Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Чеченская Республика подвела итоги голосования

Чеченская Республика подвела итоги голосования

Иман Хамдиева 20 сентября Чеченская Республика завершила избирательную кампанию, продемонстрировав всей стране впечатляющий уровень гражданской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант,

нохчийн меттан, литературин хьехархо

Нохчийн литература. 11 класс

  1. 1. Урокан тайпа: ийна урок
  2. 2. Урокан Iалашо: «Йеха буьйсанаш» романан дIахIоттам а, коьрта турпалхой а.
  3. 3. Кхочушдан лору жамIаш:

Личностни: ненан мотт Iамор, Россин Федерацин а, шен къоман а, Россин къаьмнийн а истори, культура йовза лууш хилар; дуьне довзаран гIирс санна меттан а, йешаран а культура карайерзор.

Метапредметни: догIуш долу хаттарш хIиттор, шен лаамехь лоьхучу хаамашна жоп лахар; вовшашка ладогIа а, тарбала а хаар.

Предметни: «Йеха буьйсанаш» романан дIахIоттам а, коьрта турпалхой а бовзийтар.

  1. 4. Коьрта дешнаш: йаздархо, роман,
  2. 5. Базови кхетамаш: адам, халкъ, текст
  3. 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:

Хаарш зер (хаарийн актуализаци)

Iаматца болх бар

«Турпалхочуьнца» къамел дар

Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)

Таблица тIейузар

Хаттарш, тIедахкарш

Мах хадоран кехаташца болх бар

 

БЛОЧНО-МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР

БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.

Модуль 1.1. Проблемни хьал.

Лаьар – кха сай оьмар жимма йахлойла,

Хьомечу халкъана, махкана ваца.

Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахьега

ТIаьххьара цIийн тIадам царна дIалойла.

(А. Айдамиров)

 

Дийца, хьан йазйина хIара байт?

Стенах лаьцна йу и?

Айдамиров Абузаран кхоллараллехь коьрта тема муьлха йу?

Романех лаьтта трилогин хьалхарчу томан цIе йаккха.

Модуль 1.2. Iалашо хIоттор.

Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (хуур ду, Iемар ду)

«Йеха буьйсанаш» романан дIахIоттамах, коьртачу турпалхойх лаьцна.

 

БЛОК 2. ГIуллакхан мур.

Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар.

ХААРШ ЗЕР (ТЕСТ)

  1. 1. Айдамиров Абузаран дахаран шераш:

1) 1928-2004 шш.

2) 1929-2005 шш. +

3) 1927-2003 шш.

4) 1926-2002 шш.

 

  1. 2. Роман-трилоги йазйина:

1) Исаева Марьяма

2) Ошаев Халида

3) Мамакаев Мохьмада

4) Айдамиров Абузара +

 

  1. 3. Йаздархочун бераллин шераш дIаихна:

1) Мескетахь +

2) Хьалха-Мартан тIехь

3) Валарг тIехь

4) ТIехьа-Мартан тIехь

 

  1. 4. «Абузаран дас нохчийн маттахь дагахь «Лейла, Меджнун» поэма йоьшура, ша йазйинарш а, кхечеран а назманаш дIаолура. Назманан дешнашка а, чулацаме а хьаьжжана мукъам а, аз а хуьлура цуьнан: дог ойъуш, дог делхош, самукъане, бIаьхаллин а», - хIокху дешнийн автор ву:

1) Айдамирова Машар +

2) Мамакаев Мохьмад

3) Авторханов Iабдурахьман

4) Ахматова Раиса

  1. 5. Айдамиров Абузара школехь чекхйаьккхира:

 1) 7 класс +

 2) 6 класс

3) 8 класс

4) 5 класс

Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)

 

Модуль 2.2.  Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.

   Хьехархочун дош:

1972-чу шарахь арайелира трилогин «Йеха буьйсанаш» цIе йолу хьалхара киншка. Критикаша а, йешархоша а дика тIеийцира и, хIунда аьлча нохчийн исторера дуккха а хьедаза долу бакъдерш дара цу тIехь авторо дуьйцуш, тоьшаллица документаш а далош. И бахьана долуш йаздархочунна дуьхьалонаш йан буьйлабелира. Хала а, чолхе а хилира романан кхоллам.

Шен чулацамца кхаа декъах лаьтта роман. Хьлхара дакъа – «Дагийна латта», шолгIа дакъа – «Чаккхенан йуьхь», кхоалгIа дакъа – «Iаьржа денош».

Туркаев Хьасана Айдамиров Абузаран «Йеха буьйсанаш» романах лаьцна иштта йаздо: «…роман йекъало кхаа декъе. Хьалхарчу «Дагийна латта» цIе йолчу декъехь дуьйцу Къилбседа Кавказан ламанхоша латтийнчу къоман паргIатонехьа, антиколониальни къийсамах лаьцна. Йаздархочо бовзуьйту вайна Нохчийчохь иттанаш шерашкахь лаьттина къийсам, нохчийн халкъан иэшамех, трагедех дуьззина хилла дахар.

Iамат тIера «Романан турпалхой» статья йешар, таблица тIейузар.

Хаттар, тIедиллар

Тезис

Коьрта турпалхой

 

Йаздархочо хьаьнгахь гайтина дуьззина собар, майралла, доьналла, оьздангалла, къинхетам?

 

Муьлха книги тIехь дуьйцу коьртачу декъана Кавказски тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Iехийна, нохчех цхьаберш Турце дIакхалхарх лаьцна?

 

Кхераме лерина, дешаран программи йукъара дIайаьхна говзарш муьлхачарах йара?

 

Аьрзус хьаьнга динера весет?

