Зайтемиров Сайдик
4-гIа класс
Урокан цIе: «Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш».
Iалашо: Билгалдешнийн болу хаамаш шорбар, лааме а, лаамаза а билгалдешнаш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор;
Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх- оьздангалла Iамор.
Урокана оьшу гIирс: лааме а, лаамаза а билгалдешнех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирс.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна Iемар ду лааме а, лаамаза а билгалдешнаш къасто а, церан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангалла Iамо.
Метапредметни:
Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.
Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок дIайахьар
- I. Догдаийтаран мур
– Де дика хуьлда шун!
– Диканца дукха вехийла хьо!
– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
- II. ЦIера болх таллар
– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
– Тхуна деллера 150-гIа шардар, агIо 79.
– Муха кхочушдира аш и шардар?
– Шишша, цхьаьна схьайаздира цIердош а, билгалдош а. Билгалдешнашна кIел тулгIенан сиз хьаькхира.
– Дуьххьара муьлха ши дош схьайаздира аш?
– Баьццарчу кузаш.
– Царах билгал дош муьлханиг ду?
– Баьццарчу.
– Мухаа хиира шуна и билгалдош дуй?
– Хаттарца хиира тхуна и билгалдош дуй.
– ШолгIа муьлхарниш йаздира аш?
– КIеда мотт.
– Церах билгал дош муьлханиг ду?
– КIеда.
– КхоалгIа муьлханаш йаздира аш?
– КIайн йургIа.
– Царах билгалдош муьлханиг ду?
– КIайн.
– ДоьалгIа муьлханаш йаздийра аш?
– КIайн гIовтал.
– Царах билгалдош муьлханиг ду?
– КIайн.
(Иштта дисна дешнаш толлу хьехархочун гIоьнца).
(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).
Тобанашкахь болх
ТIедиллар: «Дайна элп караде».
ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.
1-ра тоба:
…азаниг
…аза
…рча
2-гIа тоба:
…еза
…оха
…ийна
3-гIа тоба:
…йна
…ома
…иха
4-гIа тоба:
…екха
…оха
…ийла
– ДIадеша аш йаздина дешнаш.
– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?
– Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
– Уьш билгалдешнаш ду.
– Шуна муха хиира уьш билгалдешнаш дуй?
– Хатаршца хиира.
– Аш муьлха хаттарш хIиттийра?
– Муха? муханиг хаттарш хIиттийра оха.
– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.
III. ЦIенайаздаран минот
ЦIийнан беркат довр ду доьза,
Бацахь цу чохь доьзал… (оьзда).
Толлуш ву-кха Лоьма
Шен ворхIе дайн… (оьмар).
Йоккхуш ву со сайна тоьла,
Гулйина ас лаьттан… (оьла).
– Оьзда, оьмар, оьла бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?
– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?
Оь оь
– Мукъа ду и йа мукъаза ду?
– Мукъа ду?
– ХIунда ду и мукъа?
– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало, хIаваана новкъарло хуьлу, цундела ду иза мукъаза.
– Кхин муха ду и?
– Шалха ду.
– ХIунда ду и шалха?
– Шина хьарках лаьтташ долу дела.
– Муьлха шина хьарках лаьтташ ду и?
– О, ь.
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)
- IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар
Уьн тIе дIайаздо.
Мерза, хаза, лекха, жима…
ЦIениг, эсалниг, хазаниг, диканиг…
– Хьалхарчу а, шолгIачу а бIогIамалгара дешнаш муьлха къамелан дакъош ду?
– Уьш билгалдешнаш ду.
– ХIун башхалла йу хьалхарчу а, шолгIачу а бIогIамалгара билгалдешнийн?
– Хьалхалчу бIогIамалгарчу билгалдешнашна муха боху хаттар хIоттадо, ткъа шолгIачу богIамалгарчу билгалдешнашна муханиг, муьлханиг хIоттадо.
– ХIун Iамор ду вай тахана? ДIайеша урокан цIе.
– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? ДIадеша. (ХIун Iалашо йолуш пайдаоьцу билгалдешнех къамелехь).
– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
– Тахана вай урокан тема йу «Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш».
– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш».
- V. Керла тема хьехар
- 1. Бакъо таллар.
– ДIайеша 81-гIа агIон тIера бакъо.
– Билгалдешнаша хIун гойту?
– Билгалдешнаша хIуманан билгалло гойту.
– Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалдешнаша?
– Билгалдешнаша жоп ло муха? муьлха? муханиг? муьлханиг? хьенан? стенан? хаттаршна.
– Билгалдешнийн предложенехь муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?
– Маса тайпанара хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Цо муханиг? Муьлханиг бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масалш.
- 2. Лааме а, лаамаза а билгалдешнийн тидам бар
– ДIадеша 154-гIа шардаран тIедиллар.
– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
– Лаамаза билгалдешнаш лаамечаьрга а дохуш, схьайаздан дезаш ду.
– Маса тайпанара хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттарншна жоп ло?
– Цо муханиг? муьлханиг? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масалш.
(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо.)
- VI. СадаIаран минот
Бераш, бераш, хьоме бераш,
Аш йазделаш хаза, дика,
Шуна лаьий хила ирча?
Тхуна лаац хила ирча.
Шуна лаьий хила хаза?
Тхуна лаьа хила хаза.
Бераш, бераш, хьоме бераш,
Аш йазделаш нийса, говза,
Шуна лаьий хила гома?
Тхуна лаац хила гома.
Шуна лаьий хила говза?
Тхуна лаьа хила говза.
(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.)
VII. Iамийнарг тIечIагIдар.
а. Тобанашкахь болх
Мила ву тидаме.
– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. ЦIердешнашна хьалха маьIница догIу лаамаза билгалдешнаш йаздеш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.
1-ра тоба
Бовха малх
Шийла Iа
Хаза нана
2-гIа тоба:
Сийна гIа
Лекха лам
Шийла шовда
3-гIа тоба:
Дика кIант
Лекха лам
Хьоме йоI
4-гIа тоба:
Лоха кIант
Шера аре
Беха мотт
– ХIора тхьамдано шаьш девлча шайн тобано йаздина лаамаза билгалдешнаш схьадийца.
– Муьлха билгалдешнаш йаздина аш?
– Лаамаза билгалдешнаш ду.
Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масалш.
аь) Шаьш бен болх
– ДIадеша 153-гIа шардар.
– И шардар муха кхочуш дан деза?
– Цкъа хьалха дIайаздан деза лаамаза билгалдешнаш, тIааккха лааменаш.
– Нийса боху, хIинца шайн тептарш тIе дIайазде шардар.
– Маса тайпана хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Цо муханиг? Муьлханиг бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масалш.
(Уьн тIехь кхочуш йо. Цул тIаьхьа дешархоша шайн тептарша тIе дIайазйо.)
- VI. СадаIаран минот
(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна.)
VIII. Рефлекси
– Керланиг хIун девзи шуна тахана урокехь?
– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
– ТIейогIу урок муха хила лаьара шуна?
– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.
IХ. Урокан жамI дар
– Маса тайпанара хуьлу билгалдешнаш?
– Билгалдешнаш хуьлу лааме а, лаамаза а.
– Стенах олу лааме билгалдешнаш?
– Лааме билгалдош олу ша лелачу билгалдашах?
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Цо муханиг? муьлханиг? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Муха кхоллало лааме билгалдош?
– Иза кхоллало лаамазчу билгалдешнашна тIе -иг, -ниг кхетарца.
– Стенах олу лаамаза билгалдешнаш?
– Лаамаза билгалдешнаш олу цIердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех.
– Лаамаза билгалдешнаша муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Лаамаза билгалдешнаша муха? бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масалш.
Х. ЦIахь бен болх
156-гIа шардар, агIо 83.
Лаамазчу билгалдешнашна кIел тулгIенан сиз хьакха.


