Соьлжа-ГIалин «Йуккъера йукъардешаран ишкол № 10»
Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо
Байраев Iарбин Заира
11 класс,
- 1. Урокан тайпа: ийна урок
- 2. Урокан Iалашо: Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. «Стаг велча йуьртахь», «ДIалакха кховдийра пондар» байтийн анализ йар;
- 3. Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: эмпатина, шен чулоцуш кхечуьнан хьолах кхетар а, и хьасене волучу хенахь тидаме эцар а долуш, къахета а, доглаза а гуьнахь хилар;
социальни карадирзинарш, шайна чулоцуш кхечаьрца йукъаметтигаш хIиттон а, гIайгIабан хаар а, йешаран зеделларг тидаме а оьцуш, дар-дацар дерзон лаам хилар а долуш.
Метапредметни: исбаьхьаллин произведенин чулацамехь йолу проблема ша-шех дозуш доцуш формулировка йан а, актуализаци йан а, иза чулацаме лара а; догIуш долу хаттарш хIиттор, шен лаамехь лоьхучу хаамашна жоп лахар;
Предметни: Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. «Стаг велча йуьртахь», «ДIалакха кховдийра пондар» байтийн анализ.
- 4. Коьрта дешнаш: йаздархо, нана, зуда, пондар.
- 5. Базови кхетамаш: адам, зуда, текст
- 6. Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
Iаматца болх бар
Ловзаран кеп
Текстаца болх бар (инсерт технологех пайда эцар)
Таблица тIейузар
Хаттарш, тIедахкарш
Мах хадоран кехаташца болх бар
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР.
БЛОК 1. Мотивацин-Iалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тIеэцаран хьелаш кхоллар.
Модуль I.I. Проблемни хьал.
Инуркаев Сулейманан Шайхиев I. «Зуда йац, нана йу» байтах дош цIе йолу видеоролике ладогIар.
- Дийца, муьлза синхаамаш кхоллабели шун?
- «Нана» темина синквейн хIоттор.
- Кхин муьлха стихотворенеш йевза шуна Шайхиев Iалвадин?
Модуль I.2. Iалашо хIоттор.
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллех. «Стаг велча йуьртахь», «ДIалакха кховдийра пондар» байтех.
БЛОК 2. ГIуллакхан мур.
Модуль 2.I. Актуализаци йар, хаарш карладахар.
ХААРШ ЗЕР (тест)
- 1. «Дерачу кхолламан кхел» цIе йолу повесть йазйинарг ву:
1)Сулейманов Ахьмад
2) Шайхиев Iалвади +
3) Мамакаев Iарби
4) Гайсултанов Iумар
- 2. ХIун Iадат ду «Дерачу кхолламан кхел» повесто гойтург? Нийсаниг харжа.
- I) Хьаша тIеэцар
2)ЧIир йекъар+
3) Воккхачунна хьалха бер кера ца эцар
4)ЦIе кхабар
- 3. Шайхиев Iалвади вина ... -чу шарахь ... цIе йолчу йуьртахь.
1)1930-чу ш. Гихта
2)1903-чу ш. Хьалха-Марта
3)1922-чу ш. Валарг
4)1947-чу ш. ГIиргIазойн мохк +
- 4. Зовлбиган чIир эца ара мила волу?
1)Аьрзу
2)Леча+
3)ЖамиIат
4)Сайбина
- 5. Халкъан барта кхоллараллин йуккъе ца йогIу:
1) стихотворенеш +
2) кицанаш
3) туьйранаш
4) хIетал-металш
Вовшийн белхаш таллар. Мах хадоран кехаташ тIе баллаш йахкар (хIора тIедилларна нийса жоп – 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гIуллакхаш кхочушдар.
Iамат тIера Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллех лаьцна статья йешар, текст тIейузар.
