Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Дадаев Сайд-Хьасан

– Адамийн йукъаметтигаш аьхна а, мерза а ца хуьлу вовшийн ларам беш дацахь, уьш и ларам ларбеш дацахь. Вайгахь вовшашка къинхетам кхуллург, вайгахь адамалла кхуллург ларам бу. Адамийн вовшашка ларам хила беза массо а меттехь, муьлххачу а хьолехь. Даима а. ТIаккхий бен вайн дахар беркате а, ирсе а хир дац, – дIадолийра Воккха-Дадас шен къамел.

«Мичара дIадолалуш ду ларам бар?», – хаьттира Iусмана, шен накъостаца цхьаьна леррина Воккха-Даде ларамах дерг дийцийта вeaна волчу.

– Адамаша уггаре а хьалха а, уггаре а чIогIа а ларбан безаш берг доьзал бу, кхерч бу. Дерриге а вочун а, дикачун а зIийдиг доьзалехь гучуйолуш йу, – геннара долийра къаночо. Делахь-хIета, ларам а доьзалехь кхоллабала безаш бу. Доьзалерчу хIоранна а хаа деза хьаьнца, хIун ларам хила беза. Доьзалан корта бу да. Цуьнга шатайпа ларам хила беза доьзалан ненан. Цо шен ларамца берашна а Iамо деза ден ларам бан. Муха? ХIусамда, хIинцца араваьлла чувеана велахь а, хIусамнана (берийн нана) дегI нисдеш ирахIотта йеза, цунна баьрччехь меттиг тойан а йеза, шен доккха гIуллакх кIелдуьсуш дацахь. Берашна хуур ду тIаккха шаьш гIовтта дезий а, цунна баьрччера меттиг паргIат йита йезий а. Ца хаахь нанас хьоьхур ду. ХIусамдега йистхилар кIеда-мерза хила деза. Дас берийн ненан ларам барна йукъадогIу гIиллакхехь вистхилар, бахьана долуш а, доцуш а хIусамнанна тIецачехар, вистхилар, чохь оьшург, дезарг хьахор, дагавалар, и.д.кх. Нагахь санна доьзалехь ден а, ненан а вовшашка ларам хилахь, бераша а ларам бийр бу ден а, ненан а. Ткъа ларам дIа мел Iуттучу куьйгаца, дIа мел боккхучу когаца хила безаш бу. Цундела оцу дерригенах а дийцина девр дац вай. Коьртаниг ду ларам безамна тIехь бен хила йиш цахиларх вай кхетар. Вовшашка безам боцчохь ларам хир бац.

Иштта, доьзалехь долчу берашна Iамо деза вовшийн ларам бан. Воккхахволу ваша (йиша) чувеача жимахволчунна (йолчунна) тIехь ду дегI нисдеш хьалагIаттар, «хьо цIавеа (йеа)», – аьлла, гIиллакхе вистхилар. Бераллехь дуьйна Iамо деза иза. Воккхахволчу доьзалхочунна Iамо а, марздан а деза жимахчун терго йан, дола дан. Ларам барх ду иза а.

Бер кхио, кхето атта дац. Хьалха а ца хилла, хIинца муххале а дац. Амма вай нохчий хилла чекхдовла лууш делахь, нохчийн гIиллакхаш марздан, тIамарх долийта деза берашна. Царна йукъахь ду вовшийн ларам бар а. Доьзалехь ден а, ненан а, йишин а, вешин а, воккхачун а, жимачун а ларам бан Iамийнарг, нахана йуккъе ваьлча цкъа а йуьхьIаьржа хIуттур вац, цунах беркат даьржар ду куьпахь, йуьртахь, кIоштахь.

Амма, нанас: «Витахьа и, воккха хилчахьана шена оьшуш дерг Iемар дара цунна-м», – бохуш доьзалхо кхиавахь, да-нана долчохь «доьхка хаьдда топ санна» Iуьллуш кхиънехь, цунах йа дена а, йа нанна а, йа цунна шена а йуьхькIам хир бац. Цунна нах лара а, ша ларийта а хуур дац. Уггаре а доккха далатохар хир ду цунна шен да-нана лара хуург цахилар. Кхиъна ваьлча, мацца даьлла а, доьзалхочунна шена а, цуьнан дена-нанна а бале дер ду иза, цунах байттамал хир ду. Вайн ницкъ кхочур бу и ца хилийта. Кхочур бу доьзалшкахь вовшашка массеран а ларам хилахь. Иштта хилахь вайн доьзалшкара ара диканиг бен дер дац. Диканиг, оьзданиг, гIиллакхе дерг хIора беро хIора доьзалера арадоккхуш хилахь (шеко йоццуш, иштта хила дезаш а ду) вайн йукъараллехь а хир ду вовшийн ларам бар, вовшашца гIиллакх лелор.

