Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран Департамент, Муниципальни бюджетни йукъардешаран хьукмат «Гимнази № 5» (Соьлжа-ГIалин МБЙХь «Гимнази № 5»)
Нохчийн меттан, литературин хьехархо:
Исаков Наврдин Бирлант
Нохчийн мотт. 8 класс
Урокан тема: Ма-дарра а, лач а къамелах йукъара кхетам (№ 61)
1.Урокан тайпа: ийна урок
2.Урокан Iалашо: Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор а; ма-дарра а, лач а къамелаца йолчу предложенийн цхьаьнацадогӀург гучудаккхар.
3.Кхочушдан лору жамIаш:
Личностни: къинхьегаме а, къинхьегаман жамӀашка а ларам хилар; шен хаарш къен хиларх кхетар, шен кхиаран хьесап хӀоттор.
Метапредметни: хьехархочун гIоьнца Iалашо кепе йалор; тайп-тайпанчу хаамийн хьостанашкара тера догӀу тӀечӀагӀдарш каро (цхьа ойла бакйеш йа харцйеш йолу);
Предметни: Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор а; ма-дарра а, лач а къамелаца йолчу предложенийн цхьаьнацадогӀург гучудаккхар.
4.Коьрта дешнаш: ма-дарра къамел, лач къамел, хьаьркаш
5.Базови кхетамаш: мотт, халкъ, текст
6.Урокехь дан лерина гIуллакхдаран некъаш:
- Хаарш зер (хаарийн актуализаци)
- Iаматца болх (бакъо йешар, шардар кхочушдар)
- Таблицица болх
- Схемашца болх
- desharkho.ru сайтаца болх (НЭШ)
- Маххадоран кехаташца болх бар (шаьш шайн маххадор)
БЛОЧНО- МОДУЛЬНИ УРОКАН СУРТХIОТТОР
БЛОК 1. Мотивацин-Ӏалашонан мур. Темина тIе вар, керла материал синкхетамца тӀеэцаран хьелаш кхоллар
Модуль 1.1. Проблемни хьал
Дуьнен чохь кхин хаза хIума дан а дуй-те аьлла хетар долуш, бIаьрг Iехош, дог хьостуш, хаза йеара лаьмнашкахь Iуьйре.
Адамаш гуттар хIунда ца Iа-те хьуьнхахь, ма хаза наб кхета-кха кхузахь, дегIо ма дика садоIу-кха» тийначу буьйсано набарха вузийна, тамехь хаза йеанчу Iуьйрено хьаьстина Бийболат самукъадаьлла хьоьжура гондIарчу Iаламе…
Ма хаза ду-кха хIара Iалам, Iуьйранна малх хьожуш, къаьсттана. Стенна оьшура адамашна вовшашца тIемаш, хIара хаза, башха Iалам дохор, хIаллакдар! Дуьне ца тоьу? Мохк ца тоьу? ХIокху йоккхачу стигла кIел меттиг йац массарна а ша-шега хеттарш деш, чолхе, хIинца а цкъа жоп доцу ойланаш а йеш, Чабол йолчухьа воьдура кIант.
- ДIайеша текст. Билгалдаха цадевза дешнаш.
- ХIара кийсак муьлхачу произведени йукъара йу? Мила ву автор?
- Оьшу сацаран хьаьркаш хIиттаде. Дийца царах лаций.
Дуьнен чохь кхин хаза хIума дан а дуй-те аьлла хетар долуш, бIаьрг Iехош, дог хьостуш, хаза йеара лаьмнашкахь Iуьйре.
«Адамаш гуттар хIунда ца Iа-те хьуьнхахь, ма хаза наб кхета-кха кхузахь, дегIо ма дика садоIу-кха», - тийначу буьйсано набарха вузийна, тамехь хаза йеанчу Iуьйрено хьаьстина Бийболат самукъадаьлла хьоьжура гондIарчу Iаламе…
«Ма хаза ду-кха хIара Iалам, Iуьйранна малх хьожуш, къаьсттина. Стенна оьшура адамашна вовшашца тIемаш, хIара хаза, башха Iалам дохор, хIаллакдар! Дуьне ца тоьу? Мохк ца тоьу? ХIокху йоккхачу стигла кIел меттиг йац массарна а?» - ша-шега хеттарш деш, чолхе, хIинца а цкъа жоп доцу ойланаш а йеш, Чабол йолчухьа воьдура кIант.
(Байсагуров Супьян. «Таймин Биболат» роман-эпопея, «Бийболатан тIай» дакъа)
Нехан къамел довзийтаран муьлхачу тайпанах пайдаэцна хIокху текстехь? (хийца ца хуьйцуш, ма-дарра далийнчу къамелах)
Даим нислой и къамел ма-дарра далор? (ца нисло, форма хийцарца кхечу йуьхьан цIарца алар нисло)
Ткъа цу къамелах хIун олу? (лач къамел)
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
Модуль 1.2. Ӏалашо хӀоттор
Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор; ма-дарра а, лач а къамелаца йолчу предложенийн цхьаьнацадогӀург гучудаккхар.
