Хадашев Русланан Ясмина,
11 «Б» классан дешархо
МБЙХЬ «Гимнази № 5»
Вайна ма-хаара, адамийн хаарийн бух, цуьнан дуьххьарлера дуьнене болу хьежам, ненан матте, Даймахке болу безам кхоллало жималлехь. Ткъа нохчийн меттан, литературин хьехархочо, ненан мотт Iамийна ца Iаш, шен коьрта декхар лору, синъоьздангалла кхиор.
Тардала мега, нохчийн меттан хьехархо хила атта ду аьлла. Шена хууш дерг урокехь берашка дIадийцичхьана бовлуш хета тарло уьш. Амма со кхийтира, иза иштта доцийла, цкъа берашца со-суо йисча, ма атта ца хилла урок дIайахьа а, хааршна дешархой тIекхио а. Ненан маттахь къамел дан а, йозане шен ойла йерзо а хуу дешархой кIезиг бу. Шаьш оьрсийн мотт бийцарх дозалла а деш, шен ненан мотт Iамо ца лууш, иза беза мохь а хеташ леларш дукха нисло. Моьттар ду уьш ингалз махкара баьхкина бу! Ткъа хьехархочун хIоранна а дагна тIе боьду некъ карабан беза, массо а кхето веза, уллодар а (подход) карадан деза. Аттачех гIуллакх дац иза! Баккъал аьлча, шен маттаца ца хеда уьйр йолуш, изза уьйр берийн кхоллайалийта даггара къахьоьгуш, бер Iамо мел хала делахь а, шен балхах дозалла дийраш дукха бац. Мухха делахь а, суна хиира, и халонаш дуьхьало йоцийла, шен корматалла йезаш, и дош хеташ волчунна.
УьссалгIачу классехь Соьлжа-ГIалин керла схьайиллинчу № 5 йолчу Гимназе дехьайаьлча, ас ойла йора, хьехархой муха хир бу техьа бохуш. Шатайпа кхерам а тосура сан даг тIе. Амма суна йевзира, хIинца сайна тоьллачарех хеташ йолу, нохчийн меттан, литературин хьехархо Исаков Наврдин Бирлант. Ша кIорггера нохчийн мотт бийцарца, берашна шен Iилма Iамо хьаьгна хиларца, самукъанечу йистхиларца тамехьа йолчу, дикачу хьехархочун васт кхоьллира цо сан даг чохь. ДIайоьдучу хенаца сан цуьнгахьа болу хьежам алсамчу лерамах буьзнера. Иштта шен болх а, бераш а, цаьрца бен болх а безаш, адамаш суна кIезиг гинера.
Исакова Бирлант 1967-чу шеран хIутосург беттан 18-чу дийнахь дуьнен чу йаьлла Грозненски кIоштарчу Йоккхачу АтагIахь. Нохчийн мотт кхиорехь а, тIекхуьучу чкъурана иза Iаморехь доккха дакъа йукъадуьллуш схьайогIуш йу Наврдин Бирлант. «Вайн заманан дахаро тахана дIахьедо адамна керла лехамаш – иза лакхара дешаран дикалла, йукъаметтигаш, Iалашоне кхачар, муьлххачу а тIехIоьттинчу хьолехь некъ каро хаар, ткъа уггар коьртаниг –хаамийн боккхачу могIанехь лела хаар ду», – аьлла хета Бирлантана.
1990-чу шарахь болийра Наврдин Бирланта йуьхьанцарчу классан дешархошна хьехаран болх. Мехала хета цунна ша цаьрца доггаха бина болх, хIунда аьлча ненан матте, Даймахке безам кхиор, къоман ламасташ довзийтар коьртачех долу дела. Къаьсттана йуьхьанцарчу классашкахь буьллу хаарийн. Цу хеннахь дIаболабо цо гIорасиз, похIма долчу берашца кхиаме белхаш.
