Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике

Милана Тамаева В Чеченской Республике проходят муниципальные этапы спартакиады по лёгкой атлетике среди обучающихся общеобразовательных организаций. В октябре победители...
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу

Лалита Дэниева У каждого человека есть учитель, которого он помнит спустя годы. Тот, кто однажды поверил в его способности, поддержал в трудный...
Город, который продолжает меняться

Город, который продолжает меняться

Раиса Тимаева За свою историю город Грозный пережил немало испытаний, но сумел сохранить свой характер и с каждым годом становится всё современнее и...
Чеченская Республика подвела итоги голосования

Чеченская Республика подвела итоги голосования

Иман Хамдиева 20 сентября Чеченская Республика завершила избирательную кампанию, продемонстрировав всей стране впечатляющий уровень гражданской...
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Исаков Наврдин Бирлант, нохчийн меттан, литературин  хьехархо Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Чеченские школьники соревнуются в лёгкой атлетике
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Учитель – тот, кто помогает найти свою дорогу
Город, который продолжает меняться
Город, который продолжает меняться
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Чеченская Республика подвела итоги голосования
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар
Урокан тема: «Йеха буьйсанаш» романан дакъош дешар

Дадаев Сайд-Хьасан

Шу къуьйсуш, вовшашна весаш йеш, вовшашца девнаш дохуш хилла лулахь вехаш волу Валид а, Ахьмад а. Тахана а къаьхьа къаьстина и шиъ. «Хьан комаран дитто тхан хесахь даима а IиндагI латтадо, дIадаккха и дитт. Ахь ца даккхахь, ас доккхур ду», – дIахьедира Валида.

– Хьо бакълоь-кха хьуна, ахь иза дIадаккхахь! ПIелг хьакхабел цунах, – тIечевхира Ахьмад.

– ПIелг а хьакхор бу. Диг тоьхна-тоьхна сайн кертана IиндагI латтош долу генаш охьа а хедор ду, – дуьхьал велира Валид...

Иштта, баганаш а лейина дIасавелира ши лулахо. Амма оцу дийнахь а, шолгIачу дийнахь а Валид комарна аьттехьа а ца вахара. Кхоам хийтира цунна дитта тIе латийначу комарех. Ша аьллачунна дохко а ваьллера иза. «ХIинца дIора жима а вац, лулахочуьнца тарвала хьажа веза со», – элира цо ша-шега.

Ахьмад а вацара лулахочуьнца йолчу йукъаметтигах воккхавуьйш. Иза а кхетара лула-кулахь шогалла, жахьталла дика цахиларх. Амма даго ца вуьтура, ма-дарра аьлча, шайтIано ца вуьтура лулахо къинтIера ваккха а, цо бохург дан а. Ахьмадан сацам хилира Воккха-Дада волчу ваха, цуьнга шайн йукъаметтиг дIайийца, цунах дагавала.

Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, ша беана некъ бовзийтира Ахьмада:

– Воккха-Дада, лулахочуьнца Валидца кест-кеста лералар хуьлу сан. ХIокху деношкахь а вайн кертахь долу комаран дитт бахьанехь вовшашна весаш йина охашимма. Оцу комаран генаша шен хесана IиндагI латтадо, ша и комаран дитт охьатухур ду боху-кх...

– Цо ма-бохху дуй тIаккха гIуллакх? Цуьнан бешахь стом-хасстом кхиорна новкъарло йой дитто? IиндагI латтадой?

– ХIаъ. Иштта-м дара иза. Делахь а, цуьнан хIун бакъо йу иза охьатоха?

– Дитт охьатоха бакъо-м йац цуьнан. Амма шен декъа тIера хьан комаран генаш дIахедо бакъо йу цуьнан. Уьш дIахедийча цо хьуна деш дерг гIуллакх а ду. Шу тIе дитт догIа магийна ма дац вайна. Иштта магийна дац лулахошна новкъа хиндолу хIума дан а. Девнаш даха муххале а мегар дац. «Генарчу вешел тоьлаш ву уллера лулахо», – ма баьхна вайн дайша. Дан а ма ду иза иштта. Ойла йехьа айхьа. Дика-вон хилча, уггаре а хьалха, хьуна йуххе дIахIотта везаш верг лулахо ма ву. Лулахочо лулахочуьнца доькъу дика а, вон а.

Вон деача, лулахочул хьалха доьллу ахь хьайн ков, цо дIачIаьгIначул тIаьхьий бен дIа а ца чIогIу. Цо санна Iаьржа а леладо ахь, цо дIадаккхалц.

Лулахочуьнга деанчу диканан дакъа а кхочу лулахочунна. Кхочу, нагахь санна уьш нохчийн Iадаташа а, гIиллакхаша а, бусалба дино а ма-хьоьхху лулахой белахь. Шен да-нана санна лара безаш бу лулахой. ТIаккхий бен хир бац уьш бакъболу лулахой, вовшашна геч а деш, вовшашка къинхетам а болуш, вовшех дага а бовлуш...

– ХIинца ас хIун дича бакъахьа дар-те?

– Ахьий? ЦIа ма-вахханехь, хаза кечам а бина, мовлад деша кхо-виъ стаг чукхайкха. Бер дахийтий, хьайн лулахо Валид а чукхайкха, къинтIера ваккха...

– Нагахь санна ца вагIахь хIун дан деза?

