Туркаев Хьасан

Нохчийн литературин хьоста де дийне мел дели алсамдолуш, шорлуш лаьтта, хIунда аьлча цунна ницкъ ло тIекхуьучу исбаьхьаллин корматалла йолчу кегийрхоша. Тайп-тайпана ду уьш литературина йукъабаьхкина некъаш, амма церан кхоллараллех лаьцна ойла йича гучадолу хьуна и некъаш шера хилла цахилар а, царна дахар довзар а.

Царах цхьаъ хета суна вайн республикехь книгашйешархошна дика вевзаш волу Айдамиров Абузар.

Абузар вина 1933-чу шарахь Ножи-Юьртан кIоштахь йолчу Мескетахь. Цуьнан бералла дIайахара винчу лаьмнашкахь. Шен йуьртахь чекхйаьккхира цо йуьхьанцара школа. Йуккъера школа чекхйаьккхира Киргизехь. Цул тIаьхьа дIаболабелира Абузаран къинхьегаман некъ. Библиотекехь, финансови органашкахь болх бо цо. 1952–1956-чу шерашкахь доьшу Пишпекехь хиллачу йуьртбахаман техникумехь.

Волалуш волчу йаздархочуьнан дуьххьарлерачу дийцарна зорба туху 1957-чу шарахь Алма-Атахь нохчийн маттахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета тIехь.

Киргизера цIа веанчул тIаьхьа иза 1958-чу шарахь деша воьду Нохч-ГIалгIайн пединститутан историко-филологически факультете. ХIетахь дуьйна вайн республикин рогIерчу зорбанехь кест-кеста арадовлу цуьнан дийцарш, повесташ. Книгашйешархочунна дика йевза цуьнан стихаш а, эшарш а. Царна зорба тоьхна «Винчу лаьмнашкахь» цIе йолчу цуьнан сборникана тIехь.

Амма Айдамировна поэзел муьтIахь проза йу. Прозехь йазйина цо шен масийтта книга. Цо дуьххьара зорба тоьхнарг прозехь йазйина «Ненан дог» цIе йолу повесть йара.

Чолхе йац оцу повестан сюжет. Масех дашца аьлча цо дуьйцу школин завхозо СаIида шен кхаа беран нанна Курсамна тIе зуда йалорах, ткъа йукъаралло иза цуьнга йитийтарх а, и шен доьзална тIе йухаверзарх а лаьцна.

Абузарана дика хуу куц ду вайн йарташкахь долу дахар, нехан вовшашца йолу йукъаметтиг, нехан дахарехь xIopa дийнахь хуьлуш болу хийцамаш. Иза шера гучадолу, масала, СаIида шен зудчунна тIе Асет йалийча, йуьртара дукхахболу баккхийнах и гIуллакх ца той, иза шен доьзална тIеверзо гIоьртича. Оцу масало а гойту вайн денойн бакъдерг: хьалха динний, шариIатний тIегIерташ Iийна болу баккхий нах, тахан бу вайн йукъараллин низам лардеш, кегийрхой нийсачу новкъа бохуш.

1963-чу шарахь арайолу йаздархочун сборник «Лаьмнашкахь серло». Сборника чуйогIу повесть, масех дийцар. «Маршонан цIарах» аьлла йу оцу повестан цIе. Иза Абузара тIаьхьо йазйийр йолчу романан кийсак йу.

Шен повесташкахь, дийцаршкахь Абузаран коьрта Iалашо зударийн васташ кхоллар, дахаран хьостах лаьтта жуккарш Iорайахар йара. «Лаьмнашкахь серло» сборникана тIаьхьа арахоьцу цо «Генарсолтин хьуьнарш» цIе йолу сатирически сборник. Ала деза, цуьнан сатира дахар девзаш, цунна новкъарло йеш долу хIуманаш девзаш йазйина хилар «Генарсолтин хьуьнарш», «Жуккаран мукIарло», «Анонимка» дийцарша кхачамболлуш гучабоху болх бан ца лууш, даа-мала дезаш, шайна и ца хилахь, мичча а кепара даккха а реза болу генарсолтагIар. Шен башхаллонаш йолуш йу сатирически жанр. Сатирина чудогIу дахарехь типични доцург. Вайн дахарехь нислуш йолу цхьацца жуккарш – типични хилла дIахIоьттина дац.

