Зайтемиров Сайдик
4-гIа класс
Урокан цIе: «Билгалдешнийн хьалхара легар».
Iалашо: билгалдешнийн хьалхарчу легарх болу хаамаш шорбар, билгалдешнийн хьалхара легар довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Урокана оьшу гIирс: билгалдешнийн хьалхара легарх лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна Iемар ду билгалдешнийн хьалхара легарх къасто а, цуьнан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх оьздангалла Iама.
Метапредметни:
Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.
Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок дIайахьар
- I. Догдаийтаран мур
– Де дика хуьлда шун!
– Диканца дукха вехийла хьо!
– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
- II. ЦIера болх таллар
– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
– Тхуна деллера 156-гIа шардар, агIо 83.
– Муха кхочуш дира аш и шардар?
– Лаамазчу билгалдешнашна кIел тулгIенан сиз хьокхуш.
– Хьалха муьлхачу лаамазчу билгалдашна кIел сиз хьаькхира аш?
– «КIайн» бохучунна.
– Ткъа шолгIа?
– «Сирла» бохучунна.
– КхоалгIачунна?
– Йеха бохучунна.
– ДоьалгIачунна?
– Буьрса.
(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун гIоьнца).
(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).
Тобанашкахь болх
ТIедиллар: «Дайна элп караде».
ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.
I-ра тоба:
…ожа
…айн
…ирла
2-гIа тоба:
…еха
…томма
…уьткъа
3-гIа тоба:
…уьста
…аьхьа
…еза
4-гIа тоба:
…екха
…уьрса
…овха
– ДIадеша аш йаздина дешнаш.
– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?
– Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
– Уьш билгалдешнаш ду.
– Шуна муха хиира уьш билгалдешнаш дуй?
– Хаттаршца хиира.
– Аш муьлха хаттарш хIиттийра?
– Муха? Муханиг? хаттарш хIиттийра оха.
– Уьш муьлха билгалдешнаш ду?
– Лаамаза билгалдешнаш ду.
– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.
III. ЦIенайаздаран минот
Гуттар дагахь йелахь майда,
Бийр бац дешарехь ахь … (пайда).
Доккхуш хьуьнах доккха «доп»,
Херхо божий боккха … (поп).
Соьга ахь ма баха «су»,
Дац со жIаьла, ду… (пису).
– Пайда, поп, пису бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?
–Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?
Пп
– Мукъа ду и йа мукъаза ду?
– Мукъаза ду?
– ХIунда ду и мукъаза?
– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо).
- IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар
Уьн тIе дIайаздо.
Керла коч
ЦI. керла коч
Дл. керлачу кучан
Л. керлачу кучана
Др. керлачу кучо
К. керлачу кучаца
Х. керлачу кучах
М. керлачу куче
Дс. керлачу кучал
– Бераш, хIинца вай керла коч дожаршца лега дезаш ду.
– Тидам бел, бераш, лач дожаршкахь чаккхенаш муха йу?
– Чу йу.
– Керла бохучу дашна хIун хаттар хIоттор ду вай?
– Муха.
– ХIун Iамор ду вай тахана? ДIайеша урокан цIе.
– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина?
– ДIадеша. (ХIун Iалашо йолуш пайдаоьцу билгалдешнех къамелехь).
– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
– Тахана вай урокан тема йу «Билгалдешнийн хьалхара легар».
– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Билгалдешнийн хьалхара легар».
- V. Керла тема хьехар
- I) бакъо таллар.
– ДIайеша 89-гIа агIон тIера бакъо.
– Хьалхарчу легарна муьлха билгалдешнаш догIу?
– Хьалхарчу легар чу догIу муха? Хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.
– Лач дожаршкахь чаккхенаш хIун хуьлу церан?
– Чу хуьлу.
– Даладе масалш.
– Билгалдешнаша хIун гойту?
– Билгалдешнаша хIуманан билгало гойту.
– Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалдешнаша?
– Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан? хаттаршна.
– Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?
– Маса тайпанара хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттарншна жоп ло?
– Цо Муханиг? Муьлханиг? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
- 2. Билгалдешнийн хьалхара легар тидам бар.
– ДIадеша 168-гIа шардаран тIедиллар.
– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
– Къовларшна йуккъера билгалдешнаш оьшшучу дожаре а дохуш, кхочушдан дезаш ду.
– Хьалхарчу къовларна йукъара билгалдош муьлха ду?
– Воккхачу ду.
– Муьлхачу легарехь ду?
– И шолгIачу легIарехь ду.
(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун гIоьнца).
– Хьалхарчу легарна муьлха билгалдешнаш догIу?
– Хьалхарчу легар чу догIу муха? Хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.
– Лач дожаршкахь чаккхенаш хIун хуьлу церан?
– Чу хуьлу.
– Даладе масалш.
- VI. СадаIаран минот
Лойша тхуна, лойша тхуна,
Жимма, жимма садаIа хан.
Куьйгийн пIелгаш кIад ма делла,
Жим-жима цара йоьху хан.
ХьалагIовтту, лардеш гIанташ,
Вовшашна йуьтуш йаккъаш тхайн.
Куьйгаш лестош, пIелгаш даржош,
СадоIуьйту догIмашка тхайн.
(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).
VII. Iамийнарг тIечIагIдар
а) Тобанашкахь болх
Мила ву тидаме.
– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ЦIердешнашна хьалха маьIница догIу хьалхарчу легарна чу догIу билгалдешнаш йаздеш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.
1-ра тоба
…(керлачу) кучанан
…(керлачу) кучах
…(керлачу) кучал
2-гIа тоба:
…(керла) кучамаш
…(керлачу) кучамашна
…(керлачу) кучамашка
3-гIатоба:
…(керла) коч
…(керлачу) кучо
…(керлачу) кучах
4-гIа тоба:
…(керлачу) кучаца
…(керлачу) куче
…(керлачу) кучана
– ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина лаамаза билгалдешнаш схьадийца.
– Муьлха билгалдешнаш йаздина аш?
– Лаамаза билгалдешнаш ду.
– Уьш муьлхачу легарна чу догIу?
– Хьалхарчу легарна чу догIу.
– Даладе масалш.
аь) Шаьш бен болх
– ДIадеша 169-гIа шардар.
– И шардар муха кхочуш дан деза?
– Киншкин тIерачу кепе хьожуш, хьалхарчу легарна чу догIу билгалдешнаш шайци долу цIердешнашца схьайаздан дезаш ду.
– Хьалхарчу легарна муьлха билгалдешнаш догIу?
– Хьалхарчу легар чу догIу муха? хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.
– Лач дожаршкахь чаккхенаш хIун хуьлу церан?
– Чу хуьлу.
– Даладе масалш.
(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо).
VIII. Рефлекси
– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?
– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.
IХ. Урокан жамI дар
– Хьалхарчу легарна муьлха билгалдешнаш догIу?
– Хьалхарчу легар чу догIу муха? хаттарна жоп луш долу лаамаза билгалдешнаш.
– Лач дожаршкахь чаккхенаш хIун хуьлу церан?
– Чу хуьлу.
– Даладе масалш.
– Маса тайпанара хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттарншна жоп ло?
– Цо муханиг? Муьлханиг бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
Х. ЦIахь бен болх
171-гIа шардар, агIо 90.
Оьшуш йолчу чаккхенаш а йоьхкуш схьайазйе предложенеш.


