4-г1а класс
Урокан ц1е: «Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш».
1алашо: масаллина а, рог1аллин а терахьдешнех болу хаамаш шорбар, церан хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто 1амор; 1амийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; г1иллакх-оьздангалла 1амор.
Урокана оьшу г1ирс: масаллин а, рог1аллин а терахьдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жам1 даран г1ирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна 1емар ду масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш вовшех къасто, церан хаттарш х1итто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна 1емар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, 1амийнарг карладаккха, г1иллакх оьздангалла 1ама.
Метапредметни:
Регулитивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашонаш, т1едехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план х1отто.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца т1еч1аг1дан; 1емар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу г1ирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика 1амо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок д1айахьар
- l. Догдаийтаран мур
- Де дика хуьлда шун!
- Диканца дукха вехийла хьо!
- Охьаховша бераш, х1инца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу г1ирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
- ll. Ц1ера болх таллар
- Муьлха шардар дара шуна ц1ахь кхочушдан делларг?
- Тхуна деллера 188-г1а шардар, аг1о 98.
- Муха кхочуш дира аш и шардар?
-Терахьдешнийн чаккхенаш а йоьхуш т1ера схьайазйан йезаш йара предложенеш.
- Хьалхарчу предложенина муьлха чаккхенаш йихкира аш?
- Ткъа шолг1а?
- Кхоалг1ачунна?
- Доьалг1ачунна?
(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун г1оьнца).
(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).
Тобанашкахь болх
Т1едиллар: «Дайна элп караде».
Х1ора тобано т1адамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха 1амийна бакъо.
1-ра тоба:
…хьаъ
…пхиъ
…иъ
2-г1а тоба:
…оъ
…иъ
…алх
3-г1а тоба:
…орх1
…арх1
…сс
4-г1а тоба:
…тт
…олг1а
…хьайтталг1а
- Д1адеша аш йаздина дешнаш.
- Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?
- Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
- Терахьдешнаш ду.
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Терахьдешнаш муха хуьлу?
- Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- Даладе масалш.
- Х1инца д1айаздо вай терахь, классера болх.
lll. Ц1енайаздаран минот
Хила лаахь дег1ан ницкъ,
Доккхуш хила шортта … (рицкъа).
Йуьхь д1айуьлуш, ц1андеш хьаж,
1арбис ларйо дийнан … (раж).
Дика болх беш хила говза,
Дада веш денна … (реза).
- Рицкъа, раж, реза бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?
- Ткъа тахана вайга хьошалг1а муьлха элп деана?
- Рр
- Мукъа ду и йа мукъаза ду?
- Мукъаза ду?
- Х1унда ду и мукъаза?
- Багахула олучу хенахь хецна д1а ца алало, х1аваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш т1е д1айаздо).
lV. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар
Уьн т1е д1айаздо.
Цхьаъ, шиъ, пхиъ…
Пхьоьалг1а, йалхалг1а, иссалг1а…
- Бераш, уьн т1е йаздина хьалхарчу а, шолг1ачу бог1амалгара дешнийни х1ун башхалла йу?
- Уьш терахь дешнаш ду.
- Шуна муха хиира уьш терахьдешнаш дуй?
- Хаттаршца хиира.
- Муьлха хаттар х1оттор дара аш хьалхарчу бог1амалгарчу терахьдешнашна?
- Маса боху хаттар х1оттор дара.
- Иза муьлхачу терахьдешнашна х1оттадо ?
- Масаллин терахьдешнашна х1оттадо.
- Шолг1ачу бог1амалгарчу терахьдешнашна муьлха хаттар х1оттор дара аш?
- Масалг1а боху хаттар х1оттор дара.
- Иза муьлха терахьдош хуьлу?
- Рог1аллин терахьдош хуьлу.
- Х1ун 1амор ду вай тахана? Д1айеша урокан ц1е.
- Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? Д1адеша.
- Бераш, тахана вайн урокан тема х1ун йу аьлла хета шуна?
- Тахана вай урокан тема йу «Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш».
- Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш».
- V. Керла тема хьехар
- 1. Бакъо таллар.
- Д1айеша 99 -г1а аг1он т1ера бакъо.
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Муха хуьлу терахьдешнаш?
- Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- 2. Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнийн тидам бар.
- Д1адеша 189-г1а шардаран т1едиллар.
- Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
- Т1ера схьайаздан дезаш ду цкъа хьалха маса? Хаттарна жоп луш долу терахьдешнаш, т1аккха –масалг1а? хаттарна жоп луш долу терахьдешнаш.
- Маса? Хаттарна жоп луш долу терахьдешнаш муьлхарнаш йазди аш?
- Цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, йалх, ворх1, барх1, исс, итт.
- Уьш муьлха терахьдешнаш ду?
- Уьш масаллин терахьдешнаш ду.
- Цул т1аьхьа муьлхарнаш йаздийра аш?
- Хьалхара, шолг1а, кхоалг1а, доьалг1а, пхоьалг1а, йалхалг1а, ворх1алг1а, барх1алг1а, иссалг1а, итталг1а.
- Муьлха хаттар х1оттийра аш цунна?
- Масалг1а хаттар х1оттийра оху цунна.
- Уьш муьлха терахьдешнаш ду?
- Уьш рог1аллин терахьдешнаш ду.
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Терахьдешнаш муха хуьлу?
- Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- Даладе масалш.
Vl. Сада1аран минот
Сада1ий вай жимма, бераш?
Йоьшуш хаза байт.
Мила ву и йеша говза?
Ойла йоккхуш пана.
Со ву говза байташ йеша,
Элпаш девзаш дика.
Йоьшур йу ас шера,
Х1оран дагчу йижайеш.
(XIapa байташ а йоьшуш, цу т1ехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).
Vll. 1амийнарг т1еч1аг1дар
а) тобанашкахь болх
Мила ву тидаме.
-Бераш, вай х1инца тобанашкахь болх бийр бу. Масаллин терахьдешнаш рог1аллин терахьдешнаш ка дохуш, кхочуш де шайн тобанера т1едиллар.
1-ра тоба
…Цхьаъ-хьалхара
…шиъ-шолг1а
…кхоъ-кхоалг1а
2-г1а тоба:
…диъ-доьалг1а
…пхиъ-пхоьалг1а
… йалх-йалхалг1а
3-г1а тоба:
…ворх1-ворх1алг1а
…барх1-барх1алг1а
…исс-иссалг1а
4-г1а тоба:
…итт-итталг1а
…цхьайтта-цхьайтталг1а
…шийтта-шийтталг1а
- Х1ора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина терахьдешнаш схьадийца.
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Терахьдешнаш муха хуьлу?
Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- Даладе масалш.
аь) шаьш бен болх
- Д1адеша 192-г1а шардар.
- И шардар муха кхочуш дан деза?
- Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш къаста а деш, царна хаттарш х1иттадеш т1ера схьайаздан дезаш ду.
- Даладе масалш.
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Терахьдешнаш муха хуьлу?
- Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- Даладе масалш.
(Уьн т1ехь кхочуш йо. Цул т1аьхьа дешархоша шайн тептарша т1е д1айазйо).
Vlll. Рефлекси
- Х1ун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
- Х1ун хазахийти шуна тахана урокехь?
- Вай х1оттийна 1алашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
- Т1ейог1у урок муха хила лаара шуна?
- Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь г1айг1ане смайлик хьалаайба.
lХ. Урокан жам1 дар
- Х1ун гойту терахьдашо?
- Х1уманан масалла йа рог1алла гойтучу къамелан декъах терахьдош олу.
- Терахьдешнаш муха хуьлу?
- Терахьдешнаш хуьлу масаллин а, рог1аллин а.
- Масаллин терахьдешнаша х1ун гойту?
- Масаллин терахьдешнаша х1уманийн масалла гойту.
- Цо муьлхачу хаттарна жоп ло?
- Маса бохучу хаттарна жоп ло.
- Муьлхачу хаттарна жоп ло рог1аллин терахьдашо?
- Рог1аллин терахьдашо масалг1а бохучу хаттарна жоп ло.
- Даладе масалш.
Х. Ц1ахь бен болх
195-г1а шардар, аг1о 101.
- Т1ера схьайазде. Терахьдешнашна к1ел сиз хьакха, билгалдаха уьш муьлха терахьдешнаш ду.
Зайтемиров Сайдик


