Зайтемиров Сайдик
Амнат. Асет, со кестта йоьдуш ма йу! Сан а хир ду нехан санна ков-керт!
Асет. Стенга йоьдуш йу хьо, Амнат? Кхелхина йоьдуш йу ма ала.
Амнат. Йац дера, тхан бабас санна хьайн даго хьоьхург схьадуьйцу ахь, хьо кхетале бIаьсте Iаьне йоьрзур йу. Схьада хьай лерг, лерехь алар бен цхьанненна хаза йиш йац... ХIинца кхийтин хьо?
Асет. Кхетта! Вай йелла йала со! Бакъ дуй-те и? Далла бу хастам, хенахь-м ца йаха хьо!
Амнат. ДIайалахь дIа, сихо дика йац. Чехка дахана хи хIордах ийна дац.
Асет. Хьо хи-м дац цхьаннех уьйр долуш.
Амнат. ХIун бахар ахьа?
Асет. Дашо хила хьо бахар аса-м. Дийцахьа, хьо хьаьнга йоьдуш йу, мичара ву, мичахь болх беш ву?
Амнат. ДIайалахь дIа, ца дуьйцу ас, бIаьрг хилахь хьанна хаьа.
Асет. Ма кхерам бацара сан бIаьрго хьан захало дохорна. Ахь и мичахь болх беш ву дийца-м ца дийци, делахь а ас хьуна хьехам бийр бу. Хьуо йала-йолуш йуьрта имаме маре ма гIолахь.
Амнат. ХIунда?
Асет. Хьо хьера-м ца йаьлла? Кхин иэс доцуш йолчу ахь цига йахана дац дан хIумма а. Оца имамаша суннат ду бохуш, кхоъ хила йезий, йиъ хила йезий бохуш, чоь йуьззина и зудрий балош, дог этIийна йуьйр ма йу хьо.
Амнат. ТIе ма да хьо!
Асет. ДогIур-м ду, соьга ла ца догIахь.
Амнат. Ткъа йуьртдега йаха мегий?
Асет. Маггане мегар дац. Ойла йел дикка, йуьртан да бохург хIун ду хаьий хьуна? Йуьртахь цхьа хIума дан долалуш хилахь, шен хIусаме ваха йиш ма йац цуьнан. Со совещанехь ву бохуш, ур-атталла телефон схьа а-м оьцур йац. Хьуна оьшу оцу тайпанара йахана-йар?
Амнат. Ткъа хьехархочуьнга йаха мегий?
Асет. Аьттехьа мегар дац. Шен пхьаьрса кIел папка йиллина Iуьйрре араволий, суьйренца бен цIа ца вогIуш, йуха цIа веача, цу ишколера бераша этIийначу дагна хьуна тIе мохь хьоькхуш, йуха охьахуий тептарш толлуш ву ша бохуш, и тептарш дIа-схьа а детташ, буьйса йукъал тIех йолуьйтий, йуха кхин эхь ца хеташ, поурочни планаш йу сан бохуш, и Iаьржа буьйса Iуьйрене йерзор йу. Йуха шен папка пхьаьрса кIел йиллина дIагIур ву. Цул сов, ков-керт Iана дахна хир ду, везавуьйр ву хьуна, аса-м хьуна алапа дохьуш дай бохуш. И алапа дац хьуна гур а. Книжкаш, къоламаш а оьцуш хьалакхуссур ду. Ца хууш ахь книжка хIоккхера кхечанхьа йаккхахь, моьттар ду хьуна цуьнан деши меттахъхьадина, мохь хьоькхур бу хьуна. Ткъа хьуна оьший иштта дов? Соьга ала ахь, ца оьшу.
Амнат. Ца оьшу, ца оьшу. ТIаккха сайн исписки тIера и дIаваьккхи.
Асет. ХIинца рогIаллехь мила ву вайшинна?
Амнат. КIайн халат йуьйхина, кочахь тонометр йолуш, массарна дарбане волуш, дика дог долуш, алал соьга, мила ву и?
