Туркаев Хьасан
Зорба туху 1960-чу шарахь Сатуев Хьусейнан стихашна. Дуьххьарлера «Мохе» цIе йолу стихотворени шеца цхьацца пессимистически ойланаш йолуш йара. Хетарехь, хьалхара гIулч поэзе йоккхуш верг, шен стихаца оптимизм а, велар а, дуьне дезар а долуш ван везаш вара.
Амма Хьусейна мохе лоьху шен «даг тIера ойланаш «хийцар», «сингаттам коьртера сихха айар», «цатамаш соь биц а бойтуш, дарцаца хьийзар». ХIун ойланаш йу техьа къоначу поэтан хийца йезарш, хIун сингаттам, хIун цатамаш? Иштта йара и дуьххьарлера стихотворени.
Бакъду, цул тIаьхьа шо даьлча, 1961-чу шарахь цо шен «Сан некъакхочуьнга» цIе йолчу сатирически стихотвореница нехан вовшашца йолчу йукъаметтиган тема хIоттайо. Делахь, цу хенахь а шера йац цуьнан стихаш, сингаттам хаало цаьрца:
Ма лаьа: хьеречу дарцаца
Хедайан, тов гIутту беснеш,
Схьалеца алонан балдашца
ДогIанан зов дуьйлу мерзаш.
Иза-м, бакъдерг дийцича, къоначу стеган дIахIоьттина йалаза йолу амал хила а мега. И мухха а делахь а, кхузахь дуьххьара схьакъеда поэтан тIаьхьуо хинйолчу коьртачу граждански теман йуьхьиг. ДIадолу кхин цхьа шо а. 1962-чу шарахь цуьнан стихийн чулацам къаьсттина хийцало. ХIинца кхузахь йу дахаран серло а, стихийн хаза мотт а, ритм а:
Ирсе ву со, Даймохк гарна:
Лаьмнаш, ареш, хьоме йарташ,
Винчу къоман иллеш диэкахь,
Массарел суо ирсе хета.
(«Ирсе ву со»)
«Ахь дина хIун ду-техь Даймехка арахь» – олу цу хенахь Сатуевс. Иза риторически хаттар дац. Иза поэтан дахаран кхоллалуш йолу принцип йу, хIинца а шуьйра гучайаьлла йоцу. Амма «къона ойлан шен дахарехь йолу Iалашо ца лохуш ца Iа. Мича гIерта техьа къона дог?». Хьусейна цунна жоп ша ло:
Сийлачу шерачу аренца
Къоначу ойлано валош,
Со вогIу бIаьстенан бацаца,
Езарна дай баьхна aгIo.
ХIоккхузара дIайолало цуьнан поэзин граждански мотиваш… «Малха кIел xьо хьайнна вахахь – къонаха вац» боху поэто. Цу дешнийн чулацам, дуьххьар уьш дешча ма хеттара, готта бац. Лаьтта тIехь уггаре сийлахь, уггаре хьоме говзалла – латта ахар, нахана чохь Iе хIусам йар, халкъашна йуккъехь машар ларбар – и хил йеза малха кIел шенна ца вехачу стеган Iалашо, Хьусейн дика кхета цунах.
1963-чу шаро керла кхиамаш бохьу къоначу йаздархочунна: зорбанехь а арайовлу цуьнан керла, чулацаме хьаьжча, хьалхарчарел тоьлуш стихаш. Царах цхьаь йу «Кубах лаьцна ойланаш» цIе йерг. Цу стихаца поэто буьйцу таханлерчу дерриге а дуьненна безаш болу машар а, тIамна дуьхьал латто бела къийсам а. Кубе а, кхинйолчу кегийчу, шайн паргIатонехьа къийсам латточу къаьмнашка болу советски халкъан безам боккха бу.
Къаьсттина хазйала йулу цу хенахь Сатуевн Iаламах лаьцна йолу лирика. Схьахетарехь, иза цуьнан поэтически нуьцкъалчарех цхьа aгIo йу. «Сенлуш хьаьъна хIаваъ зевне декаш, цIенчу тулгIех дуткъа даьржа дIа».
Шайна чохь шура йуттуш долу хьаьжкIийн кенаш санна, чулацаман маьIна кIаргделла Сатуевн 1967-чу шарахь арадаьллачу «Орга» альманахан шолгIачу номерехь зорба тоьхна йолу стихийн цикл. Цуьнан бахьана башха чолхе а дац: къона поэт шина шарахь хIурда кеманаш тIехь Даймехкан Къилбаседехь долу доза лардеш хилла. Сатуевс-бIаьхочо йазйина xIop стих а йу шайн художественни а, идейни а агIонаш говзалле кхаьчна. Дукха йу уьш. Царах зорба тоьхна масех бен йац. Амма уьш дешархочуьнга кхачаран мах бан а бацара, цара, чIагIдо ас, боккха патриотически а, эстетически а кхиам лур бара къоначу тIаьхьенна. Иштта йу поэтан поэзии. Нагахь санна сайга цунах лаьцна доцца ала аьлча, ас хIокху кеппара эр дара: кхиъна йаьлла стогалла а, кхиина йаьлла поэзи а.