Оьрсийн йаздархочо, классика А. С. Грибоедовс аьлла: «Стаг дешна мел хили а иза пайдехь хуьлу шен махкана». Дош алар массо а хенахь меттахь долуш, хIора а дош мерза хиларал сов, беран лерсине кхачош долу дош хьекъале, маьIна долуш хуьлу тхан хьехархочун. 1984-чу шарахь шайн йуьртан школа, 1993-чу шарахь Соьлжа-ГIалин хьехархойн колледж чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин отделени кхиамца чекхйоккху Бирланта. «Лаккхарчу кхиамашка кхача гIерташ волу хьехархо даим лехамехь хила веза», – олу Бирланта. Цундела 2020-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь цо чекхйоккху Аспирантура (меттаIилманан агIо). 2016-чу шарахь дуьйна жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Нохчийн меттан интернет-урокаш кхолларан проектан белхан тобанан «urok95.ru» интернет-порталехь экспертни комиссехь а, «Ларбе мотт», «Къоман сий» республикин проекташкахь а, «Ладаме къамелаш» Йерригроссин проектехь а. Коьрта лору Бирланта V, VI Къилбседа-Кавказски Хьехархойн Йешаршкахь а (Соьлжа-ГIала – 2013, 2014 ш.), ХV Дуьненайукъара Хьехархойн Йешаршкахь а ша дакъалацар (Тбилиси-2016 ш.). Йукъарчу коьртачу дешаран карлайаьккхинчу федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан (ЙКД ФПДС) нохчийн меттан, нохчийн литературин дешаран предметан белхан программаш хIитторехь экспертан декъашхо а йу иза.
Бераш Iамийна ца Iаш, хьехархойн хьехамча хилла лаьтташ йу Бирлант. Соьлжа-ГIалин нохчийн меттан, литературин хьехархойн методически цхьаьнакхетараллин куьйгалхо хиларе терра цо хьуьнаре дIахьо семинараш, горга стоьлаш, дакъалоцу Iилманан-практикийн конференцешкахь, вебинарашкахь, форумашкахь (Соьлжа-ГIалахь, Махачкалахь, ГIалгIайчохь, Майкопехь, Москвахь, ГIалмакхехь, Владикавказехь). Цуьнан авторски белхаш бу (Iилманан статьяш, докладаш, методикин талламаш, кхоллараллин белхаш, урокийн конспекташ, презентацеш, иштта дIа кхин а) зорбане бевлла республикин газеташ, дуьненайукъара журналаш а тIехь, иштта интернет-порталан «Инфоурок» сайтан шен цIарах йолчу агIонна тIехь. Царах пайда эца йиш йу хьехархойн а, и корматалла карайерзо Iалашо йолчу студентийн а. Шен хилла ца Iаш, шен дешархойн меттаIилманан, кхоллараллин белхаш а бу цуьнан зорбане бевлла. Таханлерчу дийнахь иза боккха кхиам бу дешархошна.
Дешархойн жовхIарийн тIорказ дузарехь цо дIахьо дешархошца классал арахьара болх. Берашна лаккхара хаарш даларал сов, дика а, тоьллачарах лара хьакъйолу амалш кхиоран болх дIахьо Бирланта. Тайп-тайпанчу конкурсашкахь шен дешархошка дакъа лоцуьйтуш, цаьрца шен кхолламан некъ кхин а исбаьхьа боккху цо. Уьш, аларна а доцуш, толамхой а хуьлий боьрзу тхан хьукматан пенашка. Цо говза йукъаозабо дешархой, церан похIмалла (талантливость) гучудоккхуш. Республикин, гIалин къовсамашкахь а, олимпиадашкахь а, Iилманан-талламан конференцешкахь а толамаш боху Бирлантан дешархоша.
Традиционни хилла дIахIиттина цуьнан А. А. Айдамировн цIарах йолчу республикин Къоман бибилиотекехь а, С. М. Михалковн цIарах йолчу республикин Берийн библиотекехь а дIахьуш йолу тематически мероприятеш. Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбаьхна бу берийн белхаш. «Уггар дукха йоьшуш йолу класс» (2016 ш.); «Дуьххьарлера йешархой» (2019 ш.); «Шеран жигархой» (2022 ш.).
