Сайд-Хьасан Дадаев
Кхача бааран гIиллакхаш а ду, къепе а йу, лехамаш а бу бусалба динехь. Уьш ларбар муъманашна тIехь а ду. Цундела бовзийта лаьа царах цхьаберш. Кхача баа волалуш йа хи молуш, уггаре а хьалха «Бисмилла» даккха деза. Амма, хьо хIума йаа волавалале ойла йан йеза: «Меца вуй те со?» – аьлла. Делахь-хIета, мацвелчий бен кхача баа ца беза. ХIума йаа охьахиънехь а дукха йаа ца йеза. ТIех йаар гIиллакхехь а дац, могашаллина дика а дац.
***
Вуьшта, цIена, хьанал бу аьлла тешна воцчу кхачанах ларвалар гIолехь ду. Нагахь кхача цIена хиларан шеко йелахь, иза мелла а кIезиг баа хьажа веза, мацалло хьийзош велахь а. Ца ваьлла иза кхаллахь а дохковала веза, Делах эхь хета деза.
***
Иштта дегаза буийла аш хьарам бу аьлла чIагIдан йиш йоцу кхача а, нагахь санна шуна иза хьалха биллинарг исламан лехамаш буьззина кхочушбеш воцург велахь.
***
Дика дац хаддаза жижигах бина кхача баар а. Иштта дика дац шовзткъа дийнахь жижиган кхача ца бууш Iер а.
***
Цхьаьна биъча, иэбича могашаллина зен деш болу кхача а хуьлу. Масала, мегар дац чIара ма-биъна, шура мала йа шура мелча, тIе чIара баа. Иштта дика хир дац кхехкийна жижиг кхаьрзинчуьнца а, дакъийнарг керлачуьнца а иэдича.
***
Нагахь санна кхача кийча а белахь, хьо дикка мацвелла а велахь, тIехIоьттина ламазан хан а йелахь, парз ламазал хьалха хIума йаа йеза, ламазе хIоьттича йуург дагахь ца латтийта. Амма хIума йууш, ламазан хан тIехтилийта мегар дац.
***
Кхача баа масех стаг цхьаьна охьахиънехь, цкъа хьалха воккхачуьнга «Бисмилла» а даккхийтина, кхаллийта иза. Цул тIаьхьа кхача баар кегийчара дIадоло мегар ду. Цундела воккхачо йуучунна тIе ца кхевдаш дукха хан йалийта ца йеза, вукхаьрга йуучуьнга са ца тасийта а, хьалха хIоттийна кхача шел ца балийта а.
***
Кхача баар дIадоло а деза, чекхдаккхаа деза туьханан чам баккхарца. Иштта ду гIиллакх.
***
Нагахь санна кхача баа волалуш, виц а велла, «Бисмилла» даккхаза висинехь, йуха, кхача буучу хенахь ша «Бисмилла» даьккхина цахилар дагадеача хьайгара даьлла гIалат нисдеш, «Бисмилла» даккха деза.
***
Кхача аьтту куьйга баа беза. Йукъарчу щуьнера схьаоьцуш белахь, шена хьалхара схьаэца беза, диканиг а хоьржуш. Вуьшта, стоьмаш харжар магош ду.
***
Къаьсттина кхоам бан беза баьпган. Цуьнан цуьргаш Iено, хьеша магош дац. Бусалбанаша уггаре деза кхачанан сурсат лоруш ду бепиг. Даа волавалале бепиг, цастарш деш, шина куьйга декъа деза (хьокхам а, сискал а, туьканан бепиг а). Иза сих ца луш декъа (хадо) деза. Бепиг хьешашна хьалха дуьллуш делахь, и гIуллакх хIусамдас кхочущдо.
***
Хьокхам йа сискал уьрсаца ца хадайо. Дийннах хьокхамах цейеттар гIиллакхехь ца лору. Кхоллучу хенахь охьаэгна (стоьла тIера) цуьргаш схьалахьо деза. Уьш схьа а лахьийна, дIакхаьллича, ирс тIедогIу олу. Ткъа уьш дIакхийсар куралла, сонталла лерина.
***
Кхача меллаша, сих ца луш баа беза, дикка Iовша а Iовшуш. ТIех йовханиг, «xIyп» бохуш тIе мох а бетташ, йаагIерта ца веза. Собардан деза кхача шелбаллалц.
***
Йоккха бага а гIиттош бууш товш бац кхача. Кхаьллинарг Iаьвшина а валале шолгIа а йуучунна тIекхийдар хаза дац. Иштта хаза дац ах кхаьллина цастар йуха а хедар чу доллар.