Шайхиев Iалвади дуьненчу ваьлла нохчийн халкъ махках даьккхинчу муьрехь-чу шарахь ГIиргIазойн махкахь, Замай-Юьртара доьзалехь. Шен йалх шо кхаьчча вахана иза гIиргIазойн маттахь хьоьхуш йолчу йуьхьанцарчу школе. ______-чу шарахь дайн лаьтта тIе, ______________ кIоштарчу Замай-Юьрта цIа бирзина –доьзал.
Хила мега жоп:
Шайхиев Iалвади дуьненчу ваьлла нохчийн халкъ махках даьккхинчу муьрехь 1947-чу шарахь ГIиргIазойн махкахь, Замай-Юьртара Хасмохьмадан доьзалехь. Шен йалх шо кхаьчча вахана иза гIиргIазойн маттахь хьоьхуш йолчу йуьхьанцарчу школе. I957-чу шарахь дайн лаьтта тIе, Нажин-Юьртан кIоштарчу Замай-Юьрта цIа бирзина ШайхиевгIеран доьзал.
«ДIалакха кховдийра пондар» стихотворени йешар, анализ йар.
Байто поэтан муьлха синхаамаш бовзуьйту?
Нохчийн къоман муьлха гIиллакх дуьйцу байтехь?
Дийца байтан цIе «ДIалакха кховдийра пондар» хIунда тиллина поэто?
Дийца байтан коьрта маьIна хIун ду?
Дешнаш тIехь болх:
ГIайгIа – горе
Урд – надел
Ахархо – пахарь
Мерз – струна
похIма – талант
охIла – данность; потенциал; склонность
кхес – грива
ткъес – гром
суй – искра
кха – участок пахотной земли.
«Стаг велча йуьртахь» цIе йолу байтан анализ
Таблица тIейуза:
|
1. Говзаран литературин тайпа билгалдаккха. |
|
|
2. Говзаран жанр билгалйаккха. |
|
|
3. Маса стихах лаьтта хIара говзар? |
|
|
4. ХIора стихан дешдакъойн барам билгалбаккха. |
|
|
5. Маса строфа йу кху говзарехь? |
«ДIалакха кховдийра пондар» стихотворени йешар. Хаттарш, тIедахкарш
Байт йуккъера фразеологизмаш схьайазйе. Дийца, кхин муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайда эцна авторо?
Зудчун васт муха кхоьллина «Стаг велча йуьртахь» стихотворенехь?
ХIунда боху поэто адамашка делха?
ХIун лууш ву произведенехь лирически турпалхо?
БЛОК 3. Рефлексивни мах хадоран мур. ЖамIдар, цIахь бан болх.
Модуль 3.I. Ша шен мах хадор, ойла йар.
Вовшийн белхаш таллар. ХIора нийсачу жоьпана 1 балл.
Нийсачунна «хIаъ», нийса доцчунна «хIан-хIа» жоп йазде.
а) книгин мах хадош йазйина йолчу жимчу произведенех аннотаци олу. _____
аь) шайна тIехь тохар доцчу шина дешдекъах лаьтташ йолчу стихан гIулчах
спондей олу. _____________
б) поэтически произведенехь шена жоп доьхуш а доцуш, хIума чIагIдаран
маьIнехь далийна долчу хаттарх риторически хаттар олу. _______
в) шина а йа царел совнаха а долчу стихотворенин могIанийн чаккхенашкахь
цхьатерра декаш долу аьзнаш хиларх рифма олу. _____
г) хIуманан йа хиламан мухалла исбаьхьаллин, поэтически кепехь сурт хIотторца
гойтуш долчу дашах эпитет олу. _____
Жоьпаш: а) хIан-хIа, аь) хIан-хIа, б) хIаъ, в) хIаъ, г) хIаъ.
Модуль 3.2. Урокан жамIийн мах хадор. ЦIера болх.
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана а.
Дешаран гIуллакхийн рефлекси.
Дешаран Iалашо: Шайхиев Iалвадин стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. «Стаг велча йуьртахь», «ДIалакха кховдийра пондар» байтийн анализ йар.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх (инструктаж)
- 1. 231–234-гIа агIонаш тIехь болх бар.
- 2. Цхьа стихотворени дагахь Iамо.


