Исаков Наврдин Бирлант,
нохчийн меттан, литературин хьехархо, Соьлжа-ГIалин муниципальни бюджетни йукъардешаран хьукмат «Гимнази № 5»
Урокан тема: Чолхе-карарчу предложенех кхетам.
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан 1алашо: чолхе-карара предложени йовза, предложенин коьрта а, тIетуху а дакъош а, чолхе-карарчу предложенин дакъош вовшахтосу гIирсаш а къасто.
- 3. Кхочушдан лору жам1аш:
Личностни: нохчийн мотт а, истори а, шен мехкан культура а йовза лаам гучубаккхар; ишколан меттан дешаран башхаллаш лоруш, лехаман г1уллакхдаран коьрта хаарш карадерзор;
Метапредметни: дарийн алгоритм х1отто, дешаран хьесап кхочушдарехь цунах пайдаэца; хьехархочо йеллачу йа ша хIоттийнчу критерешца хааман тешаме хиларан маххадор;
Предметни: Чолхе-карара предложени йовза, предложенин коьрта а, тIетуху а дакъош а, чолхе-карарчу предложенин дакъош вовшахтосу гIирсаш а къасто.
- 4. Коьрта дешнаш: цхьалхе, чолхе, чолхе-карара предложенеш, коьрта а, тIетуху а дакъош а, хуттургаш.
- 5. Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст
- 6. Урокехь дан лерина г1уллакхдаран некъаш:
Текстаца болх бар
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Таблица т1ейузар
Кейсаца болх бар
Ловзаран кеп «Хаъ, х1ан-х1а»
Маххадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХ1ОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина т1е вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль 1.1. Проблемни хьал.
Д1айеша х1ара байт:
Хьомсара Нохчийчоь - дай баьхна тхан латта!
Мокхаза берд санна, даим хьо латта!
Халонаш, баланаш хьуна тIехІиттина,
Амма хьо, кьар ца луш, къийсамна гIиттина…
Хастам бо оха хьан, турпала ДегІаста!
Цкьа а ма дезийла хьох довла, хьох къаста...
Тхо хьуна муьт1ахь ду, дунен чохь мел деха!
Хьомсара Нохчийчоь! Хун хир ду хьан меха?
Дийца, мила ву автор, муьлхачу байт йуккъера ду х1ара мог1анаш?
(Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Хьомсара Нохчийчоь!» стихотворени)
Дешнаш т1ехь болх:
Мокхаз – гранит (ондалла, ч1ог1алла шеца йолуш, хи чекх ца долу, ц1аро ца лоцу, могашаллин кхераме боцу т1улг).
Дахарехь мичахь пайдаоьцу цунах? (Гранитах пайдаоьцу г1ишлошна куц-чкъор деш, бух, г1орторан пенаш йа керт йеш. Иштта цунах пайдаоьцу х1олламаш деш а.)
Муьлха исторически г1ишлош йина гранитах Нохчийчохь? («ТIеман сийлаллин чурт»)
Стенах лаьцна йу х1ара текст?
Текст стенах лаьтта?
Предложенеш маса коьртачу декъе йекъало?
Чолхе предложенеш маса тайпана хуьлу?
Йалийнчу текста йукъахь билгалйаха чолхе предложенеш.
Д1айеша. Муха хиира шуна уьш чолхе йуй?
Х1ун башхалла йу царна йукъахь? (проблема)
Модуль I.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
ЧКП чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенех къасто, ЧКП дакъош вовшахтосу гIирсаш бовза а, царах пайдаэца а, ЧКП коьрта, т1етуху предложенеш билгалйаха. ЧК предложенина схема х1отто а.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.I. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)
- I. Чолхе-цхьаьнакхетта предложени билгалйаккха.
- I) кест-кеста вела а луш, самукъане дора цо къамел.
2) пондар белха а, бека а, ц1ийза а, бела а тарло.
3) б1аьсте а д1айелира, деана 1а а т1ех1оьттира.
- 2. Цхьаьнакхетаран хуттургаш билгалйаха:
- I) дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургаш
2) йиш (интонаци)
3) карара хуттургаш, хуттурган дешнаш
- 3. Дуьхьалара х1уттург йолу предложени къастайе:
- I) стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.
2) йа къегина малх хьожура, йа дог1а дог1ура.
3) арахь кхоьлина д1ах1оьттира, делахь а шийла йацара.
- 4. Къасторан х1уттург йолу предложени къастайе:
- I) стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара.
2) йа къегина малх хьожура, йа дог1а дог1ура.
3) арахь кхоьлина д1ах1оьттира, делахь а шийла йацара.
- 5. Дозаран х1уттург йолу предложени къастайе:
- I) стоьла т1ехь богуш чиркх а бара, иза цунна йуххехь хиъна а 1ара.
2) йа къегина малх хьожура, йа дог1а дог1ура.
3) арахь кхоьлина д1ах1оьттира, делахь а шийла йацара.
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Тидам бе:
Суна хезнера (х1ун?), г1алахь нохчийн мехкарийн интернат йу бохуш.
Цу т1е а доьг1на, суна хета (х1ун?), оцу чохь жовх1ар кхоъ хилла аьлла. (жовх1ар-жемчуг)
Бакъонах пайдаоьцуш, билгалйаха коьрта а, т1етуху а предложенеш. Муха кхочушдийр ду вай иза?
