Мичахь ду ахь суна делле дош йоI?
Хили-те цунах сан дог Iовжо баI?
Со виц веш карий-те, хийца сох воI,
Варийлахь, ма делахь сан дагна даI.
***
Массо а доттагI вац, хьуна моттахь,
Наггахь нисло йукъахь мостагI,
Хан-замано гойту къастош,
Билгалвоккхуш мостагI, доттагI.
***
Хьуна тIе цIеххьана цхьа бала беъча,
Хьан деган уьйраша и ойуш хилча,
Шайн йаьххьаш лечкъайеш,
уьш хIунда лаьтта?
Йа шайга цхьаъ йеха
со воллу моьтту?
Хьан дагна беза нах ма генахь лаьтта.
***
Веха,
Веца,
Къежло,
Къанло,
ДIакхелха,
Доьлху,
ДIавуллу,
Вицло.
***
Ца лехна хир доцу ирс,
Дагах сайн чекхдоккхуш урс.
Ца лехна хир боцу бахам,
Далла бо ас денна хастам.
***
Стигланаш тIейелхарх,
Дешан да хилалахь,
Латтанаш бухдийларх,
Дашах ма вохалахь.
Дешийлахь хьо хиларх,
Кура ма вийлалахь,
ДегаэтIам сов бийларх,
Сатухуш хилалахь
Хьайл тIаьхьа ала ахь,
Дика дош диталахь,
Дикалла йуьсуш йу
Заманан йохаллехь.
***
Дуьне, ахь хIунда сан Iийжадо дог,
Магац-те баккха ас сайн ирсан ког?
Йийцахьа ахь дуьне, сан ирсан къайле,
Доггах мохь тоьхна, кхочур вара ирсе.
***
Хьайчух тера дог ду моттий,
Массарна дог ма делла.
Массо йамартчух а тарлой,
Дог къовлий, хьо ма хила.
СадаIаран минот «Самукъа»
Самукъадолуш тоха куьйгаш,
ГIовтта кога буьхьар хIуьттуш,
Охьаховша гIанташ нисдеш,
Деша хьовса дохуш пхеънаш.
СадаIаран минот «Бертахь»
Бертахь, куьйгаш лаций схьа,
Дагардо вай – цхьаъ, шиъ, кхоъ.
ТIе ца тоахь – диъ, пхиъ, йалх,
Нагахь тохахь бIаьргаш ахь,
Вогуш ву со ловзаргахь.
СадаIаран минот «Хелхар бал»
ТIахъаьлла суо-сайна хеташ.
ГIарчI аьлла сайн дегI нисдеш.
ХIорс-тоъ аьлла, буьхьар хIуттуш,
Хелха ваккха со гуо тосуш.
ХIай-хIай алий, дог а ойбуш,
Доггах тохалаш куьйгаш.
Кийрара дог ша-шех ловзуш,
Хелхар бал бу ас боккхуш.



