ХIетал-метал хаийла шуна:
Дитташ тIехула йедда лела,
Бабин бIаьраш цо идадо.
Маьхьарий хьоькхуш, тIулгаш кхуьйсуш,
Бераш цунна тIаьхьа уьду
(Тарсал)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Шина лергах кхазайелла,
Мерах, бетах хьарчайелла,
Уьнах чIогIа ша ларйелла,
Хаал хьайна, хIун йу иза?
(БетамIаьжиг)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Дехачу Iаьно наб йо цо,
БIаьстенан йуьххьехь йолало.
Цкъа ца гинчунна бIабу го,
Лар гинариг кхерало…
(Ча)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Аганан гIожах тосуш йу,
Ага тахкош лесташ йу.
Гаки денна Iехош ду,
Алал хIинца и хIун йу?
(БицIаьлдиг)
ХIетал-метал хаийла шуна:
ДIасахьокхуш тосу жарж,
Гомха у тIехь туьйсу кIеж.
Шера аре, шера у,
Цхьанхьа битац гома гу.
(Воттана)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Нанас аттера шура йоккху,
Цунах шортта тIо а боккху,
Алал йуьйург хIун пхьегIа йу?
(Гиба)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Денош доца, буьйсанаш йеха,
Лергаш зийзош, куьйгаш дегош,
Самукъадаьлла ловзу бераш,
Алал, йуьйцург хIун хан йу?
(Iа)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Хьалдолчун а ду и дуьзна,
Мискачун и дац-кха делла,
И ше долахь дерг ву ирсе,
ГIайгIа йу и хилча деса.
(Бохча)
ХIетал-метал хаийла шуна:
Шен дена ду и тешаме,
Ларвеш витац цхьа йуххе,
Ха деш лаьтта цIахь ца хилча,
Керт йуй хаьа шех тешна.
(ЖIаьла)



