Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Дадаев Сайд-Хьасан

РагIу кIеларчу кIедачу гIантахь, аьхкенан бовхачу махехь, набаран тap туьйсуш, хиъна Iа Воккха-Дада. Даима санна, хьийзош суьлхьанаш ду цуьнан карахь. Царах бIаьрг кхетча, Кунта-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) аьллера бохуш, дуьйцуш хилла цхьа хабар дагадеара суна: «Даима карахь суьлхьанаш леладелаш, уьш карахь хилча, буьртиг дIакарчоза а Iийр дац шу, иза дIакарчийча, АллахIан цIе ца йоккхуш а Iийр дац шу». Иштта, наггахь суьлхьанан буьртиг а карчош, дагахь АллахIан сийлахь цIе а йоккхуш, Iаш волчу Воккха-Дадин бIаьрг серлабелира со а, соьца цхьаьна тхан лулара ши кхиазхо а керта ваьлча.

Къоначарах самукъадолуш вара иза. Царна воккха стаг а везара чIогIа. Цо дуккха а хаза, хьекъале, пайдехь хIуманаш дуьйцура царна. Цкъа а дов ца дора. «Воккха стаг дов деш товш вац. Цуьнан Iаь хаза, кIеда хила йеза», – олура цо. Ша а вара иза иштта кIеда-мерза. Цундела бераш, кхиазхой, кегийрхой цунна тIегIертара. Цуьнга хаттарш дора, ийза а ца луш. Тахана соьца веана шиъ а вара цхьа хIума хаа лууш. Хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, нохчийн гIиллакхаш дукхадезаш кхуьуш волчу Хьасана (шина кIантах воккхах волчо) хаьттира.

– Дада, деца цхьаьна хIума йаа кIант цхьана шуьне хаар муха ду?

– Дела реза хуьлда хьуна, Хьасан. Цунах дерг-м хьан дас-нанас дийцина а, шаьш лелочу гIиллакхашца гайтина а дера хир дара хьуна. Делахь а, соьгара цхьа керланиг хаа, хаза лууш хоьтту хир ду-кх ахь.

Вайн дайша чIогIа лардеш лелийна доьзалш шуьне ховшоран гIиллакхаш, цара дахарехь лелош долу маьIна а хууш. Масала, нанас цкъа а шен бераш деца цхьаьна шуьне ховшош ца хилла. Тхан бераллин хенахь дага а ца догIура, деца цхьаьна охьа а хиъна, цхьана шуьнера хIума йаа мегар ду бохург. Дена шен хIотто беза кхача. Берана, доьзална – шен. МаьIне хIума ду иза. Уггаре а хьалха цуьнца дарйеш йерг ден а, беран (доьзалан) а йукъаметтиг йу. Да даима а хьаша санна хила везаш ву, цуьнга боллу сий-ларам а болуш.

Нанас уьш цхьана шуьне ховшо болийча хIун хуьлу цунах? Воккхалла – жималла дIадолу. Бер дена хьалха кхийда доладелча, багара йаккха а гIертар ду. Иза йукъара марзо, эхь-бехк, гIиллакх дIадаккхаран йуьхъ хуьлу. Ден ларам дIабоккху цо. Цхьаболчу доьзалшкахь дена хьалха кхача луш гIиллакх хилла. Цунна хьалха ца баларх хIума дац кхача, коьртаниг шен цхьанна биллар ду.

Нахана йукъахь маггане а мегар дац да а, нана а, доьзал а цхьана шуьне ховшар. Вайн халкъан эхь-бехкаца догIуш дац иза. Вайн гIиллакхца догIуш ма дац нахана йукъахь, ур-атталла, шен доьзалхочун цIе йаккхар а, хьастар-м хьеха а ма де. Ткъа цхьана шуьне ховша буьйлабелча и дерриге а хила герга ду.

Вайн дайша лелийна оьзда гIиллакх ду шуьне да а, доьзал а къаьстина хаар. Доьзалехь ден меттиг ларйар ду иза. Ден меттиг баьрчехь йу. И чохь а волуш доьзалех цхьаьннан а бакъо йац, баьрче ваьлла, охьахаа. Охьахаарх дерг аьлча, ден бакъо йоцуш охьахаа ца деза цхьа а бер. Иза а ду хаза гIиллакх.

