Сила команды – в игре и характере

Сила команды – в игре и характере

На Всероссийских спортивных играх грозненские школьники продемонстрировали высокий уровень подготовки
Талант без границ

Талант без границ

В Грозном прошел региональный этап Большого всероссийского фестиваля детского и юношеского творчества
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
От школьного старта – к новым высотам

От школьного старта – к новым высотам

Милана Тамаева В Чеченской Республике стартовал школьный этап Всероссийской олимпиады школьников. Первыми в этом учебном году свои знания проверили участники...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Сила команды – в игре и характере
Сила команды – в игре и характере
Талант без границ
Талант без границ
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
От школьного старта – к новым высотам
От школьного старта – к новым высотам
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться

Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу

 Шертбек Абдураззаков

Нохчийн мотт, ненан мотт, нанас аганан илли аьлла мотт. Х1ун ду оцу дешнел деза, мехала? Аганан иллица, ненан маттах дозаделла ду нохчийн г1иллакх-оьздангалла. Аганахь д1аболало ненан матте, т1аьхьо шен къоме, Даймахке болу безам.

Оцу хьокъехь йу Айдамиров Абузаран «Ненан мотт» ц1е йолу байт, цу йукъара, масала, х1ара мог1анаш а:

Цигахь со набарна товжош,

Цо олу аганан илли.

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан нохчийн маттара илли.

Аганан илли. Оцу башха чулацам болчу байто карладоккху бераллин хенахь вайн хьомечу наноша ховхачу нохчийн маттахь аьлла аганан илли. Ненан аганан иллин дешнашца хеза берана дуьнен чохь шена дуьххьара 1емина болу шен ненан мотт. «Ага – къоман кхетам кхиоран, г1иллакхан бухан, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара т1ег1а йа къоман школа йу. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ», - аьлла г1араваьллачу журналиста Сумбулатов Денис.

«Нохчийн маттах, нохчийн махках берахь дуьйна дозалла дина» хилла Дикаев Мохьмада. Ткъа Кибиев Мусбека аьлла-кх: «Г1иллакхан новкъа бер долу, нохчийн мотт буьйцуш ша даккхахь».

Поэтана Цуруев Шарипана а лаьа ненан маттах дика дош аьлла лар йита, нохчийн маттахь илли долчу махкахь оцу халкъан цинц хилла ваха. Шен ненан маттах хастаме дош аьлла цо а:

Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна.

Цу матто, - уггаре гергарчу сан сина –

Сан, генах цхьа висча, дог-йола айина.

Нохчийн меттан 1илманан хазна гулйина, т1ейуьзна Дешериев Юнуса, Алироев Ибрех1има, Джамалханов Зайндис, Чокаев Катис и д1. кх. Цара дуккха а шерашкахь хьанала къахьегна вайна вешан ненан меттан хьостанаш довзуьйтуш, мотт кхиош, марзбеш.

Къоман литературехула вайн мотт хьоле хилар говза гайтина Бадуев Саь1ида, Саидов Билала, Айдамиров Абузара, Гадаев Мохьмад-Салихьа, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шах1ида, Абдулаев Лечас, Ахмадов Мусас, Бексултанов Мусас иштта д1а дуккха а кхечара а. Нохчийн мотт даггара хестийна Кавказан этнографа П. К. Услара, вайн матте дозаллица ладег1на М. Ю. Лермонтовс, Л. Н. Толстойс.

Маттаца дозаделла ду, вай лакхахь билгал мадаккхара, х1ора къоман г1иллакх-оьздангалла а, психологи а, дуьненан хьежамаш а. Нохчийн маттаца ду вайн къоман доьналла а, майралла а, йу вайн историн лараш а. Г1иллакх-оьздангалла шеца долуш стаг хилалур вац, шен ненан мотт безаш, хууш а вацахь. «Берашна вай нохчийн мотт 1амийча, царна кхин оьшург а 1емар ду. 1емар ду Дала вайна совг1атна делла долу вайн г1иллакхаш. Девзар ду – адам ларар, сий, маршо, собар, доьналла, тешам, иэхь-бехк и д1.кх. Боккъал а шен къоман мотт, г1иллакхаш девзаш волчо лорур ду кхечу къаьмнийн меттанаш а, г1иллакхаш а», – билгалдаькхина шен цхьана статья т1ехь публициста Гайтукаев Асламбека.

Вайн йицъйан йиш йоцуш, уггаре мехала аг1о йу кху г1уллакхан. Иза – муьлхха а мотт 1илма хилар ду, 1еламнаха бечу хьехамашкахь вайна хеза олуш: «Дала доссийначу Къуръана чохь уггар хьалхара дош «деша» бохург ду. Бусулба 1илма делахь а – муьлха а 1илма 1амор деза ду. Дахаран хьелаш тодарехь эшна ца 1аш, бусалба нахана фарз дина т1едиллина ду 1илма 1амор, дешар, шайн говзалла кхиор».

Вай дуьйцучунна дика масал ду Сийлахьчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш: «Бусалбачу стагана а, зудчунна а 1илма лахар фарз ду. Дуьне дезачо а 1илма 1амаде, эхарт дезачо а 1илма 1амаде. Шайна а, шайн берашна а 1илма 1амаде». «1илма 1амо ц1ера ара стаг вер вац, Дала цунна йалсмане боьду некъ байбина бен». «1илма – иза жовх1арах йуьзна хазна йу, йасса а лур йоцуш, шен рицкъа кхетамий, дешаррий а долуш. 1илмано дагна серло ло, б1аьргаш схьабоьллу, стаг хазво, вазво, ч1аг1во».

Цундела тахана вайн бакъо йац вешан маттана эшам хилийта. Меттан дика говзанча волу Абзотов Нурдис «Мотт бац – къам дац» ц1е йолчу шен статья т1ехь нийса билгалдаьккхина: «Халкъан кхоллам, шен меттан кхолламах хедар боцуш, бозуш бу. Ткъа мотт, шен аг1ор, муьлххачу халкъан башхалла гайтаран бух бу. И мотт бух хиларна, халкъ 1алашдарехь, кхиорехь коьртаниг оцу халкъан мотт ларбар ду».

Вайн массеран декхар хетта, вешан мотт кхиорехула дан дезарг кханенга д1а а ца тоьттуш, дикачу г1уллакхашна тахханехь йукъ йехкар.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1