Хьехархо, гочдархо, йаздархо

(Арсанукаевн I. книгин тIера)

Исаева Марьям XX-чу бIешарахь нохчийн исбаьхьаллин литературехь, культурехь кхиамца болх биначарах йу. ДIадаханчу бIешеран хьалхарчу эхехь цо доккха гIуллакх дина къомана йукъа йоза-дешар даржорехь, исбаьхьаллин культура кхиорехь.

XX-чу бIешеран 60-чу шерашкахь арайевлла Исаева Марьяман «Ирсан орам», «Ире кхоллархой» романаш хIетахьлерчу вайнехан литературехь дикачарах йара. Нохчийн литературехь прозин жанр кхиарехь мехала хилла уьш.

Исаева Марьям йина 1898-чу шеран гIуран беттан 20-чу дийнахь Одессехь халкъан хьехархочун Хакишев Солтин доьзалехь. Iалхан-Йуьртара вара Хакишев Солта. KIopггеpа дешна а волуш, шуьйра кхетам болуш вара Хакишев Солта, ма-дарра альча, халкъан серлонча вара. «Хакишев Солтас шен хенахь шуьйра йаржош хилла вайн халкъана йукъахь прогрессивни дог-ойла», – йаздора нохчийн гоьваьлла йаздархо, литературин критик волчу Сулаев Мохьмада. ХХ-гIа бIешо долалучу муьрехь Хакишев Солтас Лаха-Неврехь школа схьайиллина, цу хенахь керла йолу дешаран кепаш йукъа а йалош. Цул тIаьхьарчу хенахь дешаран учрежденешкахь, пачхьалкхан органашкахь тайп-тайпана белхаш бина цо, амма цкъа а хьехархочун дарж ца дитина. Хакишев Солтин дахар, цо къоман дешар кхиорехь кхочушдинарг, Нохчийчоьнан йукъараллин дахарехь дакъалацар, шайн хьокъехь кхоччуш талламаш а бина, тIекхуьучу тIаьхьенна довзийта дезаш дара. Шен хааршца, хуьнаршца, къинхьегаман тIера хиларца шех масал эца хьакъ долуш стаг хилла Хакишев Солта.

Йуьхьанцара дешар Исаева Марьямана цIахь, шен доьзалехь Iамийна. ЙоьIан да Хакишев Солта, вай ма-аллара, лаккхара дешар дешна вара, нана француженка а дешна хилла. Цара цIахь кхачам боллуш йуьхьанцарчу дешаран хаарш луш хилла шайн берашна. Марьям кхидIа деша йахийтина Одесса гIалин 2-чу гимнази. Одессера Хакишев Солтин доьзал Нохчийчу цIабирзича, Соьлжа-ГIаларчу гимназин 5-чу классе деша дIаэцна йоI, иза чекхйаьккхина цо. Гимназера йаьлча, хьехархойн курсаш а чекхйаьхна. Цул тIаьхьа шен да Хакишев Солта директор волчу Лаха-Неврерчу школехь оьрсийн меттан, литератратурин хьехархочун болх бина цо. Оцу школехь Исаева Марьяман дешархошна йукъахь хилла тIаьхьа сийлахь Iилманча хинволу Авторханов Iабдурахьман а, къоман гоьваьлла йаздархо хинволу Айсханов Шамсудди а. Авторханов Iабдурахьмана шен «Мемуараш» тIехь хьахийна Исаева Марьям. Оьзда гIиллакхаш долуш, тамехь, цIенчу куьцехь стаг йара шайн хьехархо, шаьш массо а иза дага а йоьхна дара бохуш, йаздина Авторханов Iабдурахьмана Исаева Марьямах лаьцна: «…молодая учительница была необыкновенной красоты, типа лермонтовских черкешенок, в которую мы все, конечно, тайно были влюблены, …писала стихи. По-женски нежные и безмятежные стихи ее до нас, мятежников, совсем не доходили». Исаева Марьяман кхолларалла стихашца дIайолайелла. Цуьнан дуьххьарлера стихотворенеш газетийн, журналийн агIонаш тIехь арайийлина.

Школехь хьехархочун балхахь дукха ца йитина Исаева Марьям, иза1920-чу шарахь Соьлжа-ГIала дIа а йигна, Нохчийчоьнан халкъан дешаран отделан дошкольни декъан куьйгалхо хIоттийна. Кхузахь балхахь йолуш цо алссам йазйина берашна лерина йолу произведенеш: туьйранаш, стихотворенеш, эшарш, тIаьхьо повесташ, дийцарш, пьесаш. Уьш цу хенахь Iаламат чIогIа оьшуш а, бераш кхетош-кхиорехь мехала а хилла.

Исаева Марьяма шена тIедиллина гIуллакх леррина, даггара кхочушдеш хилла. Дукха хан йалале кхин а жоьпалле болчу балха йахийтина иза. Граждански тIом болчу хенахь байлахь дисначу берийн Iуналла деш, уьш берийн цIеношка дIанисдаран гIуллакхаш вовшахтухучу, царна оьшуш болу дешаран а, хьехаран а гIирсаш кечбар кхочушдечу дешаран отделан куьйгалхо хIоттийна Исаева Марьям. Доккха гIуллакх дина цо буоберийн тергойарехь, царна дешаран, Iер-дахаран хьелаш кхолларан белхаш вовшахтухуш.

1924-чу шарахь Исаева Марьям Ростов гIала ВКП(б) Къилбаседан Кавказан крайкоевой комитетан зударийн отделан куьйгалхочун балха дIайуьгу. Оцу хенахь Iедало чIогIа терго йеш хилла зударшна йукъахь дIабахьа безачу белхан. Исаева Марьям Нохчийчохь йевзина ца Iаш, арахьа а йевзаш хилла шен белхан хьуьнаршца, хааршца, даим белхан гIуллакхашна чу садиллина хиларца. Цундела йерриг Къилба-Седан Кавказехь и болх вовшахтохарца доьзна долу жоьпаллин дарж тIедиллина Исаева Марьямна. Цигахь болх барца цхьаьна Ростоверчу пачхьалкхан университетан филологин факультетехь а доьшу цо, иза кхиамца чекх а йоккху. Къоначу йаздархочун йукъара хаарш садаларехь а, исбаьхьаллин корматалла кхиарехь а мехала хилла и хан.

1930-гIа шераш дуьйлалучу муьрехь Исаева Марьям йуха а Нохчийчу балха схьайалайо. Халкъан дешаран, культура кхиоран тайп-тайпанчу учрежденешкахь куьйгалхочун белхаш бо цо. Ша муьлххачу балхахь хилча а исбаьхьаллин литературехь хаддаза къахьоьгуш йара иза. Йуьхьанца коьрта долчунна поэтически жанрашкахь йаздора цо. Зорбанехь арайевлира Исаева Марьяман йаккхий поэтически произведенеш, царах йара «Вайн дуьхьа эгнарш», «Лайла», «ГIамаран Iин» цIерш йолу поэмаш. Оцу произведенийн чулацамехь адамийн чолхе кхолламаш бу, историн халчу муьрехь а адамаш доьналлех ца духуш хиларан ойлайо авторо.

1931-чу шарахь Ростовехь арадолучу «На подъеме» журнал тIехь зорбатуьйхира «На путях становления национальной литературы Чечни» цIе йолу Авторханов Iабдурахьмана йоккха статья. Цу тIехь автора нохчийн къоман исбаьхьаллин литература кхиаран хьелаш довзуьйту, автора и кхочушдо шуьйрачу материала тIехь. Цо нохчийн йаздархойн дуккха а цIерш йоху, церан произведенеш йовзуьйту: Бадуев СаьIидан, Дудаев Iабдин, Нажаев Ахьмадан, Айсханов  Шамсуддинан, Сальмурзаев Мохьмадан, Мамакаев Мохьмадан, З. Межидован, М. Йандаровн, И. Эльдархановн, кхиболчийн а. Исаева Марьяман кхолларалла а хьахайо Авторханов Iабдурахьмана. Къона поэтесса нохчийн литературехь шен билггал йолу меттиг дIалоцур йолуш хиларх тешна ву иза. Цуьнан поэтически произведенеш «Зелимхан», «ГIамаран Iин, «Вайн дуьхьа эгнарш», «Лайла» шуьйра йевзаш хилла хIетахьлерчу нохчийн литературехь, уьш хрестоматеш тIехь, дешаран книгаш тIехь зорбатухуш а арайийлина. Халкъан бартакхоллараллех пайдаоьцуш йазйина йу «ГIамаран Iин» цIе йолу поэма. Нохчийн шира легенда йу поэмин буха йиллинарг. Исаева Марьяма къоман легендин чулацамна тIе а тийжаш керла произведени, исбаьхьаллин литературин произведени йазйина. Поэмин боккха кхиам хилла ша йазйинчу хенахь а, цул дуккха а тIаьхьа а. Вайн заманахь композиторан Бексултанов Iумара симфонически поэма йазйина Исаева Марьяман «ГIамаран Iин» поэми тIехь.

Исаева Марьяма школашна дешаран книгаш а кечйина. Цо дакъалоцуш арахецна 1933-чу шарахь хьалхарчу даржа нохчийн школашна программаш. Нохчийчоьнан школашкахь 30-40-чу шерашкахь шех кхиамца пайдаоьцуш хилла цо хIоттийна литературин хрестомати а, кхийолу дешаран книгаш а.