Къилбседа-Малхбалехьара олимпиадехь 2022-гIий, 2023-гIий шерашкахь толамхой бу цуьнан. Республикин конкурсашкахь «Нохчийн маттахь тоьлла сочинении», «Тоьлла йешархо» толамхой (2015-2023ш.). Нохчийн меттан, литературин къовсадаларшкахь толамаш бахарна, цуьнан дешархошна йелла Соьлжа-ГIалин Мэрин Гранташ (2015–2024 шш). Цул сов, Йерригроссин республикин олимпиадехь, республикин конкурсийн номинацешкахь толамаш бахарна Сийлаллин Грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалбаьхна бу дешархой. Бирлант нохчийн мотт, литература хьехарал сов, даим классан куьйгалхочун болх беш схьайогIуш йу. Шатайпа жигаралла йолуш хуьлу цуьнан дешархой. Цара дакъалоцу классан а, школин а, школал арахьарчу мероприятешкахь.
Исакова Бирланта нохчийн меттан хьехархочун болх бен 30 шо ду. Iедалан векалша билгалбаьхна Бирлантин толамаш, кхиамаш Сийлаллин Грамоташца, Баркаллин кехаташца. «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» (2018 ш.), «Россин серлонан кхетош-кхиоран сийлахь белхахо» (2019 ш.), «Дато бухIа» премин лауреат «Хьехархо» номинацехь толамхо (2022 ш.). Толамаш баьхна республикин конкурсашкахь: «Республикин тоьлла хьехархой» къовсаман грант (2016 ш.); Нохчийн Республикин Куьйгалхочун грант (2017, 2020, 2025 шш.); Соьлжа-ГIалин Мэрин Гранташ (2015, 2020, 2022 шш.); «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо-2016» лауреат, «Нохчийн меттан тоьлла кабинет – 2023» толамхо.
Хьехархочун болх бIаьргана гуш йоцу, амма шен тIаьхье йоккхайеш йолу кхолларалла йу. Шен болх дукхабезаш, доггаха дешархошна ненан мотт Iаморехь къахьоьгуш, цу тIехь баккхий кхиамаш болуш схьайогIуш йу Исакова Бирлант. Цуьнан арахецархой хьехархочун даржехь белхаш бина ца Iа, уьш хьехархочун корматалла а, меттаIилманан корматалла карайерзоран университетешкахь белхаш беш бу.
ЧIагIонца ала мегар ду, хьехархо похIма а, лаам а болуш бен хуьлийла дац. Цундела нохчийн меттан хьехархой, шен хан а, ницкь а ца кхоош, вайн тIаьхье кхиош болу беза турпалхой бу. А иза, вайна ма-хаара, къонахалла йу. Шен мел долу дахар оцу гIуллакхна тIедерзийна, дийнахь а, буса а хьанал къахьоьгуш, шен хаарш лакхене дохуш, онда болх бо цара. ТIаккха шен деган цхьа хьоме дакъа вайна схьадоьллуш, вайн ненан меттан къайленаш йовзуьйту. Кхузахь ала догIу хIара дешнаш «некъ воьдучу ловр бу». Церан нийса мах хадо хаа деза вайна, цара вайн дуьхьа дIакхоьхьуш болу некъ ларарца. Сайн хьехархочуьнга хьаьжча а го суна, мел боккха болх бу цо дIакхоьхьург. ХIора дийнахь нохчийн маттаца йоьзначу тайп-тайпана мероприятешкахь дакъалоцу цо, амма тесна бац цуьнан дешархой, церан дог а оьцуш, дешарна тIейерзайо дог-ойла. Даим белхан хьалхарчу тIегIанехь го суна Наврдин Бирлант. Хета тарло, оццул хан цу гIуллакхна йойъуш хилча, иза кIордор ду аьлла. Амма цо ша а олу, нохчийн мотт а, цуьнца доьзна дерг а шен дахар ду, цу агIор ахьа къахьегахь, хьуна хьайн ирс карор ду, беркат хир ду, олий. Шега хьоьжуш болчеран къахьега лаам кхоллаболуьйту цо. Нохчийн меттан хьехархо муха хила веза аьлла хаттар кхолладелча, Бирлантан васт хьалха хIутту суна.
Хьехархочун болх хазбийриг а, иза дош хоьтуьйтург а, и болх доггах безаш, бан хууш болу тоьлла хьехархой бу. Царах цхьаъ йу Исакова Наврдин Бирлант. Дала аьтто бойла массерана а хьехархочун дарж лардан!



