Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Зайтемиров Сайдик

3-гIа класс

Iалашо: Предложенех йукъара кхетам балар, предложенех   болу хаамаш  шорбар, дешнийн а, предложенийн а йукъара башхалла йовзийта, уьш вовшашца къасто Iамор; Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх- оьздангалла Iамор.

Урокана оьшу гIирс: предложенех лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирсаш.

Йукъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна Iемар ду предложенеш къасто, уьш дешнех предложенеш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх-оьздангаллехь кхиа.

Метапредметни:

Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.

Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.

ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.

Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.

Урок дIайахьар

  1. I. Догдаийтаран мур

– Де дика хуьлда шун!

– Диканца дукхавехийла хьо!

– Охьаховша бераш, хIинца вайн нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.

  1. II. ЦIера болх таллар

– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?

– Тхуна деллера 3-гIа шардар, агIо 5.

– Муха кхочушдира аш и шардар?

– Оха кхочушдира и текстан цIе а туьллуш, и текст шина декъе йекъа а йоькъуш.

– Хьалхара дакъа муьлхарниг ду?

– «Лаьцна» бохучунна тIекхаччалц ду.

– ШолгIа дакъа муьлханиг ду?

– «Адамашкара» тIекхаччалц ду.

– ХIун цIе тиллина аш текстана?

– Оху текстана «Къамел» цIе тиллина.

 (Дешархоша бакъо схьайуьйцу).

Тобанашкахь болх

ТIедиллар: «Дайна элп караде».

ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза, иза каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.

1-ра тоба:

…ара

…а

…ам

2-гIа тоба:

…ан

…аза

…еди

3-гIа тоба:

…у

…овр

…ехка

4-гIа тоба:

…оза

…оду

…аз

– ДIадеша шаьш йаздина дешнаш.

– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?

– Муьлхачу къамелан дакъош ду уьш?

– Уьш цIердешнаш, хандешнаш ду.

– Стенах олу цIердош?

– ХIуманийн цIераш билгалйечу дешнех цIердешнаш олу.

– Цара муьлхачу хаттаршна жоп ло?

– Мила? Муьлш?  ХIун? бохучу хаттаршна жоп ло.

– Стенах олу хандош?

– Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо хIаманийн дар йа хилар гойту.

– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?

– Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира?  хIун дора? хIун дин?  хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.

– Даладе масалш.

– Хандош предложенехь хIун хуьлий лела?

– Хандош предложенехь сказуеми хуьлий лела.

– Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?

– Сказуемино хIун до? хIун дина? хIун дира?  хIун дора? хIун дин?  хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.

– Даладе масалш.

– Сказуемина кIел маса сиз хьокху вай?

– Сказуемина нийса ши сиз хьокху.

– Даладе масалш.

– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.

III. ЦIенайаздаран минот

Дама, дама таса,

Ласта, ласта сиха… (цаца).

НIаьнеша сан йиъна

Бабас боху йаккха йеза… (церг).

Дог Iовжош ма ца хуьлу

Суна цунах ма хуьлу… (цатам).

                                      

– Цаца, церг, цатам бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?

– «Ц» аз а, элп а.

– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?

– «Цц»

– Мукъа ду и йа мукъаза ду?

– Мукъаза ду?

– ХIунда ду и мукъаза?

– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало дела, хIаваана новкъарло хуьлу дела, цундела ду иза мукъаза.

 (Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо).

  1. IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар

Уьн тIе дIайаздо.

Бешахь, лам, ловзар, гIа.

Бешахь стоьмаш бу.

– Бераш, уьн тIе дIайазйина предложенеш дIайеша?

– Хьалхарниг дIайеша, предложени йуй и?

– Йац, уьш дешнаш ду.

– Муха хиира шуна уьш дешнаш дуй?

– Уьш вовшашца маьIница догIуш дац.

– ШолгIа предложени дIайеша, и йуй предложени?

