Как агроклассы превращают уроки в практику

Как агроклассы превращают уроки в практику

Милана Тамаева В образовательной системе города Грозного последовательно внедряются новые подходы к профориентации школьников. Одним из таких...
Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Особенности детского лагеря «Горный ключ»

Иман Хамдиева Летний период играет особенно важную роль в организации отдыха, оздоровления и занятости детей и подростков. В это время акцентируется внимание на социальной...
Весенние ярмарки

Весенние ярмарки

Уроки щедрости и инициативы в школах
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики

Иман Хамдиева Для тысяч выпускников прощание со школой – один из самых волнительных и одновременно грустных моментов. В честь завершения учебного...
От прошлого к будущему

От прошлого к будущему

Школьники приняли участие в праздновании Международного дня музеев
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Иман Хамдиева Чеченский государственный университет имени Ахмата Абдулхамидовича Кадырова – федеральное государственное бюджетное образовательное...
Как агроклассы превращают уроки в практику
Как агроклассы превращают уроки в практику
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Особенности детского лагеря «Горный ключ»
Весенние ярмарки
Весенние ярмарки
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
Последний звонок прозвучал в школах Чеченской Республики
От прошлого к будущему
От прошлого к будущему
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего
Обучение в ЧГУ – начало большого будущего

Дадаев Сайд-Хьасан

Пхийттара ваьлла Воккха-Дадин кIентан воI. Мукъа волчу хенахь дедас даима а шеца цхьаьна вуьгура иза дикане а, вуоне а. Цундела кIантана цунах доккха беркат даьллера, йуьхьанца ишттачу меттигашка лелар кIантана аьрхо хеташ хиллехь а, къанойх самукъадалар кIезиг хиллехь а.

Цаьрга ладегIа, цара лелочун тидам бан воьлча цунна марзделлера шен дедеца дIасавахар. «Воккха-Дада, со волий хьоьца, со оьшур вуй хьуна?», – олий хоттура цо воккха стаг цхьанхьа ваха кечлуш хааделча. Дедас цкъа а «хIан-xIa» ца олура. Хьикмате вара иза. Хаьара кIентан дагахь дерг. Цо, тезета ваха араволуш, кIант шена тIаьхьа хIоттавора: «Хьо суна аьрру aгIop а, цхьа гIулч тIаьхьа а сацалахь», олий. Йуха, некъаца дIавоьдуш тайп-тайпана хьехамаш бора. «Мохьмад, тезе-тан гIиллакхаш жимчохь Iамо деза, воккха хилча Iемаш дац уьш. Жима волуш баккхийчара дечун, дуьйцучун тидам бича, иза иэсехь латтийча, Iемаш ду...».

Тахана а тезета ваха араваьллера и шиъ. Воккха-Дада, паргIатчу боларехь, Iаса а луьйзуш воьдура, лаьтта бIаьра а хьоьжуш. Цунна аьрру aгIop а хIоьттина, цхьа гIулч тIаьхьа вогIура Мохьмад, кест-кеста Дадин тидам а беш. КIантана хIинцале а хаьара вуон деанчеран керта кхаьчча ша дан дезарг, хаьара шен меттиг мичахь йу. Иза къийлалуш а вацара. Делахь а векхавелла а вацара. Кхоьлина вара. Цунна дагахь дара Воккха-Дадас дийцинарг: «Нехан вуоне воьдуш хиларе терра хила деза тIехь долу духар. Хаза дац дукха къегина вахар. Коьртахь куй йа пес хила йеза. КоьртаIуьйра нехан вуоне ваха мегаш дац. Цхьалхачу кучаца вахар а къобал ца до къаноша, пхьуьйшаш доцу коч йуьйхина вахар-м муххале а. Кога пошмакхаш туьйдина тезета ваха-м къонахчунна шена а эхь хета дезара.

Бусалба дино а, вайн дайн Iадаташа а тIедожош дац тезета Iаьржа бедарш йуьйхина вахар. Вайн гIиллакх дац иза. Kepста динера йа кхечу къаьмнийн гIиллакхашкара схьаэца хьийзош хIума ду.

