Лабазанова Алия,
3 «Б» класс
Нохчийн мотт
Нохчийн мотт 1амабе, нохчийн мотт бийца,
Беркате бекар и д1аийта сица.
Ненан мотт бу аьлла сий дина дайша,
Х1ора дош х1ун буьртиг санна лардайша.
Ненан мотт 1амо ву декхаре х1ора,
Дитт дакъло, хаалахь, бакъбелча орам.
Лард йоцу г1ишлойн хан йехайац, х1ай!
Марзбе и стом сана доьзална хьайн.
Де дика ахь делахь, хьал-де а хатта,
Жоп лолахьхьайн маттахьделчахьоьхаттар.
Хаийла хьайн маттахь бан безий кадам –
Буьйцучу матто а хаздеш ду адам.
Хьайн маттахь ойла йе, хьайн маттахь дийца.
Бакъо яц Даймохк а, шен мотт а хийца.
Буьйцуш и айбелахь байракх а йай,
Цхьаненна дуьненчохь хьо хетар вац вай.
Дозалла хеталахь ненан мотт бийцар,
Кхачийта даге и хьайн пхенийн ц1ийца.
Хала бу алий ахь ма татта д1а.
Хаа хьуо вуйла хьайн меттан да.



