Къинхетаме дог
- Подробности
- Опубликовано: 27.03.2023 12:28
Зайтемиров Сайдик
Iуьйранна малх схьакхетта, малхо шен зIаьнарш дуьнене йаржо зама йара, кIант Iуьйрре хьала гIеттина уьйтIа ваьлча. УьйтIахь набарха ваьлла дIасахьоьжучу кIантана цхьанхьа «маьу, маьу», – бохуш цициган мохь хезира. Кевнал арахьаьдира кIант, йуха жимма лахо ваьлча цунна гира инзаре ирча сурт, ши ког боцуш йуханехьа болар дан гIерташ йолу цициган кIорни. КIант цициган кIорнина йуххе вахана дIахIоьттича, эсала хьастадаларца, гIо доьхуш санна хаалора цо кIанте.



