Зайтемиров Сайдик
Доьзалехь дас, нанас Iамабо вайна оьзда мотт, оьзда гIиллакхаш. Цундела мехала ду доьзалехь дас а, нанас а, ненан мотт буьйцуш хилар. Дас-нанас доьзалехь буьйцуш ненан мотт ца хилахь, доьзалша а буьйцур бац ненан мотт. Цундела, вай декхарийлахь ду, вешан ненан мотт чохь, арахь, балхахь бийца. Вай дIагайта дезаш ду царна масал.
Вай ненан мотт хазачу, ширачу меттанех цхьаъ бу. Иза вайна хаало эзар шерашкахь дуьйна тIулгаш тIехь, бIаьвнеш тIехь хиллачу йозанан билгалонашца, халкъан барта кхоллараллица. Вешан культура, истори, ненан мотт кхио вай декхарийлахь ду. Масийтта эзар шерашкахь ларбеш, хазбеш вайн дайша, наноша схьабалийна хилча, вай декхарийлахь ма ду и бийца, Iалашбан. Кхечу къаьмнашна йукъахь сий, пусар хир дац вайн, нагахь санна вайна ненан мотт, истори, культура ца хаахь.
«Ненан мотт хала бу, атта бац, сан мотт карчац», – бохуш, цхьа декъаза къамелаш деш, вайна мел халахеташ делахь, цхьаболу кегирхой хаало вайна йукъахь. И бакъ дац йа хила йиш йац. Цунна гIело йинарш вай ваьш ду, цуьнан хам ца беш. ХIара дерриг дуьне а, дуьненан бахамаш а вай дешийлахь кхаларх, цхьанне хIуманах хийца йиш йоцу хазна йу ненан мотт. Цундела вай вешан мотт карчийта а, шарбалийта а, дукха киншканаш, газеташ, журналаш деша деза. Вай уьш дешча бен вай мотт кхуьур бац, шарлур бац. ХIора денна шена хьалха Iалашо хIотто йеза, масала, дийнахь мел кIеззиг нохчийн маттахь итт агIо йеша. Жимма хан йаьлча цунна шена хаалур бу-кх дикачу агIор болу хийцам. Iилманча и велахь йа йаздархо велахь, муьлххачу даржехь и велахь шен ненан мотт цо буьйцуш бацахь, сий хир дац цуьнан.
Вайн халкъан кица ду: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Шен ненан мотт ца хаахь и къам довр дуй хоуьйту вайна оцу кицано. ХIунда аьлча, оцу маттаца доьзна ду дахар, культура, истори, къам. Мотт хилча бен ца хуьлу оцу къоман культура, истори, литература...
Кхечу къаьмнийн телеканале хьовсарца бераша схьаоьцу кхечу къоман мотт, культура, лелар, болар. Царах тарбала гIерта уьш, церан амале боьрзу уьш. Цундела мехала дара вайн къомана, ненан маттахь телеканал хилар. Дийнахь цхьа дош беран Iемича боккха кхиам бу, аьлла хета суна. Иштта вайн къоман гIиллакхаш, оьздангалла алсам девзара дара вайн берашна.
Ненан маттахь йуьхьанцарчу классашкахь гонахара Iаламан урок нохчийн маттахь хилча дика хир дара. Хьалхарчу классе вогIуш волу дешархо нохчийн маттахь олхазарийн, дийнатийн, акхаройн, диттийн цIераш хууш ца хуьлу, цундела мехала ду гонахара Iаламан урок нохчийн маттахь хилар. Вайн дешархошна хуур йара олхазарийн, дийнатийн, акхаройн, диттийн цIераш нохчийн маттахь.
Халахеташ делахь, йуьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш болчу хьехархойн жимма бехк хета суна. ХIунда аьлча, цара алссам тидам тIебохуьйту оьрсийн меттан урокана а, математика урокана а. Оцу предметашна ВПР йолу дела, ткъа ВПР йоцу нохчийн мотт а, литература а жимма дIатеттина йуьту.
Вайн хьехархоша а, дайша а, наноша а, нохчийн маттана тIе тидам кIезиг бохуьйту, цундела ледара хаа вай дешархошна ненан мотт. Иштта, кхечу предметашна санна, нохчийн маттахь а ВПР хилча дика хир дара. ТIаккха дика тидам тIе бохуьйтур бара хьехархоша а, дай-наноша, дешархоша.
Дас а, нанас а кха тIехь хуьлийла иза йа чохь, арахь шаьш болх бечу хенахь доьзал йуххе баккхахьара, уьш шайна йуххе бахарца царна Iемар дара балхаца къахьега, Iемар дара ненан мотт бийца. Кха тIехь, чохь, арахь болх барца оцу берийн хаттарш кхоллалур дара. Дада, нана кхунах хIун олу, бохуш. Иштта царна девзар дара нохчийн меттан керла дешнаш, балхе безам кхуьур бара. Цундела мехалла ду дас а, нанас а доьзал шена йуххе баккхар. Уьш ненан маттаца, балхаца, гIиллакх-оьздангаллица кхиор. Дала мукъ лахь, со тешна ву, Нохчийчохь, нохчийн цхьа са мел деха, вайн къоман исбаьхьа мотт кхуьург хиларх.