Тезет долчу керта вахале, жимма соцунгIа а хилла, дIаса а, тIехьа а хьажа веза. Нагахь санна герга кхаьчна, тIевогIуш верг велахь, иза тIекхаччалц собар дан деза, иза вевзаш вацахь а. ТIекхаьчначаьрца цхьаьна ханна хьайл воккханиг йа Iилма алсамдерг велахь, иза хьалха а ваьккхина кадам схьаоьцучарна тIеваха веза. Царна тIекхача пхи-йалх гIулч йисинчу хенахь, саца а сецна, хьалхаваьллачо салам дала деза. ДоIа де баха ца оьшу. Кадам схьаоьцучо, тIевеанарг воккха стаг йа Iеламстаг велахь, доIадар цуьнга дIакховдадо: «Хьенех, ахь дехьа доIа», – олий. Цо «амин» аьлла иза йухадерзийча, бухахь волчуьнгахь дуьсу доIадар. ДоIа дина бевлча, тIевеанчо кадам бо. Кхелхинарг пхийттара ваьлла велахь: «Дала гечдойла, Дала кьинхетам бойла, Дала йалсаманин хьаша войла (йойла)...», – аьлла кадам бан беза. Нагахь санна кхелхинарг ворхIара далаза бер делахь: «Дала эхартана пайде войла (йойла) иза», – аьлла кадам бича кхачаме хир ду. Цул тIаьхьа тIевеанарг тезетан дайн куьг а лоцуш, кхета везачунна мара а кхеташ, чекхвер ву. Цул тIаьхьа шега хаа аьллачу метте охьахуур ву, дукха дехарш ца дойтуш.

Нагахь санна куьглацар а, маракхетар а вайн гIиллакхашца догIуш доцу нах тезетахь охьахевшина болчарна йукъахь белахь (гергарлонца, захалонца, воккхаллица), кадам а бина, йуьстах а ваьлла, дIахIотта веза йа хьайна билгалйинчу метте охьахаа веза.

Тезетахь нах охьаховшаран а ду шен гIиллакх. Iеламстаг, кадам схьаэца, коьрте хааво. Цунна йуххе ховшу къаной, Iеламнах, воккха-воккханиг аьтту aгIop, лакхахьа а хууш, ткъа кхелхинчун верасаш – тезетан дай – аьрру aгIop а ховшуш. И кеп ларйеш хилча тезета веанчунна хаьа верасаш муьлхарнаш бу, ур-атталла йуьртара, кIоштара воцучунна а ...».

Цундела, тахана Воккха-Дадина тIаьхьа а хIоьттина воьдуш волчу жимачу Мохьмадна хийра дацара тезетан гIиллакхаш. Цунна дика хаьара тезета воьдуш а, цига дIакхаьчча а ша дан дезарг. Дадас ма хьехнера цунна: «Къонаниг, кадам биначул тIаьхьа, баккхийчарна йуккъе охьахаа ца гIерташ, цара дуьйцург хезар долччу а ваьлла, дIахIотта веза. Вист а ца хуьлуш. Iеламнаха, къаноша беш болчу хьехамашка ладогIа деза. Цунах тIаьхьа, жовхIарех санна, пайда хир бу.

Куьйгаш хаьнтIе а дехкина, аркъал а теIаш, ког дIа а тесна йа кисанашка куьйгаш а доьхкина тезетахь латтар гIиллакхе а, оьзда а, товш а дац...». Дагара ца довлура кIантана Дадас аьлла и хьекъале дешнаш ша нехан вуоне кхаьчча. Даиманна а цуьнан иэсехь дисинера уьш, хIара гIиллакхийн зила тIехь сецош.

Тезет долчу керта кхачале кхин а масех стаг кхийтира кху шиннах. Царалахь уггаре а жиманиг Мохьмад вара. Цуьнга хьаьжжина, хIинца оцу тобанехь тIаьххьара а, аьрру aгIop а вара иза. Ткъа Воккха-Дада – хьалха. «Ассаламу Iалайкум», – аьлла, салам делира цо, хIорш тIебогIуш кхарах бIаьрг кхетча хьалагIевттинчу тезетан охIланашка. Салам схьа а эцна, йуьртан маьждиган имама: «Абубакар-Хьаьжа, ахь дехьа доIа», – аьлла, дехар дира, гIиллакх хIоттош. ХIокхо кховдо ма йезза цуьнга йухакховдийра доIадаран бакъо. Делахь а, шолгIа а шега дехар дича, Воккха-Дадас «АлхьамдулиллахI» аьлла, доIина куьйгаш лецира, ца девзачарна тезетан кхин цхьа гIиллакх а довзуьйтуш.

ДоIа а, кадам а биначул тIаьхьа, тезетахь доIа деш хиллачо: «Абубакар-Хьаьжа, схьаволахь, суна йуххе охьахаахьа», – аьлла, воккха стаг шена йуххе охьахаийра. ТIаккха бен охьа ца хевшира хIорш тIебогIуш гIевттинарш.

