Зайтемиров Сайдик
Урокан цIе: «Хандешнийн хенашца хийцадалар».
Iалашо: Хандешнийн хенашца хийцадаларх йукъара кхетам балар, хандешнийн хенех болу хаамаш шорбар, церан хаттарш довзийтар, уьш вовшашца къасто Iамор;
Iамийнарг карладаккхар; йозанан а, барта а къамел кхиор; гIиллакх-оьздангалла Iамор.
Урокана оьшу гIирс: хандешнийн хенах лаьцна кечйина презентаци, тептарш, къоламаш, компьютер, экран, проектор, учебникаш, ловзаран кепана лерина кехаташ, урокан жамI даран гIирсаш.
Йукъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: дешархошна Iемар ду хандешнаш хенашца хийца, церан хаттарш хIитто, церан меттиг дашехь йовза а. Дешархошна Iемар ду учебникаца а, тобанашкахь а болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца, Iамийнарг карладаккха, гIиллакх оьздангалла.
Метапредметни:
Регулитивни: хьехархочун гIоьнца урокан коьрта Iалашонаш, тIедехкарш билгалдаха; уьш кхочушдарехь нийса некъаш каро; хуур ду шайн белхан план хIотто.
Коммуникативни: Iемар ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала; шайн хаарш масалшца тIечIагIдан; Iемар ду шайн оьшург хатта, вовшашца къамеле бовла.
ХIума довзаран: Iемар ду учебникаца болх бан, оьшу гIирс (материал) каро, цуьнах пайдаэца; ойлайар, тидам бар кхуьур ду.
Личностни: нохчийн меттан башхаллаш йевзаш, нохчийн мотт дика Iамо лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок дIайахьар
- I. Догдаийтаран мур
– Де дика хуьлда шун!
– Диканца дукха вехийла хьо!
– Охьаховша бераш, хIинца вай нохчийн меттан йиллина урок йу. Вайна урокехь оьшу гIирс схьаоьцуш кечамбе урокана.
- II. ЦIера болх таллар
– Муьлха шардар дара шуна цIахь кхочушдан делларг?
– Тхуна деллера 223-гIа шардар, агIо 114.
– Муха кхочуш дира аш и шардар?
– Оха кхочуш дийр и схемица йогIу ши предложени хIоттош, цул тIаьхьа къамелан дакъош къастош.
– Хьалхара предложени муха хIоттийра аш?
– Схемица долу хаттарин гIоьнца.
– ШолгIа предложени муха хIоттийра аш?
– ШолгIаниг иштта схеми тIе хьожуш цуьнан гIоьнца хIоттийра оху.
– Стенах олу хандош?
– Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо хIуманийн дар йа хилар гойту.
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Хандош предложенехь хIун хуьли лела?
– Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.
– Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Сказуемино хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Сказуемина кIел маса сиз хьокху вай?
– Сказуемина нийса ши сиз хьокху.
(Иштта йисина предложенеш толлу хьехархочун гIоьнца).
(Дешархоша бакъо схьайуьйцу).
Тобанашкахь болх
ТIедиллар: «Дайна элп караде».
– ХIора тобано тIадамийн метта дайна элп каро деза и каро дика хаа йеза вай хьалха Iамийна бакъо.
1-ра тоба:
…оьшу
…оду
…ху
2-гIа тоба:
…окху
…евзи
…еди
3-гIа тоба:
…огIу
…ерча
…ехка
4-гIа тоба:
…ийза
…оду
…окху
– ДIадеша шаьш йаздина дешнаш.
– Оцу дешнашкахь муьлха элпаш дихкина аш?
– Муьлха къамелан дакъош ду уьш?
– Уьш хандешнаш ду.
– Стенах олу хандош?
– Хандош –иза къамелан дакъа ду. Цо хIаманийн дар йа хилар гойту.
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Хандош предложенехь хIун хуьли лела?
– Хандош предложенехь сказуеми хуьли лела.
– Сказуемино муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Сказуемино хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Сказуемина кIел маса сиз хьокху вай?
– Сказуемина нийса ши сиз хьокху.