– Хьо-хьуо вахана, чувало веза-кх.

– И-м цахиндерг дара, со-м хьаха гIyp вац цуьнан неIар тIе цуьнга дехар дан! Ша Iачуьра хьалаиккхира Ахьмад.

– Охьахаал. Сих ма лол. Хьо шайтIа толо гIерташ воллу. ШайтIана луург ма даккхал. Вайга Везачу АллахIа гергарлонаш хотта, лулахойн сий-ларам бе ма боху. «Къематан доккхачу, халачу дийнахь, да-нана хаьттинчул тIаьхьа, лулахо хоттур ву», олуш, ца хезна хьуна вайн хьалхалерчу а, хIинцалерчу а Iеламнаха? Хьуна ца хезна Вайн Элчано – Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен луларчу жуьгтица лелийна гIиллакх дуьйцуш? ЛадогIахь. Ма хаза гIиллакх хилла-кх вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жуьгтица лелийнарг, иза шеца вон хиларе ца хьоьжуш.

…XIopa Iуьйранна Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вехачу керта нажжазаш кхуьйсуш хилла жуьгтичо. Цуьнга вист ца хуьлуш, уьш дIайохуш хилла цо. Цкъа цхьана Iуьйранна шен керта нехаш а, нажжазаш а кхийсина ца карийча, жуьгтин неIаре вахана Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Хьо хIунда веана? – аьлча, цо деллачу жоьпан ойла йехьа. «ХIинцалц санна ахь нехаш кхийсина ца гича, хьо цомгаш-м ца хилла-те аьлла, хьуна хIун оьшу хьажа веанера со», – аьлла-кх Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цул тIаьхьа жуьгтичо цуьнан керта кхин нехаш ца кхийсина. Шеца Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лелийначу гIиллакхо эхь хетийтина цунна, цуьнан даг чохь ийманан суй летта.

Ма чIогIа гIиллакхе хила дезар-кха вай вешан лулахошца, бусалба вежаршца. ХIун дара хьо цуьнан неIаре вахча, ахь и къинтIера ваьккхича? Далла гергахь лакхавалар доцург, хила эшам ма бац хьуна. Хьо сох дагавала веанехь, ас бохург дан деза ахь. Ас бохург дийриг ца хилча, со волчу ван а ма ца везара хьо. ХIокху йуьртахь кхин а ма бара хьуна баккхий нах а, хьекъале нах а.

...Хьо а, Валид а ийгIина, вовшашка вист ца хуьлуш, вовшашка хьал-де ца хоттуш, дика-вонехь дакъа ца лоцуш дIахIоьттича, шуьшиннан хIусамнаноша а изза дан дезар ду. Шун доьзалш а хир бац вовшашца уьйр-марзо йолуш. Кех арабевлча, уьш хьаьнца ловза беза, вовщашца ца левзича? Ойла йе ахь, Ахьмад! Ойла йе ахь! КIезиг хIума дац хьуна лулахо бохург. ХIокху харцдуьненахь а, эхартахь а лулахо бохург доккха декхар ду хьуна. «ЦIа эцале лулахо эца», – эрна ца аьлла вайн дайша...

Къора тийналла хIоьттира и шиъ волчу чохь. Ойланашка ваьллера Ахьмад. ХIинццалц хIокхунна маьIне ца хетта гIиллакхаш дара Воккха-Дадас дийцинарш. Дахаран дийнна Iилма дара цуьнан къамело хьехнарг. Дахаран Iилма дара кхунна а, кхечарна а схьаэца хиъчахьана. И Iилма маьхза дIалуш а дара вайн вовшашца йолу йукъа-меттигаш аьхна, мерза, кIеда, гIиллакхе хилийта.

– Воккха-Дада, къинтIера вала суна соьгара йаллачу ледарлонна, – тийналла йохийра Ахьмада. – Дукха хIума девзаш ца хилла суна. Со-ас хьалха а даьккхина, сайн сонталлина лулахочуьнца хила ма-веззара дика ца хилла со. Дела реза хуьлда хьуна со кхеторна, суна хьекъал даларна. Дала тхуна латтавойла хьо. Ахь пурба делча, хIинца аравер вара со. ДIавоьддушехь Валид волчу керта а вахана, иза сайна къинтIера воккхур ву ас. Йуха, ахь ма-аллара, мовлад доьшуьйтур ду...

Оццу хенахь чоьхьа ваьллачу Воккха-Дадин кIентан кIанта (Ахьмадан де дика а дина) хаьттира:

– Дада, йуург чуйан мегар дуй?

– Дера ду.

– Со хIума йууш Iийр вац, хьан пурбанца аравер ву, – элира Ахьмада.

– СагIанах ца кхеташ вохуьйтар вац.

– Дог дац.

– Дацахь а, цкъа-шозза кхаьллина а, ца кхоллуш ца вохуьйту, – элира Воккха-Дадас хадам боллуш.

Диама а цуьнан хIусамехь лелийна гIиллакх дара воккхачу стага шен берийн хенара волчу йуьртахочуьнца лелош дерг. Иза Ахьмадна а хаьара.

ГIиллакхаша хазйеш йу вайн йукъаметтигаш, чIагIдеш ду гергарлонаш, уьйраш. Цунна бIаьрла масал дара хIара кхерч а, цуьнан аьхналла а.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Для участников СВО

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1