 

Хила мега жоп:

Хаттар, тIедиллар

Тезис

Коьрта турпалхой

Iелий, Аьрзуй, Маккхал (БойсагIур, Iаьлбаг-Хьаьжа, Зеламха)

Йаздархочо хьаьнгахь гайтина дуьззина собар, майралла, доьналла, оьздангалла, къинхетам?

Аьрзугахь

Муьлха книги тIехь дуьйцу коьртачу декъана Кавказски тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, Iехийна, нохчех цхьаберш Турце дIакхалхарх лаьцна?

«Йеха буьйсанаш» трилогин хьалхарчу книги тIехь

Кхераме лерина, дешаран программи йукъара дIайаьхна говзарш муьлхачарах йара?

Абузар Айдамировн «Йеха буьйсанаш» роман а, Казбеги Александран «Элиса» повесть а

Аьрзус хьаьнга динера весет?

Аьрзус весет дира шен вешига Iелига

 

Дешнаш тIехь болх (литературин терминаш):

Рецензи – муьлххачу кепехь а, формехь а биначу кхоллараллин белхан (поэзи, проза, драматурги, Iилманан таллам, сульптура, кино, художникийн суьрташ…) мах хадош йаздина йоза.

Очерк – дахарера гIуллакхаш гойтуш, билгалволчу стагах дуьйцуш йолу жима эпически произведени.

Очерк кхечу эпически формехь йазйинчу произведенешна йукъахь шатайпаналлица къаьста шен чулацамца, бакъонашца, дахаран массо а агIо йийцаре йарца. Очеркан тоьхна доза дац, цуьнан вайна йовзийта бакъо йу документальни бух болу хиламаш, таро йу дахарх лаьцна публицистически ойланаш йан. Очерк хуьлу историн чулацам болуш, документальни, путевой, публицистически, цхьана стеган дахарх, гIуллакхех, кхиамех лаьцна. Очеркан бараман доза дан а дац. Иза хила мега масех бIе могIа йа произведени.

Ролешкахь йешар

Йешначух лаьцна къамел дар, хаттаршна жоьпаш далар.

Муха нисделира Хонкара дIабаханчу нехан дахар?

ХIун бахьана дара уьш цига дIакхалхар?

Аьрзу хIун Iалашо йолуш кхечира Хонкара?

Айдамировс мухIажарийн мукъамца гойтура церан чолхе хьал:

…ТIам чехка олхазар, Нохчийчу хьо додахь,

Маршалла луш, ала тхан муъма вежарашка –

Даа рицкъа ва доцуш, дийша мотт ва боцуш,

Тхо лелаш ду алий, кху пана ва махкахь.

Муьлхачу Iазапе лецира Хонкара баханарш? Йаздархочо Даймахкаца йолу дог-ойла муха йаьстина дIакхелхинчу адамийн?

Прием: «Турпалхочуьнца къамел»

Цхьа декъашхо — текстан турпалхо, вукхара хаттарш ло. «Турпалхочо» луш долу жоьпаш хила деза текстера.

  1. 1. Iелига хIун къамел дира Аьрзус ша валале?

Жоп: Цигахь чов хилла леш волчу Аьрзус весет до шен веше Iелига.

  1. 2. Текст йукъахь схьа а лахий, дIадеша и дешнаш.

Жоп: «…хIуъа хьайна тIе дарах собарх, къонахаллех ма вохалахь… Нагахь вохахь, кху къизачу дуьнено къинхетамза кIелхьарчор ву… Дайша вайна хьехначу оьздачу новкъа, цхьаннахьа а корта ца таIош, майрра гIулч йоккхуш, хьалха дIагIой, воссалахь коша…Ког шершаш, гор воьдуш, охьакхеташ меттигаш а йогIур йу хьуна… Хьо эшна меттигаш а нислур… Амма воьжначохь Iилла ма сацалахь, тоьллачу мостагIчуьнга къинхетам ма бехалахь… Маршонах догдилле, нехан лай хилий ма вахалахь. Майраллина, оьздангаллина, тешамна, собарна тIехь йахь ца луш верзалахь вайн дайшна… тхуна дуьхьал… Хьо цIа верза… Суна ца лаьа вайн цIийнан… кIур бойла… цIа верза мухха верзий а…»

  1. 3. Iелас стенна тIехь йо чIагIо?

    Жоп: Iелина шал-шера дага догIу, дIакхелхаш волу шен вашас дина весет. Царна хьалха йуьхьIаьржа ца ваха чIагIо йо цо.

ХIун ду стеган дахарехь уггар халаниг?

Йаздархочо чолхечу хьолехь гойту шен турпалхой. Цу хьолера церан хьалхабовлла амал а бо. Роман хиндолчун тIехь йазйина хиларх цхьа а шеко йац. А. Абузара дукха листина архивни документаш. Цундела йу и массарна а дагах кхеташ, дог Iовжош.

БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.

Модуль 3.1. Ша шен мах хадор, ойла йар.

Хаттаршна дуьззана жоьпаш йазде:

«Йеха буьйсанаш» романан коьрта турпалхой муьлш бу?

Цуьнан говзарийн коьрта тема муьлха йу?

Муьлха турпалхо ву авторо шегара кхоьллинарг?

ХIун ойланаш хуьлу Даймахках бовла безачу нохчийн?

Муха весет до Аьрзус Даймахка цIаберза леринчу нохчашка?

Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.

Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.

Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.

Дешаран гIуллакхийн рефлекси.

Дешаран Iалашо: «Йеха буьйсанаш» романан дIахIоттамах, коьрта  турпалхой бовзар.

ХIун Iеми вайна?

ЦIера болх (инструктаж)

  1. 1. Романан дакъошна план хIоттор, планаца схьайийцар.
  2. 2. Муьлхачу а цхьана декъана анализ йар.
  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1