Асет. Лор ву-кха! Гуттар сиха дIавайа вайшинан исписки тIера. Оййй, йелла йала со делаI, кхин иэс дац хьан? Ша лор хиларе терра, ца йогIу лечени йазйина, и мехий а, капельницаш а хIиттош, цо хьо хеназа йуьйр ма йу.
Амнат. ТIе ма да хьо, со-м хьаха йац цуьнга хIуьттаренна раз хьожур.
Асет. Сиха рогIера исписки тIехь верг ала.
Амнат. Шопар ву.
Асет. Сихха дIаваккха.
Амнат. Собар де, со ма йу цо элан йоI санна кхобур, валохьа стаг, хьала латайехьа хьайн машен бохуш, дийнахь сарралц машенахь-м кхерстор йу со.
Асет. И бакъ дац. Хьо цуьнан машен чу моссазза хуу, мехкадаьтта дазделла зуда, схьалол эзар сом бохуш, цу тIе везвийр ву хьуна, ша гIуллакх динчух. Буьйсанна наб йан йуьтур йац хьуна, Соьлжа-ГIала ши меттиг бу, Шела цхьа меттиг бу бохуш.
Амнат. Эшац, эшац! Суна хаьа со хьаьнга йаха йеза! Шен долахь туька йолчуьнга йаха йеза.
Асет. Сиха дIаваккха исписки тIера.
Амнат – Лаа воккхий ас иза?
Асет. Соьма тIе сом тоьхча ши сом хуьлу, тIалам бе, хIай зуда, бохуш, цо хьан тIоьрмиг чохь сом дуьтур-м дац. Цул сов туьманах йолу сок мала йуьтур йац.
Амнат. Ваййй, йелла йала со, тIаккха куьпхочуьнга йаха меги со?
Асет. Хьеха ма де и захло. Цхьа жимма ахь и човхош дош алахь, уголовни статья йу бохуш, отделехула, суьдехула йаьхна лелор ма йу хьо цо.
Амнат. И дара суна оьшург. Цергийн лоьре йаха мегий тIаккха, и ма бара шортта алапа догIуш болх.
Асет. Хьеха ма велахь суна и. Дийнахь сарралц цергаш йаха марз а велла, ца хууш хилла аьлла, цо багахь мел йолу церг схьайаьккхина йуьтур ма йу хьо. Стаг, суна кхема биллахь бохуш Iийр йу хьо.
Амнат. ТIе ма да хьо. Поэте йаха ца мега со тIаккха? Цо тIаккха бохур ду соьга, бацалахь лепа зезаг ду хьо, буьйсанна кхетта беттаса ду хьо сан, стиглара къегина седа бу хьо, дог доьхна дог Iовжийча сан деган дарба ду хьо.
Асет. Пуьтуш бу, цо и хьоьга ца олуш Эхарте гIур йу хьо. Зуда, хьажахь хаза йуй ас йазйина байт, бохуш, къоламца тептаре-м берзор бу цо и могIанаш, зуда хьуна лерина бу ца олуш, Эхарте дIа-м хьажор йу цо хьо. И кехаташ хир ду хьуна чоь йуьззина. Сихха ала, рогIехь цхьа висни вайшинна?
Амнат. Цхьаъ висна, бизнесмен.
Асет. ВахI, цу захлонна реза йу хьуна со. ТIекIел дина цIенош, Соьлжа-ГIалахь квартира, массийтта машен. ХIора денна долларш, зуда дIадахка долларш бохуш, хьайна йижа а йижина Iийр йу-кх хьо, мерз-мерзаниг йаа йууш.
Амнат. Боккъал боху ахь?
Асет. Со хьоьца бегаш беш-м йац. Боху дера, хьайн долахь «Камри».
Амнат. Со йаха!
Амнат. Собар де, со йига!
Амнат. Меттиг бац, Iодика йойла!



