Аганан илли
Олило, ва болило,
Нанас ага техкадо.
Ма гойтила хьуна вуо,
Дала Iалаш войла хьо.
Олило, ва болило,
Арахь Iаьржа буьйса го.
Серло лачкъи шен-малхо,
Хьомениг, ма кхерало.
Олило, ва болило,
Хьуна уллохь ма йу со.
Суна гIенах велало,
Хьан гIанабарш ас ларйо.
Олило, ва болило,
Пису, гена дала хьо.
Ахьа чIогIа хар ма до,
Гакина йеш новкъарло.
Олило, ва болило,
Iехавойла набаро.
Кхана малх схьакхетар бу,
Хьо зIаьнаршца хьостур ву.
Олило, ва болило,
Жима кIорни, нанна-гIо,
Даймохк ларбан сихха хьо
Кхиий вала, турпалхо.
Олило, ва болило....
Дай, кIанттий...
Дечках керт йеш воллу да,
Лаьттахь дечиг йугIу дIа.
«Вало, кIант, дIо у схьада», –
Олуш, Iамаво гIодан.
КIант ву маса хьийзаш ша,
Аннаш кхийдадо цо дIа.
«Дада, – элира кIанта, –
Дика ду- кх волуш со хьан»...
Бералла
Малхо дуьне серладаьккхи.
Дашо зIаьнарш йаржайеш.
Дерриг Iалам самадаьккхи,
Вайн Iер-дахар ша хаздеш.
Берийн бешахь аьзнаш дека.
Лечкъаргех уьш ловзуш ду.
Бералла, ма хаза йу хьо,
Хьан бIаьргаш ма ирсе ду.
***
Iаьно оьгIазе мох хьоькху,
ГIуро лаьцна Iалам ду.
Берашна лайн чимаш доькъу,
Уьш самукъне ловзуш ду.
Цхьадерш салазаш ду хьоьхкуш,
Лайн-Баба йеш кхиндерш ду.
Нана тхоьга йу мохь бетташ,
Худар даа кхойкхуш йу.
Жима Курбан
Жима Курбан маса хьийза,
Массо меттахь лараво.
Нагахь хилахь иза вайна,
Дагахь доцчохь караво.
Мухьаммад ву цунна деш гIо,
Ваша цуьнан – воккхахверг.
Ойла йарах къаста ца ло,
Цу шиннах бакъхьаверг.
Кхайкхам
Маршрутки тIехь воьдуш хилахь,
Охьахиъна хьо велахь,
Воккхачунна меттиг лолахь.
Ца лахь – ду хьуна и «ЭХЬ!»,
Нохчийн къоман хаза гIиллакх.
Лардан дезарш «ШУ МА ДУ!»,
Дукха дахарш, сема хила,
Шу вайн къоман кхане йу!
«ЦIЕРДОШ» – ду къамелан дакъа,
Дагахь латто ду и атта.
ХIуманийн цIерш билгалйо,
Ойла гена дIа ца хьо.
Хаттарш «ХIун? Мила? Муьлш?»
Мила! Нана. ХIун йу? Муш.
Бераш, бакъо Iамайелаш,
Шайна дагахь латтайелаш!
«ХАНДОШ» – ду къамелан дакъа,
Дагахь латто ду и атта.
ХIуманан дар-хилар гойту,
Мукъаваьлла цхьа ца Iойту.
«ХIун до?» – Йаздо.
«ХIун динера?»
Жоп лой вала... Йаздинера.
Кхин «ХIун дийр ду?» Йаздийр ду.
Бакъо дагахь латтор йу!
«БИЛГАЛДОШ» – къамелан дакъа,
Дагахь латто ду и атта.
ХIуманан билгало гойту,
Вовшех хIума къастайойту.
Хаттарш «Муха? Муханиг?
Муха?» Хаза. Хазаниг.
Лелий вала, дешархо,
Дагахь латтайе бакъо!
Светофор
Воьдуш хилахь школе хьо,
Некъах вала дезахь,
Дехьа вала сих ма ло,
Низам лардан деза.
Лаьтташ хир йу светофор,
Бакъонаш йовзуьйтуш,
Ду цуьнан жима кхо кор,
Шен беснаш довзуьйтуш.
ЦIениг латахь собар до,
Ткъа можаниг – кечло,
Баьццара бос, сихха хьо
Дехьа вала, гIашло!
Дийнаташ
Хьоме бераш, дешархой,
Хьуьнах дахна дуьйлий вай?
Акха дийнаташ а девзаш,
Маттах пайда эций вай?
Бераш, шуьга ала лаьа
Дийнатийн цIерш муха йу,
Оьрсийн а, вайн ненан маттахь
Царех муьлханиг – хIун йу?
Оьрсийн маттахь «Лиса» олу,
Ткъа вайн маттахь – «Цхьогал»,
ХIилланца и тебна догIу,
Амма барзо кхерор ду.
«Волк» йу «Борз», йу иза майра,
Кхоьруш иза цхьаннех йац,
«Заяц» – «Пхьагал», буллий зайл а,
Iен ца йаьхьа, чохь са дац.
Дитта тIехула уьду «Белка»,
Цунах «Тарсал» олу вай,
«Кенгуру» кхийсалуш лела
И йу хьуна «Пхьагалсай».
«Ëжик» – «Зу» йу, Iитталуш,
Лела иза сих ца луш.
«Ласточка» – «ЧIегIардиг»,
Массо адмийн хьомениг.
«Дятел» – «ХенакIур» ма йу,
Чхьаьвригех дитт цIандийр ду.
Генахь хезаш «Атйокх» йу,
«Кукушка» цуьнан цIе йу.
БогIу «Олень» – иза «Сай»,
Массарел и-м хаза бай.
«ЧагIалкх» йу ма боху «Шакал»,
Массерачул вониг амал.
Текхна богIург «Змея» бу,
Цунах «Текхарг» вай олу.
«Лев» – «Лом», ду иза эла,
Цуьнан дош хьуьнхахь ма лела.
Хьоме бераш, диц ца деш,
Дагахь латтайе цIераш!
Пису
Арахь доьлху жима пису.
Нана стенга йахна-те?
Йа и йахна лаха ижу?
Йа борз йу-те, кхераме?
Пису, Пису, хьо ма кхера,
Хьо ма делха, собар де.
Нана йолуш хуьлу цIера,
Эрна са ма гаттаде.
***
Арахь ловзуш бераш ду,
Новкъа вогIуш къано ву.
Схьагарехь и гIелвелла,
Болар цуьнан лахделла.
Ваши, хуьлда де дика,
Олуш йоI йистхилира.
Аса хьуна гIант лу ду,
Жимма са ахь доIар ду.
Дера йаха дукха хьо,
Хьоьгахь гIиллакх суна го.
Ахьа иза ларделахь,
Воккхачун а сий делахь.
Олуш, вистхилира и,
БIаьргех цунна дели хи.
Иштта, хазчу гIиллакхо,
Оьзда тIаьхье кхиайо.
Утро
Светит солнышко в окошко,
Улыбаюсь я в ответ.
Мне-б поспать ещё немножко,
Да проснуться на обед.
Солнцу рада даже кошка,
Оно будет её греть.
Ну а я пойду с лукошком
По грибы, да песни петь.
Мамакаева Румиса