Исаева Марьям йевзаш хилла дика гочдархо санна а. Цо нохчийн матте йаьхна оьрсийн литературин классикийн А.С. Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн, И.А. Крыловн, Н.А. Некрасовн, А.П. Чеховн, С.Я. Маршакан, Украинин литературин классикин Т.Г. Шевченкон произведенеш. Исаева Марьяма гочйина йерриге произведенеш, дешаран книгаш тIехь зорба а тоьхна, нохчийн маттахь школашкахь Iамош хилла.

1937 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин краеведенин музейн директор хIоттайо Исаева Марьям. Дуккха а шерашкахь болх бина цо музейхь. Къоман истори хьокъехь, Нохч-ГIалгIайчоьнан краеведених лаьцна алссам материалашца тIейуьзна музей, вовшахтоьхна музейхь Iилманан-талламан белхаш кхочушбар. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIом вайн Республикин дозанашна йуххе гIоьртина, мелла а кхерам тIехIоьттича, музейн мехала материалаш Iалашйаран болх вовшахтоьхна цо. 1944-чу шеран чиллин беттан 23-гIа де тIекхаччалц республикин краеведенин музейн куьйгаллехь лаьттина иза.

Нохчийн къам махках даьккхинчу хенахь берийн бошмашкахь а, школехь хьехархочун а белхаш бина Исаева Марьяма. Казахстанехь Джамбульски областехь Iийна иза. Цигахь ша теш хиллачу дахаран хьолех лаьцна, белхалойн хьаналчу къинхьегаман хьокъехь тIаьхьа йаздийра ду цо шен «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романашкахь. Оцу муьрехь цигара дахар кIорггера тергалдеш, адамийн амалех кхиа гIерташ хилла йаздархо. ХIара Iаш йолчу Чолак-Тау поселкана гена йоццуш фосфоритан маьIданаш йохучу меттехь Iилманчех, инженерех, белхалойх лаьтташ йолу йоккха белхан коллектив хилла. Церан гIиллакхаш, йукъаметтигаш, белхан хьелаш тергалдина йаздархочо, хIетахь царах лаьцна цхьацца хIуманаш дIайаздеш, ша йазйан дагалаьцначу произведенешна кечам бина цо. И материалаш цунна пайдехьа хилла, 1957-чу шарахь Казастанера цIайирзинчул тIаьхьа, йаккхийчу жанрашкахь йолу произведенеш йазйан йолайелча. Цо леррина, кхидолу гIуллакхаш а дитина, хаддаза болх бо исбаьхьаллин литературехь. Эпически жанрехь йолчу йаккхийчу произведенеш тIехь болх беш йара иза. Цо дагалаьцнера кхаа романах лаьтташ йолу трилоги йазйан. Оцу романех хьалхарниг арайелира 1964-чу шарахь. «Ирсан орам» цIе йолу роман. ШолгIаниг «Ирс кхоллархой» арайелира 1969-чу шарахь.

«Ирсан орам» романан чулацамехь ду нохчийн къам, махках а даьккхина, Казахстанехь хиллачу хенахьлера гIуллакхаш. 60-чу шерахьлерчу нохчийн литературин тематика шорйина Исаева Марьяман «Ирсан орам», «Ирc кхоллархой» романаша. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIом болчу хенахь Даймехкан хьал а, ницкъ а алсамдаккхарехьа йолчу Iалашоно цхьабарт беш вовшахтоьхначу тайп-тайпанчу къаьмнех долчу адамех лаьттачу къинхьегаман коллективо тылехь хIайттараллица болх бар гайтина «Ирсан opам» цIе йолчу романа тIехь. Белхалошна йуккъехь долчу интернациональни доттагIалло коллективан белхан хьуьнарш алсамдохуш хилар къеггина билгалдаьккхина автора.

Романа тIехь айбина йолу дуккха а проблемаш къастор автора кхочушдо билггалйолчу сюжетни зIенашца а. Романан мотт цIена бу, говза бу. Чолхенаш йац, цкъацкъа нохчийн йаздархойн произведенешкахь хуьлуш йолу ца оьшу диалектизмаш йац. Роман атта йешалуш йу, цу тIера хиламаш дагах хьакхалуш бу. Нохчийн литературехь шуьйра йевзаш йу иза а, цул тIаьхьа зорбанехь арайаьлла «Ирс кхоллархой» роман а. Трилоги йазйан Iалашо хилла йаздархочун. «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романаш трилогин хьалхара ши книга ларалуш йу. Трилогин кхоалгIачу книги тIехь болх беш хилла йаздархо, амма иза чекхйаккха ца кхиъна автор.

Исаева Маръям кхелхина 1977-чу шеран эсаран беттан 17-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Цуьнан кхолларалла, цуьнан книгаш шайн мехалла лахйелла йац, уьш хIинца а республикехь кечйечу дешаран книгаш тIехь, хрестоматеш тIехь зорбатухуш йу.

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО