравора суна оцу хьокъехь ойланаш йечохь. Уьш сан коьрте суо радиозаводехь болх беш волчу хенахь а лелара, айса беш болу болх а бицлой Iара со, чолхе физически термин нохчийн матте муха йоккхур йара теша бохуш. Амма, билгалдаккха мегар ду, и ойланаш эрна йайна цахилар, хIунда аьлча ас а, Дадашев Райкома а тIехь болх бина нохчийн меттан физикин терминийн дошам зорбане йаьлла, йоккха тираж цуьнан йацахь а. Йеккъа цхьана физикин терминаш Iамо а, нохчийн матте гочйан а сацамбина вац со. Ас болх бо медицински терминашна тIехь, ораматийн, кхийолу а цIераш йовзуьйтуш. И болх бан хала ду, хIунда аьлча, хIара йу хьуна план олий, цхьаммо а хьехам беш, ма ца бойтий хьоьга болх. Амма и болх сецна бац. Дуккха а дошамаш йу сан, коьртаниг лара мегар ду Америкехь зорбане йаьлла ингалс-нохчийн меттан дошам. Иштта коьрта лара мегар ду дешнийн этимологи толлуш кхоьллина дошам а. Ша къаьсттина ара ца йаьлла сан и, журналаш тIехь зорба тухуш йу.

Суна уггар коьрта хеташ а, сан уггар чIогIа сагатдийриг а этимологи йу. Дош мичара схьадаьлла, дешан маьIна довзийтар, нохчийн мотт муьлхачу меттанашна гергара бу таллар. Этимологис йоккха меттиг дIалоцу меттан дахарехь. Этимологис меттан къайленаш гучуйоху вайна, ткъа цуьнца цхьаьна муьлххачу а къоман дахарера а,исторера а хIинццалц вайна ца хиъна агIонаш а схьайоьллу. Соьга хаьттича, иза ду коьртаниг, ткъа дийцича-м, дуккха а ду уьш. Школехь мотт хьехар, дешархошна уггар ледара хууш нохчийн маттахь муьлха агIонаш йу, царна тIетевжаш, лексикологехь болх бо ас. Дуккха а брошураш зорбане йевлла, акхаройн, дийнатийн, олхазарийн, бецийн, ораматийн нохчийн маттахь йолу цIераш йуьйцуш. Ас хьалха ма-аллара, дуккха а дошамаш зорбане йевлла физически, медицински терминашна лерина йолу.

Уггар хьалха, Дела реза хуьлийла ала луур ду суна, къаьсттина нохчийн меттан хьехархошка. Массо а хьехархоша беш болу болх чIогIа онда болх бу, къомана оьшуш а, пайдехь а болуш. Хьехархоша хьоьгуш долу къа баркалла доцуш довр дац, со цунах тешна ву. Кху дуьненахь царна иза хьакъдолчу совгIатца а, алапица йа хьолаца а гучу ца далахь а, кханалерчу къематан дийнахь Веза-Сийлахь волчу Делера йал хир йу царна. Дала сий дойла массо а хьехархочун!», – дийцира Iаьрбис.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1