– Даладе масалш.
– ХIинца дIайаздо вай терахь, классера болх.
III. ЦIенайаздаран минот
Оха гулдо денна дечиг,
Уьш хадо оьшу тхуна ира … (херх).
Хасбеш тойой, охке,
Аса буьй цу тIе къон… (хох).
Чоьнаш луьйстий, цIанйой,
Денна ло ас сайн нанна… (Хазахетар).
– Херх, хох, хазахетар бохучу дешнашна хьалха муьлха аз а, элп а хеза вайна?
– «Х» аз а, эла а.
– Ткъа тахана вайга хьошалгIа муьлха элп деана?
– Хх
– Мукъа ду и йа мукъаза ду?
– Мукъаза ду?
– ХIунда ду и мукъаза?
– Багахула олучу хенахь хецна дIа ца алало дела, хIаваана новкъарло хуьлу дела, цундела ду иза мукъаза.
(Хьехархочо йаздаран бакъонаш гойту. Дешархоша тептарш тIе дIайаздо)
- IV. Iалашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар
– Уьн тIе дIайаздо.
– Ловзур ву, ловзу, левзира…
– Бераш, уьн тIе йаздина дешнаш дIадеша?
– Хьалхарчу дашо хIун гойту?
– Ловзур хилар гойту.
– Ткъа шолгIачу дашо хIун гойту?
– Ловзуш хилар гойту.
– Ткъа кхоалгIачу дашо хIун гойту?
– Левзина хилар гойту.
– Шуна муха хиира и?
– Церан хаттаршца.
– ХIун Iамор ду вай тахана? ДIайеша урокан цIе.
– Муьлха хаттар ду вай тахана талла билгалдаьккхина? ДIадеша.
– Бераш, тахана вайн урокан тема хIун йу аьлла хета шуна?
– Тахана вай урокан тема йу «Хандешнийн хенашца хийцадалар».
– Бераш, аш нийса боху, вай тахана урокан тема йу «Хандешнийн хенашца хийцадалар».
- V. Керла тема хьехар
1) Бакъо таллар.
– ДIайеша 116-гIа агIон тIера бакъо.
– Стенах олу хандош?
– Хандош – иза къамелан дакъа ду. Цо хIуманийн дар йа хилар гойту.
– Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин? хIун динера? хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Стенах олу хандешнийн хенашца хийцадалар?
– Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахан хан, йогIу хан.
– Хандешан маса хан йу.
– Хандешан кхо хан йу.
– Муьлханиш йу уьш?
– «Карар хан, йахан хан, йогIу хан» йу.
– Хандешан карарчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан карарчу хено хIун до? хIун хуьлу? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Ловзу, догIу.
– Хандешан йаханчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан йаханчу хено хIун дина? хIун дира? хIун дина? хIун динера? хIун дора? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Левзи, левзира, левзина, левзинера, ловзура.
– Хандешан йогIучу хено муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Хандешан йогIучу хено хIун дийр ду бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масал.
– Ловзур ву.
- 2. Хандешнийн хенашца хийцадаларан тидам бар.
– ДIадеша 227-гIа шардаран тIедиллар.
– Муха кхочуш дан деза вай и шардар?
– Хандешнаш схьа а лехна, церан хан билгал йан йезаш йу.
– Хьалхарчу могIанера хандешо муьлха хан гойту?
– Цо хандешан йахана хан гойту.
– ШолгIачу могIанера хандешо муьлха хан гойту?
– Цо а гойту хандешан йахана хан.
– Цунна муьлха хаттар хIоттийра аш?
– ХIун дина хаттар хIоттийра оха цунна.
– КхоалгIачу могIанера хандешо муьлха хан гойту?
– Цо а гойту хандешан йахана хан.
– Стенах олу хандешнийн хенашца хийцадалар?
– Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахан хан, йогIу хан.
– Хандешан маса хан йу.
– Хандешан кхо хан йу.
– Муьлханиш йу уьш?
– «Карар хан, йахан хан, йогIу хан» йу.