ЧКП предложени къасторан алгоритм:
Грамматически баххашна к1ел сиз хьакха (ПКЭ-н т1ед. № 2).
ЧКП-ахь т1етуху предложенеш коьртачарах д1ахутту синтаксически г1ирс билгалбан (карара хуттург йа хуттурган дош).
Оьшучохь сацаран хьаьркаш х1итто.
Коьрта а, т1етуху а предложенеш карайан.
Т1етухучу предложенино кхетош долу дош йа предложени билгалйаккха, хаттар дала.
ЧКП схема х1отто.
Стенах олу коьрта предложени? ЧКП къасто, схема х1оттор йу вай хьалхарчу предложенина. [ ], ( бохуш )
Бакъонах пайдаоьцуш, дийца, т1етухучу предложенин муьлха коьрта ши билгало хила йеза?
1) иза коьртачух д1ахуттуш болу синтаксически г1ирс (карара хуттург йа хуттурган дош);
2) цу чуьра хандош муьлххачу а цхьана саттамехь хилар
И ший а билгало шеца хилчий бен, т1етуху предложени хуьлийла дац. Хандешан саттамаш карлабахар.
Тидам бе: хьо ца ваг1ахь, суна халахетар ду. (муха? муьлхачу бехкамца? бехкаман латамца йолу цхьалхе предложени)
Нагахь санна хьо ца ваг1ахь, суна халахетар ду. (Шеца карара хуттург йелахь а, бехкаман латамца йолу цхьалхе предложени)
Хьо ца вог1у-кх, суна халахетар ду. (Кхузахь хуттург йоцу чолхе предложени)
Нагахь санна хьо ца вог1у-кх, суна халахетар ду. (Кхузахь хуттург а йу, цул сов, сказуеми билгалчу саттамехь а ду. Цундела иза т1етуху предложени)
Таблица т1ейузар д1ахьур ду, бакъонах пайда а оьцуш.
|
Т1етухучу предложенешца йолу карара хуттургаш |
Хуттургийн дешнаш (йукъаметтигаллин ц1ерметдешнаш, куцдешнаш) |
|
х1унда аьлча, нагахь, нагахь санна, бохуш, аьлла |
мила, х1ун, муьлха, маца, х1унда … |
|
предложенин меженаш ца хуьлу |
предложенин меженаш хуьлу. |
231-гIа шардар. Схьайазйе чолхе-карара ши предложени, билгалйаха коьрта а, т1етуху а предложенеш. Схема х1оттайе. Т1етуху предложени коьртачунна мичахь лаьтташ хила тарло?
СадаIаран минот (бIаьргашна лерина гимнастика)
Кейс: хьехархочо 9-чу классан дешархошна т1едиллар делла хилла, лахара предложенешна йукъара чолхе-карара предложени схьалаха аьлла. ХIара тIедиллар кхочушдеш цхьана дешархочо кхоалг1а предложени хаьржина, ткъа вукхо – шолгIа. И г1алат нисдан деза делил далош.
- I. Цуьнгара кехат кхечира, шаьш Сибреха д1адуьгуш ду аьлла.
- 2. Лаьхьано цIока шарахь цкъа хуьйцу, ткъа йамартхочо хIора денна хуьйцу.
- 3. Хьо кавказхо велахь, йа нохчи, йа гIалгIа, йа кхарачо, йа балкхаро хила ма веза.
Пунктуационни анализ. (ПКЭ-н т1ед. № 3).
Оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Айхьа хIиттийнчу цIоьмалгийн терахьаш схьайазде.
Дерриг кIиранде гIалахь даккха деза бохург(1) халахетарца тIеийцира Хьамида(2) хIунда аьлча иза чIогIа лууш вара Iаламе бIаьрг тоха. Нагахь санна(3) кхана Iуьйре йекхна йогIу-кх(4) тхо хьуьнах даха дагахь ду.
232-г1а шардар. Д1айеша предложенеш, барта билгалйаха коьрта а, т1етуху а предложенеш.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.I. Ша шен маххадор, ойла йар.
Ловзаран кеп «Х1аъ, х1ан-х1а»
ТIетуху предложени даим а коьртачунна хьалха лаьтта.
ТIетуху предложени даим а коьртачух йозуш хуьлу.
Хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а предложенийн меженаш хуьлий лела.
Коьртачу предложенехь йукъаметтигаллин дешнаш хуьлу: мила, хIун, муьлха, маца, хIунда и. дI. кх. а.
ТIетуху предложени коьртачух хоттало карарчу хуттургашца а, хуттурган дешнашца а.
ЧКП чолхе-цхьаьнакхеттачу предложених къаьста цхьа предложени вукхунах йозуш хиларца.
ХIинца вовшийн белхаш толлур ду. ХIора нийса йаздинчу дашна I балл хIоттайо.
Модуль 3.2. Урокан жамIийн маххадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана.
Рефлекси
Дешаран Iалашо:
Чолхе-карара предложени йовза, предложенин коьрта а, тIетуху а дакъош а, чолхе-карарчу предложенин дакъош вовшахтосу гIирсаш а къасто.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх.
Шардар 233, бакъо (Маь1ница йог1уш йолу т1етуху предложенеш а йалош, схьайазйе ЧКП. Билгалйаха т1етуху предложенеш).
Нохчийчохь архитектурехь гранитах йиначу г1ишлонех лаьцна жима текст х1оттайе, шена чохь чолхе-карара а, чолхе-цхьаьнакхетта преложенеш а йолуш.