Вовшийн ларам бар лахделла, гIелделла догIуш санна хетта. Кхидерг ца хьехош, деккъа цхьа бакъдерг эр ду ас. Вайн некъашкахула машенашкахь дIасалелачара вовшийн ларам цабар кест-кеста хаало. И ларам цабар бахьанехъ, некъаин хьовзамаш а хуьлу, вовшашна ваьснаш а йо. Жиммп са а тоьхна, ларам бар хьалхадаьккхича, вайна йукъара кега-мерса дуккха а сакхташ дIадевр дара.

ТIаьхьарчу хенахь вайна хаало марзошний, несаний йукъахь хила богIу ларам лахбалар. Нус кхечу кертахь, доьзалехь кхиъна, шен дахаран ирс лоьхуш йеана марзахойн керта. Цунах уггаре а хьалха кхета дезаш дерг марда а, марнана а ду. Несан ларам муха бан беза цара гайта деза шайн берашна. Несаца йолу йукъаметтиг аьхна, кIеда-мерза, иза кхоош, кертах-цIийнах йолуьйтуш, кхерчан марзонан чам бовзуьйтуш хила йеза. Ларам йукъара дIа ца балийта, лам санна чIогIа собар, хьикматхочун хьекъал оьшу. Сихалло урх каралаьцча йухуш йу лараман гIап-чIагIо.

Марзахоша шен беш болу ларам гуш, церан кхин а чIогIа ларам беш хила йезаш йу нус. Мардеца, марненаца, маьрйишица, маьрвешица, кхечаьрца муха, хIун ларам хила беза хаар тIехь ду цунна. Иза цунна нанас хьалххе Iамийна хила дезаш ду, дIайаханчохь шен йоI тарлуш чекхйала лууш йелахь. Нус нехан цIен тIе шен «тур-тапча» цIахь дитина, шен амал-лаам йухаоьзна, марзахойн гIиллакхаш схьаэца кийча йолуш йахана хилча, царна йукъахь ларам хир бу, иза керла доьзалхо хилла дIахIуттур ю. Мардена-марнанна йоI хир йу, марвешина-маьрйишина йиша а хир йу. Сайн оьмарехь иштта доьзалш дукха гина суна. Уьш берриге а ирсе а бу. Безамний, ларамний тIехь кхоллабелла доьзал ирсе цахуьлийла дац.

Марненан а, несан а йукъаметтигаша, вовшашка болчу ларамо дерриге а шен-шен хорша дIанисдо. Цхьа а марнана ма йац цкъа нус хилаза а, несалла бохург хIун ду хааза а. Цундела цо, ша масал а гойтуш, доьзалехь вовшашка ларам хилийтаран хьал дIахIотто деза, хьеха тарлуш дерг несана а хьоьхуш, ала дезарг шен берашка а олуш. Вай хIинцца ма-аллара, марнана несана нана хила хьажа йеза, нус шен марнанна йоI хила хьажа йеза. ТIаккха оцу кертахь беркате xIy дебор ду несо. Вайн доьзалшкахь хилла а, тахана долуш долу а ниIмат ду иза. Хийла нус йу мардений-марнанний дика йоI хилла дIахIоьттина. Хийла марда-марнана ду несана дика да-нана хилла дIахIоьттина. Церан дахар беркате а, ирсе а ду. ХIунда аьлча, ларам бу царна йукъахь, баъал вовшийн безаш бу уьш. АлхьамдуллилахI! Вовшашка ларам болчохь кхечу кепара хуьлийла а ма дац.

ХIусамера арадовлий балха, гIуллакхе дIасадоьлху вай. Нахана йуккъе кхочу. Кхузахь билгалволу кхечуьнан ларам бан хууш верг а, шен ларам бойла лууш верг а. Цуьнан леларо гойту и дерриге а. Шен ларам бойла лууш волчо кхечуьнан ларам бо. Белхахочо куьйгалхочун ларам бан беза. Амма куьйгалхочо а бан беза шен куьйгалли кIелахь волчун ларам. Даржехь хиларо ларам бан безарх кIелхьара ца волуьйту. Мелхо а даржехь волчунна тIехь ду хьалха шегара ларам гайтар. Стенца гучудала деза адамаша вовшийн ларам бар? Уггаре а хьалха вовшийн Iуьйре, суьйре дика йеш, хьал-де хаттарца, салам даларца (куьйгалхочо хьалха салам далар гIиллакхехь ду), стаг тIевеача (хьайн белхало велахь а) дегI нисдеш хьалагIаттарца, иза охьахаийтарца, цуьнан хьаште-гIуллакхе хьажарца, кхечуьнца.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1