БЛОК 2. ГӀуллакхан мур
Модуль 2.1. Актуализаци йар, хаарш карладахар
Хаарш зер (тест)
- 1. Ма-дарра къамел олу:
1)хийцинчу кепехь
2)хийцаза
2.Диалог олу … адамо вовшашца дечу къамелах:
1)шина
2)кхаа
3.Ма-дарра къамелах лаьцна хаам беш долчу дешнех олу:
1) авторан
2) ма-дарра
- 4. Йозанехь ма-дарра къамел йаздо:
1)кавыкаш йоцуш
2)хьалха тире хIоттош
3)кавычкаш йолуш
5.Ма-дарра къамел авторан дешнех лаьтташ хуьлу:
1)хьалха, йуккъехь, чаккхенехь
2) хьалха, чаккхенехь
3) хьалха, йуккъехь
Вовшийн белхаш таллар. Маххадоран кехаташ тIе баллаш йахкар. (хIора тIедилларна нийса жоп - 1 балл)
Модуль 2.2. Керла материал карайерзоран дешаран гӀуллакхаш кхочушдар
Хьехархочун дош:
Нехан къамел довзийтаран синтаксически ши некъ бу – ма-дарра а, лач къамел а. Оцу синтаксически конструкцехь ши дакъа ду: цхьаъ – долор-текст кхуллуш волчун къамел, 2-гIа дакъа – хийцане а ца хуьйцуш далийна долу нехан къамел. Долор, коьртачу декъана, чекхйалаза йолчу цхьалхечу предложенех лаьтташ хуьлу, шайна йукъахь хIара хандешнаш долу: элира, хаьттира, дуьйцура, бийхира, хьахийра… Ткъа лач къамел, хийцинчу формехь далош долу къамел, муьлххачу а кепехь йолчу предложенех лаьтташ хила тарло.
Вайн маттахь муьлхха а ма-дарра къамел лач къамеле дерзало. Ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, цIерметдешнийн йаххьаш хийцало, цунах а, цуьнан башхаллех нийса кхеташ ца хилахь, ма-дарра къамел лач къамеле дерзорехь гIалаташ хила тарло.
ЦIерметдешнийн йаххьаш хийцайаларан таблица
Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор.
Луизас Заргане элира: «Тахана суна хьоьца школе деша йан лаьа».
Луизас Заргане элира, тахана шена цуьнца школе йан лаьа.
Билгалдаккхар: Нехан къамел авторо шен дош 1-чу йуьхье алахь, 2-гIа йуьхь ца хийцало, 3-чу йуьхье алахь, 2-чух а 3-гIа йуьхь хуьлу.
- Iайндис Рамзига элира: «Со сарахь шуьга вогIур ву».
Iайндис Рамзига элира, ша сарахь цаьрга гIур ву аьлла.
2) Iайндис соьга элира: «Со сарахь шуьга вогIур ву».
Iайндис соьга элира, ша сарахь тхоьга вогIур ву аьлла.
3) Iайндис, Рамзига а хьоьжуш, элира соьга: «Со а, хьо а, иза а конференце вохуьйту».
Iайндис Рамзига а хьоьжуш, элира соьга, ша а, со а, иза а конференци вохуьйту аьлла.
СадаIаран минот.
Iаматца болх бар. Схьайелла 43 параграф. ДIайеша бакъо.
Шардар 177. Схьайазйе предложенеш, ма-дарра къамел лач къамеле дерзош.
1)Кулсума эр ду: «ХIун дийр дара-теша ас, сайн шу ца хиллехь?» - ма-дарра хаттар.
Кулсума эр ду, хIун дийр дара-теша ша, шен шу ца хиллехь аьлла. - Лач къамелехь долчу хаттарх лач хаттар олу.
2)Эххар а ЯрагIис элира: «Ас а, сан йишас а Iедална гергахь бехказвоккху иза».
Эххар а ЯрагIис элира, ша а, шен йишас а Iедална гергахь бехказвоккху иза аьлла.
ХIун башхалла йу царна йукъахь?
РогIера тIедиллар. (Тобанашкахь болх)
Схемашца йогIу предложенеш хIиттайе. Ма-даррачу къамелаца хIиттийна предложенеш лач къамеле йерзайе.
«МКъ», - АД.
«МКъ, - АД, - МКъ»
АД: «МК.», - АД.
Дешархойн белхаш толлу. ХIора нийса йазйинчу предложенина 1 балл хIоттайо.
БЛОК 3. Рефлексивно-маххадоран мур. ЖамӀдар, цӀахь бан болх
Модуль 3.1. Ша шен маххадор, ойла йар
РогIера тIедиллар desharkho.ru сайт тIехь кхочушдо дешархоша.
Белхаш толлу. ХIора нийса йаздинчу дашна 1 балл хIоттайо.
Модуль 3.2. Урокан жамӀийн маххадор. ЦӀера болх
Хьехархочо берашна билгалонаш (оценка) йохку, дуьйцу иштта билгало хIоттайаран бахьана.
Рефлекси
Дешаран Iалашо: Ма-дарра къамел лач къамеле дерзор а; ма-дарра а, лач а къамелаца йолчу предложенийн цхьаьнацадогӀург гучудаккхар.
ХIун Iеми вайна?
ЦIера болх.
- 178-гIа шардар. Схьайазйе предложенеш. Ма-дарра къамел, кIел сиз а хьокхуш, билгалдаккха.
- 180-гIа шардар. Муьлххачу а цхьана дезачу дийнах лаций жима дийцар йазде, цу йукъа ма-дарра а, лач а къамелаш далош.