– Йу.

– ХIунда йу и предложени?

– Предложенехь долу дешнаш вовшашца маьIница догIуш ду.

– ХIун Iамор ду вай тахана? ДIайеша урокан цIе.

– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? ДIадеша.

– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?

– Тахана вайн урокан тема «Предложени» йу.

– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема «Предложени» йу.

  1. V. Керла тема хьехар
  2. 1. Бакъо таллар

– ДIайеша 6-чу агIон тIера бакъо.

– Стенах олу предложени?

– Предложени – иза кхочуш хилла ойла гойту, маьIница дозаделла дош йа массех дош ду.

– Даладе масал.

– Iуьйре. Бераш школе догIу.

  1. 2. Предложенийн тидам бар.

– ДIадеша 4-чу шардаран тIедиллар.

– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?

– Муьлхачу богIамалгахь дерш дешнаш ду, муьлхарнаш предложенеш йу къасто дезаш ду.

– Хьалхарчу богIамалгарниш дешнаш ду йа предложенеш йу?

– Хьалхарчу богIамалгахь дерш дешнаш ду.

– Шуна муха хиира уьш дешнаш дуй?

– Уьш вовшашца маьIница догIуш цхьаьнакхетта дешнаш дац.

– ШолгIачу богIамалгарниш дешнаш ду йа предложенеш йу?

– ШолгIачу богIамалгахь йерш предложенеш йу.

– Шуна муха хиира уьш предложенеш йуй?

– Уьш вовшашца маьIница догIуш цхьаьнакхетта дешнаш ду.

– Стенах олу предложени?

– Предложени – иза кхочуш хилла ойла гойту, маьIница дозаделла дош йа массех дош ду.

– Даладе масал.

– Iуьйре. Бераш школе догIу.

(Иштта йисина предложенеш толлу дешархоша хьехархочун гIоьнца).

  1. VI. СадаIаран минот

Бераш хьалагIовтал,

Вайна арахь тесна са.

Вайга кхойкху олхазарш,

Шайца лекха эшарш.

Лекха лам, сийна аре,

Маьрша Даймохк сан.

Сан сил дукхайеза,

Со кхиийна хьоме нана!

(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).

VII. Iамийнарг тIечIагIдар.

а) тобанашкахь болх

Мила ву тидаме.

– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. Йаздинчу дешдекъах улле маьIница догIу дешдакъа дуьллуш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.

1-ра тоба

На-

Ба-

Йи-

2-гIа тоба:

ГIий-

Сер-

Бо-

3-гIа тоба:

Суьй-

Iуьй-

Да-

4-гIа тоба:

Ше-

Йов-

Ше-

– ХIора тхьамдано шаьш девлча, шайн тобано йаздина хандешнаш схьадийца.

аь) шаьш бен болх

– ДIадеша 5-гIа шардар.

– И шардар муха кхочуш дан деза?

– Дешнаца, маьIница йогIу предложенеш хIитто йезаш йу.

– Алал хьалхара предложени муха хIоттийна шаьш.

– Стенах олу предложени?

– Предложени – иза кхочуш хилла ойла гойту, маьIница дозаделла дош йа массех дош ду.

– Даладе масал.

(Иштта дешархоша кхин дисина хандешнаш толлу).

VIII. Рефлекси

– Керланиг хIун девзи шуна тахана урокехь?

– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?

– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?

– ТIейогIу урок муха хила лаьара шуна?

– Шайна урок хазахеттехь, самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.

IХ. Урокан жамI дар

– Стенах олу предложени?

– Предложени – иза кхочуш хилла ойла гойту, маьIница дозаделла дош йа массех дош ду.

– Даладе масал.

Х. ЦIахь бен болх

8-гIа шардар, агIо 8.

– ХIетал-метал дIадеший, цуьнан жоп караде, хIетал-метал а, цуьнан жоп а тIера схьайазде.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1