Мохьмад, кегийрхошна тIевахана, цаьрга кадам бина, ши куьг букъа тIехьа дахийтина, дIахIоьттира. Кхузахь а дагадеара цунна Дадас масех шо хьалха шега аьлларг: «Тезета ваханарг шега дагIо аллалц латта (Iан) веза цигахь. Дага ма деънехь, кех ваьлла дIаваха мегар дац. Шега «дагIо, Дела реза хуьлда хьуна, хьан зерат Дала къобалдойла, хьан декхар чекхдаьлла, вайн кхузахь кхин беш болх бац», – аьлча, йуха а кадам беш: «Дала декъалвойла (йойла), Дала ийманца собар лойла», – аьлла, дIаваха веза, корта таIIийна. Цкъа а, шозза а дIагIо аьлча а дIа ца воьдуш, «со жимма соцур ву», бахар вайн Iадатехь дац.

Кхин цхьаъ а ду. Хийра нах, кхечу йарташкара нах тезетахь дукха латтор а дац вайн халкъан гIиллакхашца догIуш. Уьш шен хеннахь дIабахийта беза. Ткъа уьш дIабахийтар иштта лелла вайн дайшна йукъахь. Хьалхарчу дийнахь веана хийраниг кхузза доIа диначул тIаьхьа (кхо тоба тIейеана доIа диначул тIаьхьа) дIавохуьйтуш хилла, кхин ца латтош. ШолгIачу дийнахь – «КъулхIа» а дешна. Ма-дарра аьлча, тезетан хьалхара де йуьртахойн ду. Оцу дийнахь кхелхинчун верасийн дан дезарш дукха хуьлу: маха байтар, каппарат даккхар, искъад дар, и.д.кх. Цундела церан хьешан, хийрачун ларам бан, тидам бан хан кIезиг хуьлу. Делахь-хIета, оцу хьалхарчу дийнахь Iад а Iийна, кхечу йуьртара, кIоштара, шахьарара нах тезета шолгIачу дийнахь бахар нийса лерина. ШолгIий, кхоалгIий денош хьешийн лерина ду...».

И дерриге а дика хууш волчу къоначу Мохьмадна дика гора цхьаберш, шаьш нехан вуоне даьхкина хилар дицдина, йуьстахбевлла, тобанаш йина лаьтташ а, вовшашна тIе а теIаш хабарш дуьйцуш а, шаьш хевшинчуьра гIовттий, кех буьйлуш, дIабоьлхуш а. Ханна кхул дикка баккхий бара уьш. Тезетан гIиллакхаш ца девзаш хуьлийла дацара уьш кхунна хетарехь.

Воккха-Дадас кхечаьрга олуш а дукха хезнера цунна: «Йуьртахь тезет даьллехь, сихха цига дIаваха веза. Орца оьшуш, вуон деана меттиг йу иза. Дан дезарш дукха хуьлу хьалхарчу дийнахь. Цигахь дакъалаца деза. Дан хIума дацахь а, дIагIо бохуш вуон деанарш а бацахь, хьо-хьуо могашалла галйаьлла а вацахь, маха бина баллалц а, докъа ламаз дина бовллалц а, кхелхинарг кешнашка дIаваххьалц а, цига дIаваьхьча, дIаволлалц a Iap мелехь, гIиллакхе ду. Оцу берриге а белхашкахь шен ницкъ кхочучу барамехь дакъалаца деза. Хьайна белхи беш ма ву хьо. Даима нехан керта догIуш а хир дац вуон. Мулкул-Мовт массеран а керта xIуттyp долуш ду...

Кхелхинарг дIаволла вахча, йуьстахваьлла, дуьненан къамелаш деш Iан мегар дац. Цигахь бан безачу балхахь дакъалоцур дацахь, кешнашка ваха оьшуш а дац. Цхьана шайннал йал хир йац цунна».

Баккъал а, нохчийн халкъан гIиллакхийн хазна йара Воккха-Дада. Иза Мохьмадна хиъна ца Iаш йерриге а йуьртана а хаьара. Цунах дагабовла кхечу йарташкара нах а оьхура. Тахана, лаьттах йайн Iаса а Iуьттуш, лаьтта бIаьра а хьоьжуш Iачу шен деден тидам беш Iаш волчу Мохьмада дозалла дора ша цуьнан кIентан воI хиларх. «АлхьамдулиллахI!» аьлла, Далла хастам бира цо. Йуха доIа дира: «Веза а, Сийлахь а волу Дела, тхуна дуккха а латтавехьа Воккха-Дада», – аьлла.

  • 1

Письмо солдату

QR-код ссылки на социальные сети газеты

Телеграм

Телеграм

Вконтакте

ВК

Мы в соцсетях

Новый номер

  • 1