Дахаран ледара агIонаш гайтар йац йаздархочуьнан коьрта Iалашо. КхиндIа арайевллачу шен произведенешкахь цо кхуллу вайн заманхойн исбаьхьа васташ, хIоттайо къоман идейни мировоззрени шорйаларан проблемаш. Масала, «Тхан эвлахь» повеста тIехь Айдамировс коьрта тидам тIебахийтина «дай», «бераш» тахана кхоллалучу культурни дахаран керлачу хорманех кхетарна. Йаздархочунна нийса гина таханлерачу вайн йарташкахь хуьлучу синкъераман, ловзаран хийцалуш лаьтта кеп.

Айдамировс йаздинчу дийцарша а, повесташа а билгалдоккхура иза цо эпически йоккхачу жанрана беш болу кечам хилар. Йаздархочо хьалха кхоьллинчу дийцарийн тематика вайн заманан дахар толлуш хиларо новкъарло ца йира цунна, исторехь масийтта шарна йуха кIегар а ваьлла, оцу заманан коьрта сибат гайта. Дахар талла Iамар, иза муьлххачу а исторически хенаца дозуш делахь а, йаздархочунна чIогIа оьшуш ду. Коьртаниг – цунна цу заманан коьрта идея гучайак-кха хаар ду.

Цундела цуьрриг тамашийна дац Абузара шен кхоллараллина муьтIахь йолу таханлера тематика жимма нацкъар теттина исторически тематика схьалацар. Дукха хан йоццуш арайаьллачу «Маршонан цIарах» шен романехь цо гойту нохчийн халкъан исторехь 19-чу бIешерийн 40-чу шерашкара схьа 1905-гIа шо тIекхаччалц йолу заманан кийсак. Нохчийн халкъо, Къилбаседан Кавказерчу кхечу къаьмнаша санна, паччахьана дуьхьал латтийна национально-освободительни, антиколониальни къийсам – иза йу романан коьрта тема. Амма йаздархочо коьрта тидам тIехьовзийна лаьттарг стаг ву. Иза йу романан хьалхара мехалла. 19-чу бIешерийн Кавказехь хиллачу чолхечу хенахь нохчийн халкъан дахарехь кхоллабелла прогрессивни болам а, цу халкъан социальни кхетам кIаргбалар талла хаар а хета йаздархочуьнан кхиам.

«Маршонан цIарах» роман йекъало шина декъе, нагахь жимо пролог ца лерича. Хьалхарчу «Вешин весет» цIе йолчу декъехь дукхахьолахь нохчийн халкъан исторехь хилларг дуьйцу авторо. Кхечу кепара аьлча кхоллараллехь хила йезаш йолу исбаьхьалла кху декъехь кIезаго хетало, хIунда аьлча Абузара кхузахь хилла дерг турпалхойн вовшашца йолчу йукъаметтигаца гайта догIучу хенахь дукхахйолчу меттигашкахь цунах лаьцна ша йаздарна. Амма хьалхарчу декъехь хаалуш йолу авторан и описательность хьехна цунна романан темано, коьртачу декъехь и исторически хилларг нийса гайта гIерташ хиларо а. Цуьнца цхьаьна ала дезаш кхин цхьаъ ду: нийса хир дацара йаздархо деккъа цхьа исторически хилларг йаздеш соьцу аьлча. Романан хьалхарчу декъехь а ду масех васт, шайн исбаьхьаллин ницкъаца типически лара мегар долуш. Йуьйцучу заманахь хилла цхьадолу гIуллакхаш, халкъан хилла дахар, шина идейна йуккъехь хилла чолхе къийсам (цхьана агIор паччахьан Iедал, цуьнан колонизаторски политика, вукха агIор шайн паргIатонехьа къийсам латтош болу ламанхой) – иза дерриге а оцу типични долчу васташца, халкъан цу хенахь хилла болчу кхетамца гойту авторо.

Нохчийн литературехь, вайна ма гарра, хIинцале а цхьамогIа кхиамаш баьхна Айдамиров Абузара. Цуьнан арайевллачу повесташа а, романо а тоьшалла до иза ойла йеш йаздархо хиларна.

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО