Ца хууш кхаьллина хьач
- Подробности
- Опубликовано: 07.02.2023 15:29
Зайтемиров Сайдик
Сарралц кха тIехь болх бина, суьйренца цIа вогIуш вара Аюб. Хьоча тIехь цхьа хаза хьечаш гина, цергех хи тесна, дукха хазбелла хьоча тIера хьач баьккхира Аюба. Хьач биъна ваьлла, шолгIаниг баккха куьг кховдочу хенахь цIаьххьана дагаиккхира цунна, ша ца хууш неха керта йистера хьач а баьккхина, и кхаьллина хилар. Дукха холчу хIоьттира иза.