– Хандешан карарчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан карарчу хено хIун до? хIун хуьлу? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Ловзу, догIу.
– Хандешан йаханчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан йаханчу хено хIун дин? хIун дира? хIун дина? хIун динера? хIун дора? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Левзи, левзира, левзина, левзинера, ловзура.
– Хандешан йогIучу хено муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Хандешан йогIучу хено хIун дийр ду бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масал.
– Ловзур ву.
(Иштта йисна предложенеш толлу дешархоша хьехархочун гIоьнца).
- VI. СадаIаран минот
ХIай, вай садаIий жимма
Йуха а бан безаш ма бу вай болх.
ХIай, вай тхо-м ду реза садаIа,
Довла сихха тIаккха гIовта хьала,
Куьйгаш лекха ойъуш хьала шайн
Цхьозза шозза кхузза ховжа охьа.
(XIapa байташ а йоьшуш, цу тIехь дуьйцург до бераша хьехархочуьнца цхьаьна).
VII. Iамийнарг тIечIагIдар.
а. Тобанашкахь болх
Мила ву тидаме.
– Бераш, вай хIинца тобанашкахь болх бийр бу. Йаздинчу цIердешнашна улле маьIница догIу хандешнаш кхаа хенан хандешнаш доьхкуш, кхочуш де шайн тобанера тIедиллар.
1-ра тоба
Дада (воду)
Борз (угIу)
Етт (бедира)
2-гIа тоба:
Хи (молу)
Гуьйре (йогIу)
ЖIаьла (лета)
3-гIа тоба:
Ша (бешира)
Книшка (йешна)
Ло (диллина)
4-гIа тоба:
КIанта (доьшу)
Хьаша (дIавахара)
Нана (йеъна)
– ХIора тхьамдано шаьш девлча, шайн тобано йаздина хандешнаш схьадийца.
аь) Шаьш бен болх
– ДIадеша 226-гIа шардар.
– И шардар муха кхочуш дан деза?
– Хандешнаш схьа а лехна, церан хан билгал йан йезаш йу.
– Байтан шолгIачу могIанера хандош муьлха хан гойту?
– Цо хандешан карара хан гойту?
– Шуна муха хиира цо хандешан карара хан гойти?
– Хандешан карарчу хенан хаттарца хиира тхуна и карарчу хенахь дуйла.
(Иштта дешархоша кхин дисина хандешнаш толлу.)
VIII. Рефлекси
– ХIун керланиг девзи шуна тахана урокехь?
– ХIун хазахийти шуна тахана урокехь?
– Вай хIоттийна Iалашо кхочуш хилла аьлла хетий шуна?
– ТIейогIу урок муха хила лаара шуна?
– Шайна урок хазахеттехь самукъане смайлик хьалаайба, шайна урок хаза ца хеттехь гIайгIане смайлик хьалаайба.
IХ. Урокан жамI дар
– Стенах олу хандешнийн хенашца хийцадалар?
– Хандош хенашца хийцало. Цуьнан коьрта кхо хан йу: карара хан, йахан хан, йогIу хан.
– Хандешан маса хан йу.
– Хандешан кхо хан йу.
– Муьлханиш йу уьш?
– «Карар хан, йахан хан, йогIу хан» йу.
– Хандешан карарчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан карарчу хено хIун до? хIун хуьлу? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Ловзу, догIу.
– Хандешан йаханчу хено муьлхачу хаттаршна жоп ло?
– Хандешан йаханчу хено хIун дин? хIун дира? хIун дина? хIун динера? хIун дора? бохучу хаттаршна жоп ло.
– Даладе масалш.
– Левзи, левзира, левзина, левзинера, ловзура.
– Хандешан йогIучу хено муьлхачу хаттарна жоп ло?
– Хандешан йогIучу хено хIун дийр ду бохучу хаттарна жоп ло.
– Даладе масал.
– Ловзур ву.
Х. ЦIахь бен болх
228-гIа шардар, агIо 116.
– Текст схьайазйе, предложенешна йукъадалийна хандешнаш муьлхачу хенахь ду билгалде.