Гой хьуна, Хьасан, дуккха а хIуманаш ду хIусамехь шун хIотторца доьзна. Уьш дерриге а дийцина вер вац. Коьрт-коьртаниг ас хьахий. Бакъду, тахана уьш лардеш боцурш а хаало вайна. Халахеташ делахь а, тIаьхь-тIаьхьа алсамбовлуш а бу и саннарш. Шун хIотторехь, шуьне ховшорехь тIеоьцуш керла гIиллакхаш ду, хьенан ду а, мичара ду а хууш доцу. Цо дака болх бийр бац.

Вай, хьалха хилла долу нохчий а долуш, даха лууш делахь, цара лелийна гIиллакхаш лелон деза. Вайн эзарнаш гIиллакхех цхьа а дац дIатаса мегар долуш, шен маьIна дан йиш йолуш. Вай дуьйцуш долу шун хIотторан а, шуьне хааран а гIиллакх а ду царах.

ХIара къамел деш цхьа хIума дагадеа суна. Хьалхуо, вайна йукъахь хилла ду иза. Цхьа къонах волчу хьаша воьссина хилла. ХIусамнанас кхача а кечбина, хьешана хьалха хIоттийча, церан жима бер, шуьнна тIе а деана, цу чохь йолчу хIуманна тIекхевдина (шена Iеминарг а, могуьйтуш хилларг а дина-кх цо). Хьешо тIара тоьхна, дIачовхийна кIант. Важа шен дега а хьаьжна, мохь тоьххна велха волавелла. ТIаккха хьешаца цхьаьна хиъна Iаш волчу хIусамдас аьлла боху: «Хьенех, ма вуон туьйхи ахь цунна. Вайн хIара цхьаъ бен ван а ма вацара», – аьлла. «Цхьаъ бен а ца хилча, иза мегаш а ца хилча, къа дац хьан?», – аьлла хиллера хьешо. Иза бакълуьйш а хилла. Кхин цул тIаьхьа хьешана хьалха хIоттийначу шун чу-м ца кхевдина кIант. И-м стенна дуьйцура, цуьнан тIаьхьенех долу бер а-м ца кхевдина. Вайна бевзаш бу и доьзал а, церан тIаьхьенаш а. Оьшучохь иштта а кхето мегар ду бер. Амма иза нийса ду ала ца гIерта со. Хьеше а ца кхетадойтуш, нанас ша кхето деза бер. И ду нийсаниг. Нийсаниг лелор вайна тIехь ду...

– Дада, деца цхьаьна шуьне хаа цкъа а мегаш дац цуьнан йоIана а, кIантана а? – хаьттира Хьасанца цхьаьна волчу Ахьмада.

– Ду. Дера ду. Дас ша ло шен доьзалхочунна и бакъо, иза кхиъна ваьлча, шена рицкъа а доккхуш, шен доьзал а болуш дIаволавелча. Бакъду, оцу хене ваьллачу доьзалхочо а, дас вита а ца витина, ша цуьнца цхьаьна шуьне хиъча, тоьллачех кхача шен дена хьалха татта беза. Иза хьалха тIекховддалц, цо «Бисмилла» даккхалц, йуучунна тIекховда ца веза. Цунна хьалха кхийда, цунна хьалхара кхача схьаэца мегар дац. Цунна хьалха ваьржина охьахаа ца веза. Дукха къамел дан а ца деза.

Стоьлаца йу марзо олу вай. Дений, кIантаний йуккъера марзо йац вай кхузахь йуьйцург, доттагIашний бевза-безачарний йуккъера марзо йу. Дений, кIантаний йукъахь, стоьло чIагIйан а ца оьшуш, марзо хуьлуш йу. И марзо ларйан хаа деза шуьнехь а. Бакъду, деца цхьаьна шуьне охьахиъначу кIантана цкъа а ша воккха-м ца хета. Дала болчарна латтабойла дай а, наной а. Цаьрца оьзда гIиллакхаш лело кIентий а, йоIарий а латтабойла… – дерзийра Воккхачу-Дадас шега динчу хаттаршна жоьпаш луш дина къамел. Цул тIаьхьа а цхьацца дуьйцуш Iийра тхо. Тхуна товш дерг дийца шортта цуьнан дан а ду. Цунна кIорда ца дойтуш, Воккха-Дадин Iодика йина дIадахара тхо, йуха а и волчу дахка болчу сатийсамца. Иштта хуьлу хIоразза а. ГIиллакхийн шатайпа хазна йу-кх иза, адамаш даима а шена тIеийзош.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1